ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн Къам Ша-башха Ца Хета ХIинца Нохчийн Депутаташна


Оьрсийчоь-- Абдурахманов Дукхваха, Нохчийн парламентан спикер, Москох зорбанан конференцехь,17Марс2009
Оьрсийчоь-- Абдурахманов Дукхваха, Нохчийн парламентан спикер, Москох зорбанан конференцехь,17Марс2009

Цхьа кIира хьалха сих-сиха Нохчийчу эха марзбеллачу оьрсийн националисташца республикерачу парламентехь цхьанакхетар хиллачу хенахь дагадеанера депутаташна, оьрсийн къам пачхьалкхан бух латтош долу къам ду аьлла, сацам тIеэца.


И хIума шуьйра даржийнера хаамийн гIирсаша. Оцу хьокъехь дIахьедарш дора нохчийн парламентан куьйгалхочо Абдурахманов Дукхвахас.

Амма нохчийн депутаташна мел лаарх и хIума кхочуш хир долчух тера дац. Оьрсийчоьнан премьер-министран Путин Владимиран цхьа дош а тоьира и сацам цаьрга тIе ца эцийта.

Политологашца шен хиллачу цхьанакхетарехь цо билгалдаьккхира и сацам оьрсийн къоманна пайденна хирг ца хилар. Нохчийчохь цаьрна хIун хета ца хаа шена, амма кхечу республикашкахь а, мехкашкахь а оцу хIуманна реза ца хила мега нах бохуш вара иза. Вай дукха сиха тIаме довла мега. ТIаккха цуьнах жоп хьа лура ду, бохуш хаттарца жоп делира Путина политологашка сагаттадойтучу оцу хIуманна.

Премьер-министран оцу дIахьедарна комментари журналисташа шега ехча, Абдурахманов Дукхвахас билгалдаьккхира Путин ца лууш шаьш цхьа а гIулч йоккхур яц аьлла.

Оцу хьоло нохчийн Iедалша йюьхькIайчу хIоттор дац аьлла, хета меттигерачу тергамхошна. Нохчий дIабоьлла республикан парламент тайнагийн барамехь хиларх боху цара.

Историк волу Сулейман реза вац кхин долчу кхъаьмнашна юккъахь цхьаъ айарна. Иза барт бохош хIума ду элира цо оцу хьокъехь вист хуьлуш.

Сулейман: «Къаьмнаш къесто дуьйладелча цхьаберш алсам бакъонаш йолуш, вуьйсуш кIезга бакъонаш йолуш хир ду. ТIаккха тIом хира бу къаьмнашна юккъехь. ГIело а хир ю цхьанний тIехь. Низамехь, конституцехь язийна ма хиллара, мьулххачу а стеган бакъонаш цхьатерра ю. Ишшта кхин дIа а хила дезаш а ду иза. Оьрсийчоь даиман а хилла ю дуккха а къаьмнаш дехаш».

Оьрсийчоьнан конституци йохорг хилар тидаме ца эцча а, атта хир дацара аьлла хета Сулейманна, оьрсий къам къасто. Цигахь кхин хаттар кхоллало, оьрсий бохург мила ву аьлла бохуш, кхин дIа а дийцира цо.

Сулейман: «Оьрсийн истори йолалуш оцу варягашна тIера дуьйна схьа дуккха а къаьмнаш долуш хилла ю Оьрсийчоь. Оьрсийн къам дуккха а, кхечу къаьмнийн цIийца дIаийна ду. ГIезалошца а, немцошца а. Масала, яздархойн классикаш схьаэцча а гуш ду иза. Тютчев а, Пушкин, Толстой а немцойн а , гIезалойн а орамаш долуш бу схьабовларца».

Студент волу Джабраил воккхавевеш ву нохчийн Iедалшна Путин Владимир авторитет хиларна.

Джабраил: «ГIазакхий нохчелла лакхара бу бохург иза нийса дац. Суна ца лаьа со лахара хетийта. ГIазакхашна дуьхьала волуш а ца боху аса иза. Вай низамаш тIехь бохуш ма ду, массо а къаьмнаш цхьа бакъонаш йолуш ду аьлла, цундела ша верг цхьатерра хила везаш ву оцу хIуманна тIехь. Парламенто и низам тIеэцнехь доккха питана хир дара. Дика хьан ду, цаьрна тIехьожуш Путин волуш а, цо аьлларг цара деш долуш а».

Нохчийн парламенто а, республикан куьйгалхочо а лечкъа а ца до шаьш Оьрсийчохь цхьана стаганна бен муьтIахь ца хилар. Цундела башха цецвала хIума дац цара и сацам цо аьллачулла тIаьхьа тIе ца эцча а. Путина цхьана хенахь ма-аллара котлеташ а, мозий а, къаьстина хила деза бохург дика дIалаьцна Соьлжа-гIалахь. Ишшта хеташ ву Салман цIе йолу Нохчийчуьра вахархо а.

Салман: «Цхьа жимма а гIазакхийн багар дош доллушехь, шайн кхетамехь шаьш диканиг до моьттуш аьлла иза. Цара нийса ду иза аьлча, юха а иза аьр а ду. Вайн пачхьалкх ма яц. ГIазакхаша аьлларг деш ду вай. Ас цхьанне а бехк а ца буьллу. ХIиц-пIицIалгаш лелор ду иза».

Iедалшна баккхийн хийцамаш хир бац гергарчу хенахь Нохчийчохь. Парламент а хIурттур яц урхалла карахь долчеран сакхташна терго ян. Цундела дукха сиха юха эцна нохчийн парламенто шай Iалашо. Оьрсийн Iедалшна муьтIахь хIинца санна, нохчийн Iедал хьалха а хиллехьара, эзарнаш нах а бойуш, хилла болу тIемаш хилла хир бацара, боху цхьаболчу наха. Уьш а цхьана агIора нийса луьш санна хетало. Амма бакъо толаре сатуьйсу цара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG