ТIекхочийла долу линкаш

Композитор, илланча Келоев Iиса (Швеци): Нохчийчоь яцахь, со а вац...


Швеци -- Iиса Келоев, композитор, илланча, дуккха а иллийн автор, 03Ман2013

Швеци -- Iиса Келоев, композитор, илланча, дуккха а иллийн автор, 03Ман2013

Декъастанарчуй, дуьненан цхьацца маьIашкахулий бехачу нохчий вовшашка йолу марзо совъяккха, царех тоьлла къонахий, мехкарий вовшашна бовзийта, вовшех дозалла дайта ойла йолуш, Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташна» тIера схьаэцначу дешнашца, «Шун оьзда гIиллакхаш – даймехкан безам бу» цIе тиллина рубрика юкъаяккха сацам бина «Маршо Радионо». Цуьнан декъехь вайн духьара дийцар хир ду Швецехь вехачу композиторх Келоев Ιисах лаьцна.



12 шо даьлла, дог дерриг а Нохчийчохь а лаьтташ, Келоев Iиса Швецехь веха. Цигахь цо кхуллу иллеш тов цΙерачу иллиалархошна. Масала, иштта локху Ιисас Германехь вехачу нохчийн поэтан Бисултанов Аптин дешнаш тΙехь кхоьллина вай ладоьгΙна «ΙиндагΙаш» илли Соьлж-ГΙаларчу Ахмадова Хьавас.


Iисага вай доьхур ду шен кхолларалла маца, муха, стенгахь кхиа йолаелла.



Поэташца алссам гергарлонаш латтадо Келоев Ιисас интернетехула а, телефонехула а. Туркойчохь вехачу байтанчин Амагов Доккин дешнашца иштта илли кхоьллина цо, масала.



Туркойчуьрчу поэта Амагов Доккас дозалла до шен композиторца Келоев Ιисаца тасаделлачу гергарлонах.



Иштта мах хадабо вайн децΙахь, Веданахь, вехачу, шен дешнаш а эшаре дерзийначу Келоев Ιисан а, цуьнан похΙман а поэта Яралиев Юсупа.



Иштта довха дош ала лиира Келоев Ιисах лаьцна, и санна, тΙаьххьара 8 шо ша Швецехь доккхуш, меттигерчу а, ингалсан а меттанашкахь шен тептарш арадохуш вехачу поэтна Юсупов Ιилманна а.



Дешан говзалле кхиинчу поэташа шех лаьцна мухха а дийцахь а, цхьа а куралла яц композиторан, иллиалархочун Келоев Ιисан шеца, цо тΙех доккха хΙума а ца лору ша дийриг. Иза нохчалла шегара ца дожийтархьама а, иза кхечеран амалшка кховдорхьама а веха.



Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG