ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчура кхелан система йоьхна ю аьлла хета адвокатана Мусаев Iалавдина


Адвокат Мусаев Iалавди.

Адвокат Мусаев Iалавди.

Ставропол кIоштан муфтин гIовс волчу Байчоров Курман-Iелина тIехь кхел ю дIайоьдуш Кисловодскерчу суьдехь. Цунна бехке дуьллуш ду наркотикаш лелор. Байчоровн адвокатана Мусаев Iалавдина хетарехь цуьнца Iедалша лелочу харцоно гойту ерриг а Оьрсийчохь лаьтташ долу сурт.

Стохка гурахь Кисловодск гIалана йистехь лаьцнера Байчоров Курман-Iела. Машенца вогIучу цунна дуьхьал лилхинчу герзхоша, ара а такхийна, дегIаца таллам бинера. Цуьнгахь наркотикаш хилла аьлла бехке вина иза хIинца. Иза харц бехк бу аьлла хета и стаг вевзаш волчу нахана.

Байчоров Курман-Iела.

Байчоров Курман-Iела.

Байчоровн гIуллакх талламхошна а, прокурорашна а мел лиънехь а, тийна дIагIур доцийла гучуделира цхьа моггIа адвокаташ цунна гIо дан баьхкича. Оцу тобанна коьртехь ву воьвзуш волу юрист Мусаев Iалавди. Оршотан дийнахь йолийна кхел. Маршо радиога телефонехула дийцира цуо оцу гIуллакхах лаьцна.

Мусаев Iалавди: «ГIурбан кхолагIчу дийнахь, жижиг дIасадекъа араваьллачу хенахь кисана наркотикаш а кхиссина, чувоьллина ву и стаг. Цунна гIо дан арадевллаа ду тхо. Оьрсийчохь нийсонан кхелан система ян а юй теша бохуш лелаш ду тхо. Шайна луучу агIора цара чекхдоккхуш ду иза».

Байчоровца Iедалан цIарах лелачу наха лелон харцо шена юьйцуш хезна а яц боху адвокато Мусаев Iалавдис.

Мусаев Iалавди: «Кхунна дуьхьал долийна гIуллакх кху дуьненна тIехь низам доцучу меттехь санна дIадоьдуш ду. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, федералан кхерамазаллийн сервис а, меттигера Iедалш а ду цунна бехке».

Иштта, харцонан бух тIехь адаманна дуьхьал гIуллакх долийча иза тIейогIучу заманахь бIостанехьа доьрзур ду шайна Iедалшна. МогIарерчу нехан оьгIазло кхоллало бохуш дуьйцу адвокато Мусаев Iалавдис.

Мусаев Iалавди: «Кхузарчу Iедалийн Iовдалалла ю. Я оцу федералан центрна хIуьттаре ю кхара лелош ерг. Иштта лелош дерг бахьана долуш лаьмнашка оьхуш бу нах. Тахана Байчорован кIант ву, Ариф цIе а йолуш. 11 класс чекхаяьккхина цуо. Хьекъал долуш кIант ву иза. Ткъа, тахана цунна хIара Iедал муха дезара ду?»

Мусаев Iалавдийн кIант Мурад ву Оьрсийчохь а, дозаналла арахьа а, гIарваьлла адвокат. Политковская Анна ерах а, Буданов Юрий верах а долу ши гIуллакх дара цуо тIаьххьара дIадаьхьначарах. Иштта уггаре а хала гIуллакхаш аш тIелоцуш хилча, шуна хуьлуш буй Iаткъам, аьлла деллачу хаттарна иштта жоп делира Мусаев Iалавдис.

Мусаев Iалавди: «Дала схьаделла са, цуо дIа а оьцур ду. Вайна тIехь, ларвалар а, бахьанаш лелор а ду. Вай цIера схьаоьхуш ву Абубакаров Адам цIе йолу адвокат. Цуьнга хаам баийтина телефон тIе оцу юкъара тхо дIа ца довлахь, дукха жигара лелахь, цу стеган меттан набахте чугIура ду шу аьлла. ХIорш боьха хIуманаш ю, кхерам цаьргара буйла хаьа. Амма, озаделла, совцур дац тхо».

Байчоров санна наркотикаш лелийна аьлла, 4 шо хан а тоьхна, чувоьллина ву нохчийн юккъараллан жигархо Кутаев Руслан. Тахана-кхана цуьнан кхелан аппеляци хир ю республикан Лаккхарчу кхелехь луьстуш. Церан гIуллакхаш цхьаьна авторо хIоттийначу сценарийца хуьлуш ду аьлла хетало.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG