ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровн гIоьнца маьждиг дан мега Воронежехь


Оьрсийчоь - Владивостокехь маьждиган хьалхара тIулг буьллуш даьккхина сурт. 30Манг2012

Оьрсийчоь - Владивостокехь маьждиган хьалхара тIулг буьллуш даьккхина сурт. 30Манг2012

Воронежехь маьждиг деш гIо дан дагахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цунах лаьцна Кадыровс хаам бира ша цу гIалахь визитаца волуш. Воронежехь бехаш болу нохчий лууш бу маьждиг дар меттигерчу Iедалшца а, бахархошца а бертахь дIадахьар.

Кху Марсхьокху-беттан 5-чу дийнахь белхан гIуллакхаш эцна Воронежехь хилира Нохчийчоьнан куьгалхо Кадыров Рамзан. Меттигерчу вице-губернаторца Увайдов Максимца кеманийн портера иза вахара нохчийн юкъараллан вовшахтохараллан декъашхошца цхьаьнакхета.

Ша Кадыровс шен Инстаграмерчу агIон тIехь хаам бира, цига баьхкина гIалахь а, махкахь а лоруш болу нах – Iилманчаш а, бизнесхой а, Iедалан урхаллийн белхахой а, юкъараллин жигархой а бара аьлла.

Цу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Воронежехь маьждиг дарх лаьцна хаттар. Кадыровс дийцарехь, цуьнца цхьаьнакхета баьхкинчу наха дехар дира цуьнга, «маьждиг дарца доьзна хаттар» къастош накъосталла дахьара аьлла.

"И Iалашонаш кхочуш ян мехкан Iедашца цхьаьнакъахьогур ду" шаьш аьлла яздина Кадыров Рамзана шен Инстаграмерчу агIонна тIехь.

Воронежехь бехачу нохчашна юкъахь дика вевзаш а, лоруш а ву кхиаме бизнесхо Хадизов Шамхан. Цуьнга дийхира Маршо Радионо Воронежехь бехачу нохчех лаьцна дийцар. Ша цигахь веха 40 гергга шо ду аьлла, долийра цо шен къамел.

Хадизов Шамхан:

Даймахках девлла шаьш дехаш хиларх, шайн дин а, дайн гIиллакхаш а дицдина бац Воронежера нохчий. Хадизов Шамхана дуьйцу.

Хадизов Шамхан:

«Независимая газета. Религии» газето яздарехь, дуьххьара Воронежехь маьждиг дан гIорьртира бусулба нах 1998-чу шарахь. Амма Iедалша бакъо ца елира иза дан, Нохчийчохь боьдуш тIом а болуш, иза дан мегар дац аьлла. Цул тIаьхьа 16 шо даьлла.

Нагахь Воронежехь маждиг дарх лаьцна меттигерчу Iедалшца барт хилахь шайн ницкъ кхочучуьнца гIо дийр ду шаьш бохуш вара Воронежера бизнесхо Хадизов Шамхан.

Хадизов Шамхан:

Воронежерчу зорбанан гIирсаша яздарехь, цу гIалара нохчийн юкъаралла кхоллаелла 90-гIа шераш чекхдолуш. Цуьнан таханалера статус ю юкъараллан вовшахтохаралла аьлла. Цуьнан куьйгалхо ву Носаев Iадлан. Кехаташна тIехь билгалбаьхначу нохчийн терахь ду 150 сов стаг.

Амма цу юкъараллан вошахтохар гIо дан кийча ю Воронеж махкахь бехачу массо а Нохчийн Республикера схьабевллачу нахана. Ткъа уьш ши эзар гергга стаг ву. Хадизов Шамхана дийцарехь, кхечу къаьмнийн векалшца вуно бертахь бехаш бу уьш.

XS
SM
MD
LG