ТIекхочийла долу линкаш

Боксёр хиллачу немцойн имамана Фогел Пьерна хьехамаш бар дихкина Австрехь


Австри-Венера маьждиг, 20Заз2012.

Австри-Венера маьждиг, 20Заз2012.

Бусулба динна гонахь долу къийсадаларш шуьйра даьржина ду тIаьхьарчу шерашкахь Европехь. Цхьана агIор пачхьалхкхан массо а динца толеранталла лелоран политика, ткъа вукха агIор радикалан бусулбачеран тIеIаткъамах кхерар.


И ши а агIо ю, масала, Германехь а, Австрехь а Iедалийн бусулбачаьрца йолу юкъаметтигаш билгалйохуш ерг. Кху деношкахь немцойн уггаре а вевзаш волчу имамана Фогел Пьерна лекциш ешар дихкина Австрерачу Грац-гIалахь.

Къаьсттина Австрехь а, Германехь а дукха меттигера кегийрхой бусулба динна тIебоьрзуш хилар бахьана долуш а, ткъа бусулбаниш юкъараллехь жигара хилар бахьана долуш а, кест-кеста халонаш кхоллало меттигерачу Iедалшна хьалха, бусулба дин даржор Iалашо йолчу имамашца а, Iелам нахаца а муха юкъаметтигаш лело еза бохучу тIехь.

ХIора шарахь Германехь масех эзар немцочо бусулба дин тIеоьцуш ду. Царах, цу керлачу бусулбанех ву Европехь шуьйра вевзаш волу Фогел Пьер, бусулба дин тIеэцарца шена Абу Хьамзат, аьлла, цIе тиллина волу.

Кху деношкахь Австрерчу Грац-гIалахь цхьамогIа лекциш еша кхайкхина вара иза меттигерачу бусулбачийн цхьанатохараллаша. Амма Грацерчу Iедалхоша цуьнан лекциш йихкина, Фогел Пьер радикалан бусулба нахах ву, цо даржош долу Iилма кхераме ду, аьлла.

33 шо долчу Фогел Пьера 2001-чу шарахь им диллина. ХIетталц иза боксах латархо вара, профессионалашна юккъехь леташ а волуш. Ала догIу, Фогел Пьер ша профессионалан категорина юккъе ваьлчахьана цкъа а эшна воцуш, кхиаме латархо хилла хилар.

Ша Фогел Пьера - Абу Хьамзата ша бусулба динна тIе варах лаьцна дуьйцуш ша цкъа хьалха ша-шех тешаш вара бохуш дуьйцу, шен гIора а, ницкъ а дахарехь тоьар бу, аьлла, хеташ.

Юха, эскаре вахар метта, ша альтернативан сервисехь немцойн баккхийчу нахана Iуналла дан балха вахча, Германехь шаьш бисина болу, гIайгIане бехаш болу баккхийн нах дукха хиларх цецваьллера ша, бохуш, дуьйцу цо.

Фогел Пьер: ТIаккха ойла йира аса, цхьа маьIна хила ма-деза кху дахаран, цхьа хIума хила ма-деза, хIара дахар дIадаьлча хир долуш, аьлла. Цкъа хьалха буддизм Iамо волавелира со.

Амма цхьана дийнахь цхьа стаг кхийтира сох „Немцойн керста го“ юкъараллина юкъара. Хууш ма-хиллара, уьш бусулба динца вуно гома ма-буй. Ас цуьнца жимма къамелаш дира. Со масоо а нахаца тарлуш вара, тайп-тайпана доттагIий а бара сан. Цунна хетарг а суна мехала дара.

Цу сарахь со цIа веача, сайн йишин книшкашна юкъахь хилла йолу КъурIан маьIнийн гочдар тIехь долу киншка листа хIоьттира со. Со цецваьккхинарг а, йийсаре лаьцнарг а дара цу книжки тIехь Дела оццул хаза вийцар.

Бусулба дин тIеэцначул тIаьхьа бокс а йитина, дин Iамо волавелира Фогел Пьер. Цкъа хьалха Германехь, тIаккха Маккахь дин а, Iарбийн мотт а Iамийра цо. Ткъа 2006 шарахь дуьйна Берлинерчу Нойкоьлн кIоштарчу маьждигехь бусулба дин хоьхуш ву Фогел Пьер.

Карарчу хенахь Абу Хьамзат, я хьалхалерачу цIарца Фогел Пьер Европехь бусулбачу кегийрхошна юкъахь уггаре а сийлахь болчех динан хьехархо лоруш ву. Германехь а, Австрехь иза цIена бакъонца цхьана культ статус йолуш лара а мегар ду.

Абу Хьамзат гучуваьллачехь бIеннаш кегийрхой гулло цуьнга ладогIа а, цуьнан лекцишкахь дакъа лаца а. Иштта немцойн телевизионехь а кест-кеста хуьлуш ву иза, тайп-тайпанчу ток-шоушкахь а, интервьюшкахь а дакъа лоцуш. Бакъду, меттигерчу хаамийн гIирсашкахь цунах „цабезам баржош волу имам“ олу.

И бохург ду, Абу Хьамзата шен даIваташкахь делах тешаш боцучу нахе цабезам баржабо, ткъа иштта толеранталла хьоьшу, бохург.

Цул сов иза бехке во, цо йерриг Германи а бусулба дине ерза еза, аьлла, дийцарна. Фогел Пьера цу хIуманна керсталла до. Шен „Ялсамане кхайкхар“ цIе йолчу лекцишкахь иштта дуьйцу цо шен Германе а, Малхбузене а болчу хьежамах лаьцна.

Фогел Пьер: Германехь дуккха а дика хIуманаш ду, бусулба дино къобалдеш а, дика лоруш а. Инфраструктура, кхерамазалла, лоьрийн цIенош. Уьш дерриш а бусулба дино хастош хIуманаш а ду, оха къобул деш а ду.

Иза ду Малхбузехь а, Германехь а инзаре дукха дика хIуманаш ду бохург, бусулба динца цхьана догIуш а долуш. Амма иштта дуккха а кхин хIуманаш а ду кхузахь, бусулба дино емал деш долу во хIумнаш.

Зударий бохкар, эцар, я осал лелар, я къаьркъа малар. И хIуманаш оха емал до, уьш даиман а емал дар хIоранна а декхар а ду.

Фогел Пьеран лекцийн башхалла цо дукха чолхечу Iилманчийн маттахь а доцуш, массо а кегийрахой кхетачу, аттачу маттахь бусулба динах лаьцна дийцар ду. Цо хIумма а лечкъа а ца деш, социалан проблемаш а, бусулба умматехь карарчу хенахь йолу чолхенех а, кегийрхойн гIалатех а дуьйцу.

Цундела хета иза Германехь а, Австрехь а бехачу бусулба кхиазхошна а, кегийрхошна а шайна герга а, шайх кхеташ а. Ткъа хIинца Австрин Iедало цуьнан рогIера лекциш ехкар меттигерачу бусулба динца гома йолчу Маршонан партин векал йолчу Винтер Сюзаннин боккха кхиам санна тидахь а, тIейогIучу ханна и бахьана долуш Фогел Пьеран агIончийн терахь алсам дала мега, аьлла, хета.

ХIунда аьлча ишта а шаьш гIелонехь лоруш болчу меттигерчу бусулба кегийрхошна шайна дихкина долу Фогел Пьеран даIваташ а, цуьнан лекциш а кхин а чIогIа марзъяла мега.
XS
SM
MD
LG