ТIекхочийла долу линкаш

Вагапов Ιаьрбин нохчийн меттан дешнийн лугΙат арадаьккхира дахна шо довш «Кавказ» цΙе йолчу боламан гΙоьнца Тбилисехь, «Меридиани» зорбаналлехь. Иза дукха хенахь дуьйна къомана оьшуш хилла дошам Соьлж-ГΙалахь арахецна цахилар ду тамаше. Цундела делахь а, я ша Вагапов Ιаьрби йохк-эцархо а воцуш, Ιилманча хиларна делахь а, дошам юхкуш карош а яц Нохчийчохь.



Вагапов Iаьрбис кхоьллинчу дошаман шатайпа башхалла го говзанчаша, кхечу меттанашца дустарш а далош, цо дешнийн схьадовлар дешархочун кхеле диллар. Масала, «амат» дош, цо кхеторехь, цIена нохчийн дош ду, ткъа «асар» - "воодушевление, пафос" (оьрс.) бохучу маьIнехь - нохчийн матто Iаьрбийн маттера тIеэцна, Iилманчо чIагIдарехь. Иштта тIеэцна лору цо «бордал Iаьза» а (Iаьрбийн маттера), «баьчча» а, «атйокх» а (тюрк. м.) ,и кх. дI. а.

Вагапов Iаьрбис бинчу балхах дуьйцуш ву Нохчийчохь дика вевзаш волу байтанча, ненан меттан говзанча Яралиев Юсуп.

Яралиев: «Кхунна мотт хаар ду диканиг, ингалсан мотт а тIехь. Кхечу меттанашкахь а вайн дешнаш карадо Iаьрбина. ЧIогIа мехала бу, дуьхе кхиа а гIерташ, кхо бина талламаш. ХIинца и дешнаш кхетор кху лугIат тIехь нохчийн маттахь делхьара, дукха дешархой тIаьхьа ца кхиа а там бара. Кхо, гой хьуна, оьрсийн маттахь, ингалсан маттахь масалш а далош, дуьхе кхиаво. ХIара дошам ненан мотт ледара хуучарна а чIогIа пайдехьа ю.

Цуьнан дикалла а, башхалла а ю-кх, кхечу меттанашца дустарш а далош, лехаме вийлар. ХIара Вагапов Iаьрбин жарга, мах бан а боцуш, нохчийн къомана доккха совгIат ду. Iаьрби ша физик-математик ву. Шена и мотт безарна, яхье а ваьлла, сан мотт а ма бу Дала билгалбаьккхина, цхьа мотт аьлла, волавелла ву хIара. Ша математик хиларе терра, цунна кхечунна а цагург го. Массара а лелош болу, вай доьлла некъ бита а битина, хIара лугIат ца хIоттийча ца волучу хьолтIа ваьккхина хIара, дуккха а шерашкахь динчу тидам-зераша».

Iилманчаша-лингвисташа а, яздархоша а, ур-атталла историкаша а билгалдаккхарца, Вагапов Iаьрбис зорбане баьккхинчу балхо совнаха а тоьшалла до, нохчийн мотт вуно ширачех, хьалдолчех цхьаъ хиларан а, вайнехан эзарнаш шерашкахь дуьйна схьа кхечу къаьмнашца уьйр-юкъаметтигаш хиларан а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG