ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура бизнесан рогIера къайленаш гучуяьхна Навальныйс


Оьрсийчоь -- Навальный Алексей кандидат санна дакъалоцуш ву Москохз мэран харжамашкахь, Марс25, 2013

Оьрсийчоь -- Навальный Алексей кандидат санна дакъалоцуш ву Москохз мэран харжамашкахь, Марс25, 2013

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазана дIахьедар дина республикерчу бахархоша хIинца дуьйна пайда оьцур берг «Вайнах телеком» мобилан зIенан кампани ю аьлла.

Цуьнан бахьана ду, Кадыровна хетарехь, «Россия 10» олучу уггаре а маьIне Оьрсийчоьнан симболш хоржучу къовсамехь «Мегафоно» а, «Билайно» а дагардина ца хилар цу юкъахь дакъалоцучу «Нохчийчоьнан дог» олучу маьждигана делла долу sms-кхаьжнаш. Амма Оьрсийчурча оппозицин лидеро Навальный Алексейс чIагIдарехь, цу сацаман бизнесца йоьзна Iалашо ю.

«Тахана дуьйна дуккха а Нохчийчоьнан бахархойн оператор хIоьттина «Вайнах телеком». Хаза цIе ю, хаза екаш ю. Тхо тешна ду цо вайна массарна а тешаме зIе латтор хиларх», -аьлла хаам бина Кадыров Рамзана ша бинчу сацамах лаьцна шен Instagram-ехь йолчу агIон тIехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, «Вайнах телеком» леочу нахана чоьхьара зIе тохар мехаза хир ду. Кхечу операторшца юкъаметтигаш лелочу абоненташка телефон тухуш хIора минотах цхьа сом 30 кепек йоккхур ю. Оьрсийчоьнан регионашка телефон тухуш мах хир бу 2 сом ах сом. Ткъа Iамерке телефон тоха аьтто хир бу, минотах сом а луш. Кхин дIа «Мегафон» а, «Билайн» а кхаба дагахь дац шаьш аьлла, хаам бина Кадыров Рамзана.

Интернетехь лелаш ю Кадыров Рамзана уггаре а маьIне Оьрсийчоьнан симболш хоржучу къовсаман юкъара «Нохчийчоьнан дог» олу маьждиг, бахьана а дуьйцуш, дIадаьккхинчул тIаьхьа Соьлж-ГIалахь яьккхина видео.

Мичара бовлу ца хууш, урамашка арабелла кегийра нах бу, цхьатерра тоьрмигаш чура хIоаш схьа а оьцуш, уьш «Мегафонан» а, «Билайнан» а компанийн офисашна тIе детташ. Амма дуккха а наха тидам барца, хулигашна дуьхьал яьлла яц полици а, эскар а, кхин йолу а дуккха а республикехь йолу ницкъаллийн структураш а.






Москох мэран харжамашкахь дакъалоцуш волчу Навальный Алексейс Кхаарин дийнахь зорбане яьккхина цу хиламан гонах йолу информаци. «Роспил» олучу Оьрсийчохь коррупцица къийсам латтор Iалашонца кхоьллинчу сайтан куьйгалхочо шен Livejournal-ехь йолчу блогехь дуьйцу «Вайнах телекомах» лаьцна шена карийнарг.

Навальныйс дийцарехь, ЗАО "Вайнах Телеком» кхоьллинана 2003-чу шарахь шина стага. Царахь цхьаъ ву Черхигов Рамзан. Ткъа важа ву бизнесхо Басаев Адам.

Цул тIаьхьа цхьа бутт баьлча Черхигов хIоттийна Гуьмс-кIоштан куьйгалхочуьнан когаметта. 2007-чу шарахь иза транспортан а, зIенан а министр хIоттийна.

Навальный Алексейс бинчу талламца, кху тIаьхьарчу кхаа шарахь «Вайнах телекомо» дакъалаьцна Оьрсийчохь тIаьхьарчу хенахь дIахьош йолчу I24 тендерехь. Царах 107-ннехь толам а баьккхина цу компанино, берриг а механ терахь 275 миллион сом а долуш.

Тендер, хууш ма хиллара, цхьа сурсат эцаран, я болх баран барт бар ду, иза дан луучу нахана юкъахь къовсам дIа а хьуш. Навальныйс дийцарехь, Нохчийчоьнан транспортан а, зIенан а министраллан ерриг а тендершкахь толам баьккхина "Вайнах Телекомо».

«Беламе ду, дуй, транспортан министро толам боккху транспортан министраллан тендершкахь»,- бохуш Iиттарш йо Навальный Алексейс. Таккха юьйцу и информаци Iора яккхаран шен Iалашо.

«Собаянинехьара кхаж тосий аша, таккха аша кхаж тосу Москох а, кхечу Оьрсийчоьнан регионийн а бахархойн ахча трансферашна чу доттарна а, моттаргIанийн тендершкахула Рамзан Сайд-ЭмиевичгIарна а, царна тхов латточу Рамзан АхмадовичгIаьрна дIадаларна», - бохуш яздо Навальныйс. Хан кхаьчна боху цо, Собянинца цхьаьна партехь болчу Нохчийчурча нехан кисанашкахула шайн ахча дIасадекъарна дуьхьал кхаж таса.

Навальныйс гулдина кехаташ ган таро ю цуьнан Livejournal-ехь йолчу блогехь. http://navalny.livejournal.com/85I425.html

Навальныйс кавказахошна, ша аьлча нохчашна уьш оьрсийн чоьтах бехаш бу бохуш дуьхьалдетта дуккха а хан ю. Националисташца шуьйра уьрйаш латтош ву и стаг, Кавказ кхабар сацо деза аьлла лозунг а айина. Москох гIалара 70 процент мигранташ арабохур бу ша бохуш вара иза кху деношкахь, ша мэр хIоттахь.

Нохчийчура а, ГIалгIайчура а, Дагестанера а нах бале бевлла Оьрсийчурча бахархошна бохуш, дIахьедарш а до Навальныйс. Цунна хетарехь, цу регионехь чолхе хьал а кхайкхийна, адамаш а, сурсаташ а, транспорт а цигара арялар дехка дезара. Цу юкъана гIезалой, я буряташ, я тувахой новкъа бац Навальныйна. Цара шена новкъарло ца йо бохуш вара иза, масала, «Эхо Москвы» радиостанцина ша еллачу цхьана интервьюхь.






Навальныйс хIитточу хаттаршна дала шен жоьпаш ду цо кху тIаьхьарчу хенахь шена оппонент хаьржинчу Кадыров Рамзана а. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, Оьрсийчохь оппозцици ян а яц, ткъа Навальный хабарча ву, шена дага мел деанарг яздеш а, дуьйцуш а волу.

Къаьмнашна юкъахь машар хуьлуьйтур боцу ойланаш Навальныйн хиларна дуккха а демократехьа болу а, либералан ойланаш йолу а нах реза бац Москох мэран харжамашкахь цунна шайн кхаьжнаш дIадала. Ма дарра аьлча, уьш бекъабелла бу.

Навальный дIоггара хила ма веза лидер вацахь а, цунна тIаьхьахIитта кийча бу Путинан режимана реза боцу нах.
XS
SM
MD
LG