НАТО-н инарлин секретар хилла Расмуссен Фог Андерс шен штатехь воцу гIоьнча хIоттийна Украинин президенто Порошенко Петрос. Шен Фейсбукехь йолчу агIонна тIехь Расмуссена дIахьедар дина, цу даржехь шега далург дерриг а дийр ду ша Украинин кхерамазалла чIагIъян а, реформаш ян а, цуьнан Евробертаца йолу уьйраш чIагIъян а аьлла.
НАТО-н хиллачу куьйгалхочо сагатдойтуш ду боху Украинин кхерамазаллица доьзна хьал. Украино коррупцица къийсам боло а беза, реформаш дIайоло а еза аьлла хета цунна.
Расмуссен Порошенкон хьехамча хIоттор Оьрсийчоьнна йина мостагIаллин ишар ю аьлла дIахьедар дина оьрсийн Пачхьалкхан Думан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан декъашхочо Калашников Леонида.
Расмуссен Фог Андерс НАТО-н инарлин секретаран даржехь вара 2009-чу шарахь дуьйна 2014-гIа шаре кхаччалц.