Вевзаш волу адвокат Мусаев Мурад кху тIаьхьарчу лаххара а иттех шарахь дакъалаьцна ву Оьрсийчохь массара а аьлча санна тидам тIебахийтина хиллачу бехктакхаман гIуллакхашкахь. 2006-чу шарахь иза тIехIоьттина вара оьрсийн эскархочо Ульмана а, цуьнан цIуьхIарша а зулам дарна эшам хилачу агIонна. Коьртачу декъана Мусаев Мурадан хаарш а, лаам а бахьана долуш маьрша нохчий байарна хенаш туьйхира Оьрсийчоьнан лерринчу эскаран тобанан декъашхошна.
Кадыров Рамзан ве гIоьртина аьлла лаьцна волу Батукаев Iумар дIахецийта а аьтто белира Мусаев Мурада. Нохчийчура кегийра нах бехказа а бохуш йирзира Политковская Анна йийна аьлла лаьцначу царна тIехь йина кхел.
Буданов Юрий вер хьокъехь хиллачу кхелехь бехккъасторхой эца гIортина адвокат Мусаев Мурад аьлла бехк-такхаман гIуллакх долийнера цунна дуьхьал прокуратуро. Ткъа хIинца и гIуллакх дIакъевлина. Дуьйцу Мусаев Мурада.
Маршо Радион хаттаршна жоьпаш делларг вара вевзаш волу Оьрсийчура адвокат Мусаев Мурад.