ТIекхочийла долу линкаш

"Вагапов Асламбека ца ваьлла вийна хьаькам"


Волгоград-махкарчу Светлоярскехь къоштан куьйгалхо верна лаьцна нохчийн бизнесхо Вагапов Асламбек, Светлоярск, Товбецан-бутт, 2012

Волгоград-махкарчу Светлоярскехь къоштан куьйгалхо верна лаьцна нохчийн бизнесхо Вагапов Асламбек, Светлоярск, Товбецан-бутт, 2012

63 шо долчу нохчийн бизнесхочо Вагапов Асланбека Волгоград-мехкан Светлоярск-кIоштан да Крутов Николай тапча йиттина вер даьржина дуьйцуш ду бохам хиллачу меттигехь а, Оьрсийчоьнан дуккхаъчу зорбан хьостанашкахь а. Цхьаболчара бекхамхо санна бакъво Вагапов, кхечара бехкево зуламхо санна.




КIира сов хан яьлла Волгоград регионна чуйогIучу Светлоярск-кIоштан администрацин куьйгалхо Крутов Николай нохчийн бизнесхочо Вагапов Асланбека вийна. Цуьнан белхан меттехь, тапча йиттина, иза вийначул тIаьхьа, ша тIевахнера нохчо Iедалшна. ХIинца иза талламан изолятор чохь валлаш ву. Вагапов бехке во цо гамонна стаг верна.

Бехктакхаман артикалца оцу зуламна 6-12 шараш догIу набахтехь такха. Бохам хиллачул тIаьхьа юккъараллехь дийца долйира, 63 шо долчу фермеро кIоштан куьйгалхо веран бахьанех лаьцна. 1970-чу шерашкахь дуьйна, оцу меттехь болх беш схьавеъначу Вагапов Асламбекера ахча даккха гIерташ хилла, боху, Iедалш, коьртехь кIоштан да Крутов Николай а волуш. ТIаьххьарчу хенахь, шаьш нахера эцна долу латта схьадаккха хьийзош вара шайн да, бохуш ,дийцира Маршо Радиога Вагапов Муслима.

Вагапов Муслим: "И цхьа латта дара оха схьаэцна. Иза дола доккхург а, цуьнан кехат а кечъдийриг ахча дезаш бара-кх уьш. Дуьххьара 16 миллион доьхуш бара, юха оха Путине а, Медведевга а кехаташ яздинчул тIаьхьа, 10 миллион тIе охьабевллера. 3 эзар 280 гектар латта ду иза. ДIадоьш лелош латта дара. Цара тIе арест а йиллина, хIумма а дан йиш йоцуш, лаьтташ ду-кх иза. Юьртабахамерчу белхалоша, цунна тIе а баьхкина, дехнера цуьнга шайн лаьттан дакъош схьаэцар. Ца эцахь, шайгара иза уьш дIадаха мегаш ду,аьлла. Ишшта эцна латта ду иза.

Маршо радио: Оцу дийнахь хилларг хIун ду?

Вагапов Муслим: "Оцу дийнахь арест дIаяьккха езаш яра. КхоазлагIа кхел яра хила езаш. Тхан юристо, и гIуллакх лелочо, схьахетарехь, вай агIор сацам бийр бац кхело, кхин меттиг лаха еза вай арз дан, аьлчул тIаьхьа, ишшта бакъо лехарх гIуллакх хир дац, аьлла, араваьллачух тер ду-кх иза. Хилларг хилла даьлча, талламан комитетна ша тIевахана иза.

Маршо радио: Шу цигахь деха дукха хан юй?


Вагапов Муслим: " Со кхузахь вина ву. Сан 36 шо ду. 1975 шарахь схаьвеана ву иза кхуза. Кхуза муьлхха а журналист схьавеъча а гура ду-кх, 80 процент адам цуьнгахьа ду. Берраш а байъа безаш хиллера, иза даллалц, цара иза вита а ца витира, олу наха".

КIоштахь дукхачу нахана хууш хилла, Iедалша Вагаповг Асламбекера, болчу мехал шозза кIезиг мах а луш, и латта схьадаккха гIерташ хиллийла. Маршо Радиога иштта дийцира меттигерчу вахархочо Хахалев Александра.

Хахалев Александр: "Дика оьзда стаг ву. Цунах ала цхьа вониг а дацара. Цо тхуна гΙо дора ягочуьнца а, ахчанца а, тхо хенера довлийта. Цо важа вер бахьана – кхаьънаш бохура, латтанаш дΙадохура. ТΙаьххьара а, оха аьрзнаш а дина, лаккхара хьаькамаш баьхкинера, Волгоградера, латтанех жоп луш волу министр. Цигахь цо цуьнга а дийцира кхузара хьал. Цуьнан латта цунна тΙе ца яздора, кхелашкахула а лийлира иза. КΙоштан кхелехь и туьйлира. Кхечу суьдхочо сацам юхабаьккхира, тΙаккха мехкан кхело теллира. Йист ца яьккхира".

Светлоярск-кIоштахь тIеман а, белхан а ветеранийн юккъараллан куьйгалхочун гIовс волчу Рябов Валентина а лаккхара мах хадабо Вагапов Асланбекан.

Рябов Александр: "Наха тайп-тайпана дуьйцу, амма дукхахберш Вагаповгахьа бу. ХIунда аьлча, иза баккъал а наха лоруш вара, цо гΙо дора массарна а. ЦΙена стаг вара. Уггаре коьртаниг – къоштана дора цо гΙо, дарбан цΙенна а, зΙаьпа берийн бешана а. Крутов и санна, нахах дог а лозуш, дика стаг хиллехь, дика дара. Иза цхьана маьΙΙе дΙатаΙийнера. Жимчу кΙезано а ма йо дуьхьало, ша хьийзо даьккхича. Цара иза чΙана ваьккхинера. Кхело сацам бинера, нахера эцна латта дола даккха ца магадо цунна, иза Ιедало шен дола дΙаоьцу, аьлла. Иза акхалла ма ю, нахана тΙехь гΙело яр ма ду! Адам хотIехь лелаш вацара къоштан да".

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG