ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн интернет-шпионаш баьржина Европехула


Иллюстраци - Дуьне а, компьютер а
Иллюстраци - Дуьне а, компьютер а

Оьрсийчоьнгахьа болх беш болчу виртуалан жигархоша эвсарбаьккхина шайн Европерчу пачхьалкхашкара болх. Иштта, Германехь цара хаамийн гIирсийн сайташ хьалаюьзна, Путин хестош, ткъа Украинера Iедал емалдеш социалан машанашкахь ечу комментарешца. Цул совнаха, экономикехь шайн айкханчалла а алсам даьккхина цара.




Оьрсийчоьнан айкханчаша тIаьхьарчу хенахь юхьарлаьцна долу герз – интернет-маша бу. Кремлана гергарчу юкъараллаша а, фондаша а комаьрша алапаш а латтош, эзарнаш виртуалан тIеман салтий бу Малхбузерчу хаамийн гIирсийн сайташкахь Оьрсийчоьнан а, Путин Владимиран а леламаш бакъбеш, ткъа Малхбузе емал еш, белхаш беш.

Кху деношкахь немцойн 3sat цIе йолчу телевизионан сайт цIена бакъонца холчу хIоттийнера Кремлан шпионаша, я, интернет лелочеран маттаца аьлча, троллаша.

Цу каналехь арайолучу „Културан хан“ цIе йолчу программехь Украинерчу хьолах шайна ца товш йолу репортаж гайтар бахьана долуш, цу айкханчийн тобанаша бIеннашкахь хаамаш буьтуш хиллера сайт тIехь, оьзда боцу мотт а буьйцуш, шаьш немцойн долчуха кеп а лелош.

„Европерчу фашистийн урхалла рогIера мацалла хIоттон гIерташ ю Малхбален Европехь“ бохуш яздора цара, ткъа Путинна а, йоллучу Оьрсийчоьнна а дуьхьал Малхбузехь дIахьош „маьттаза емалйаран кампанеш“ ю, бохуш, чIагI а деш.

И саннарг амма цхьана 3sat каналана дина ца Iа цара. Массо а аьлча санна бевзаш болчу хаамийн гIирсийн сайташца беш бу цу „гуш йоцучу фронтан“ бIаьхоша и болх. „Репортераш дозанаш доцуш“ цIе йолчу журналистийн юкъараллин векал волчу Мирр Кристиана цу хьокъехь билгалдоккху, и тайпа мехах комментареш язъеш болчу нехан тобанаш сел жигара хиларо а, уьш сел дукха хиларо а вуно боккха Iаткъам бан йиш ю хьежамийн а, дешан а маршонашна бохург.

Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахо волчу политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, Оьрсийчоьно иштта шен виртуалан машанехь жигаралла алсам яккхаран бахьанаш цуьнан ширачу империалистийн хьежамашкахь ду. Дуьне хийцадалар а, шен Оьрсийчоьнан меттиг цу керлачу дуьненанхь хийца ца елча ца йолуш хилар а къобал ца деш, Кремлан дай юхагIертарехь а ду.

Асхабов: „Тахана дуьне чIогIа хийцалуш ду вайн, геополитика а, идеологи а, дозанаш а – шен бух тIера дуьйна хийцалуш схьадогIуш ду. И оьрсийн пачхьалкхе, доллучу дуьненах дIа а тарйелла, дуьнено къобалйина йолу мехаллаш а, ламасташ а тIе ца оьцуш, шаьш дуьненна дуьхьал а хIиттийна, цхьа дуьненца къовсам лелон гIерташ схьайогIуш ю. Цундела и айкханчийн болх жигара баьккхина цара, дуьне шайна дуьхьал а хеташ“.

Масех кIира хьалха оьрсийн интернет-декъехь блоггершна гучудаьллера, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан хьукматхоша алапаш а луш, дийнахь а, буса а „политикаллин нийса“ комментареш интернетехь язъеш, къахоьгуш, дийна цхьа белхахойн штат хилар.

Баттахь мел кIезга а, 30-40 эзар сом цу тайпанчу виртуалан бIаьхочунна луш хилар а гучудаьллера, цара шаьш мел язйина комментарий а, и комментареш йолу сайташ а, царех шайна дела ахчанаш а – схьаэцна аьлла буха куьйгаш таIийна а долуш, - ткъа иштта церан цIераш а тIехь йолу квитанцеш а кара а кхочуш. Цхьана баханчу стигалкъекъа баттахь цу нахана алапашна 33 миллион сом дIасадекъна а хиллера Iедална гергарчу юкъараллийн белхахоша.

Политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь амма, цу кепарчу белхашкахь хIара аьлла керла, тахана юккъе даьлла хIумма а дац. Интернетехь ца хиллехь, - иза хIетахь кхоьллина ца хиларна, - амма вуьшта оьрсийн а, советийн а къайлахчу сервисаша даима а вуно боккха ницкъ а, ахчанаш а, гIирсаш а бойъуш хилла болх бу иза - идеологин болх, бохуш дуьйцу цо.

Асхабов: „Хьалха, Советан Iедал долчу хенахь, хаамийн гIирсаш а, нехан маршонаш а хIинца санна, яцара, вайна ма-хаара. ХIинца интернет а, хаамийн гIирсаш а хиларх терра, и хIума къайла ца доьду. Оьрсийчоь, хIетаъ-ветаъ, йоккха пачхьалкхе а хиларна, Малхбузенна дуьхьал лаьтташ хиларна а, царна и шпионаш алсам оьшу. Уьш церан болуш а бу-кх“.

Интернетехь троллийн болх барал совнаха оьрсийн айкханчаша кхин цхьа хIума а ду юхьара лаьцна. Цара Малхбузерачу Европера цхьацца адамийн бакъонаш ларйаран а, дуьхьалонан акцеш дIаяхьаран а, аьрро я пацифистийн хьежамаш болчу меттигерчу Iедалшна резайоцучу юкъараллех дIа а юьйш, царех шайн хьашташна пайда оьцу. Иштта, масала, баханчу баттахь Германехь пацифистийн демонстрацех дIа а кхетта, цара „Украинера фашисташ совцабе!“, „НАТОн Украинера агресси сацон еза!“ боху лозунгаш айъинера.

Ша Украинехь цара алсамъяьккхинчу жигараллин-м, тешна а, доза а, барам а бац. ХIора дийнахь аьлча санна гучубуьйлу цигахь оьсрийн шпионаш а. Иштта, ша журналист ву бохуш чIагIдеш хилла цхьа айкханча ахча дала гIерташ хиллера, Житомирехь украинхойн тIеман дакъошкахь видеояькхинчуна. Ткъа Харковехь ша цIа доцу, урамехь веха сагIадоьхург волуш санна лелачу вукху айкханчано тIеман дешаран тушпхьанан сарташ дохуш хиллера.
XS
SM
MD
LG