ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь Iораяьхна полисхой байарна шеконехь болчеран цIераш


ГIалгIайчоь -- Талламхой Iожалхочо бомбан тIелатар динчохь болхбеш ду Малгобекан кIоштахь, Товбецан-бутт 2012
ГIалгIайчоь -- Талламхой Iожалхочо бомбан тIелатар динчохь болхбеш ду Малгобекан кIоштахь, Товбецан-бутт 2012

Даханчу мукъачу деношкахь Малгобекехь ДПС-на инспекторш байарна полисхоша шеконехь кхобуш ву 4 Малгобекан гIеранан декъашхо. Цунах хаамбо ГIалгIайчоьнан МВД-на пресс-сервисехь. Уьш бу 27 долу Нохчийчуьрчу Сунжан кIоштарчу Хациев Хьасан а, 3 ГIалгIайчоьнан Малгобекерчу кIоштан вахархо а – 29 шо долу Бекбузаров Мохьмад а, 31 шо долу Чербижев Микаил а, 34 шо долу Солтукиев Бекхан а.

Уьш хьалха дуьйна а Iедалша лоьхуш бара низамехь йочу герзанца лелачу тобанан декъашхой санна.

Ма-хаарра, дина тIелатар бахьанехь буьйсанна болхбеш хилла 2 некъан полисхо вийра Малгобекехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG