ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Синан гураш" карош дац Оьрсийчохь


Оьрсийчоь -- "ДоттагIаллан тIай" концерт, Москох, 2013
Оьрсийчоь -- "ДоттагIаллан тIай" концерт, Москох, 2013

Оьрсийчоьнан президенто цкъа мацах хьахийна хилла йолу къоман барт чIагIбо синан гураш хIинца гуттара чIогIа юхьаралаьцна ю Оьрсийчохь. Ткъа Малхбузерачу пачхьалкхашкахь хIун ю те къоман цхьааалла латтош ерг?

Путин Влалимирана багара мел даьлла дош омра санна юьхьаралоцучу Оьрсийчоьнан хьукматхойн керла дукхабеза дешанхIоттам хилла дIахIоьттина „синан гураш“, я оьрсийн маттахь аьлча „духовные скрепы“ бохург.

И хIун ю ксенофобино а, хийрачу къаьмнашка, къаьстина кавказхошка, болчу цабезамо а лаьцначу цу пачхьалкхехь, ма-дарра аьлча, цхьанна а хууш дацахь а, амма хIора а хьаькман аьлча санна карарчу хенахь багахь ду и дешнаш.

Германерчу Бертельсманан фонд цIе йолчу юкъаралло цу хIумнах бахьана а лаьцна, таллам бинера, дуьненан 34 пачхьалкхехь стев латтош ю те къоман цхьаалла бохучу хаттарна. Цара теллинчу агIонашна юккъехь яра, цкъа делахь, юкъараллехь вовшашца йолу социалан уьйраш мел чIогIа ю бохург.

ШозлагIа делахь, ша цхьана леринчу юкъараллин я къоман дакъа ду боху синкхетам тайп-тайпанчу пачхьалкхийн бахархойн мел кхиина бу, аьлча а, бахархоша шаьшна шайн махкаца мел идентицикаци йо. Ткъа кхозлаха делахь, юкъараллехь вовшашна белшаш гIортор муьлхачу тIегIанна тIехь ду а, церан барт мел чIогIа бу бохург.

Уггаре а тоьллачу тIегIана тIехь юкъараллин барт а, цхьаалла болу мохк Дани карийна Iилманчашна. Цунна тIаьхьа хIоьттина йогIуш ю кхин йолу Скандинавера пачхьалкхенаш а, - Норвегий, Финляндий, Швеций. Иштта иммигранташа кхоьллина ларалуш йолу пачхьалкхаш а, масала, Керла Зеланди я Канада, я Цхьанатоьхна Штаташ а, карийна аналисташна юкъараллин барт уггаре а чIогIа болчарна юккъехь.

Оьсрийчурчу хьолана тIедоьгIна Бертельсман фондан белхахой тешна бу, иштта атта, Путинна а, цуьнан бага хьоьжучу оьрсийн хьукматхошна а ма-моьттура, юкъараллехь барт чIагIбо, цу юкъараллех къам до гураш кхоллалур бац, аьлла. ХIунда аьлча, уггаре а хьалха и хилийтархьама оьшуш дерг – иза пачхьалкхехь стабила хьал кхоллар ду.

Иштта цхьана пачхьалкхехь дехачу адамашна шаьш вовшана гергара а, вовшашна мехала а хетийла, вуьшта аьлча, шаьш цхьа къам царна хетийта оьшучарна юккъехь талламан авторша билгалдоккху, цу махкахь нехан таронаш лакхарчу тIегIанна тIехь хила езаш хилар а, къечарний, таронерчарний юккъера доза дукха доккха ца хилийтар а.

Ткъа цуьнца цхьана пачхьалкхехь динан догмаш Iедало дукха чIогIа нахана тIе гIертош хилар, мелхо а, цу бартана новкъарло еш долу хIума карийна Iилманчашна.

Ткъа Оьрсийчохь нийса бIостанехь хьал ду. Юкъараллехь шуьйра яьржина динан я къоман бахьанашца хийранаш ца безар, уьш массо а хIуманна бехке хетар а. Иштта оьрсийн килс а, цуьнан арканаш а 20 миллион сов бусулба стаг вехачу махкахь коьртачу декъе тоьттуш ду Iедало. Ткъа къечарний, таронерчарний юккъера доза-м тIаьхьарчу ткъех шарахь хаддаза шорлуш ду.
XS
SM
MD
LG