ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу Шарна кечлуш ду бераш а, ...полици а


Нохчийчоь -- Керлачу шарна лаьмнашкахь базанаш хедош бу бахархой, 25Dec2011
Нохчийчоь -- Керлачу шарна лаьмнашкахь базанаш хедош бу бахархой, 25Dec2011

Керла шо ду Юлианан рузма лелочу дуьненна тΙекхочуш. ТΙаьххьарчу хенахь маьΙ-маьΙнехь бусулба къаьмнашлахь яьржина лела Керла шо даздар керста гΙиллакх ду, иза даздойла дац бусулбанийн боху ойла. Амма хΙуъа а, мухха а делахь а, Нохчийчохь Керла шо даздар тΙкъадео цигарчу Ιедало.



Керла шо тIекхача кIира хьалха ,кху гIуран беттан 25-чу дийнахь дуьйна,чоьхьарчу гIуллакхийн урхалла чIагIдинчу хьелашкахь гIуллакх дан йолалуш ю аьлла, дIахьедар дина министаро Алханов Руслана. Шен куьйга кIел болу низамхой цо самоне бехар доьзна ду тIедогIучу керлачу шарца.

Нохчийчохь шо-шаре далар масийтта дийнахь даздеш ду, мел генара а дешархой, кхиазхой бIеннашкахь Соьлжа-гIала а кхуьйлуш, мехкан коьртачу базана гонах ловзарш а деш а, берашна совгIаташ а доькъуш. Официалан хьостано кхайкхорехь? цу ламаста юкъара долуш дац хIара тIедогIу Керла шо даздар а.

ХIинцале кегийчу адамашна дIасадекъа эцна охьадехкина ду 200 эзар сов мерза даарш чохь долу совгIаташ. Бакъду, тахана мехкан школашкахь цкъачунна билггал ала хIуьттуш бац, кхушара дешархошна маьхаза совгIаташ хир ду я дац. Нагахь хуьлуш хилахь, ах-ух хир ду те я массарна а кхочур те бохуш, саготта бу хьехархой а, дай-наной а.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчохь кест-кеста нисделла, бIеннаш эзарнашкахь совгIаташ деъна бохуш, официало кхайкха а деш, школашкахь хьалхарчу классашний бен дешархоша сел чIогIа сатуьйсу и совгIаташ ца кхачош. Изза хиларна кхоьруш бу кхушара а доьшийлийн хьаькамаш.

Мухха делахь а, ярташкашкарчу берий-дашархойн биста кхаччалц, вайнехан юкъараллин синтем ларбан, низамхой декхаре беш омра дина министро Алханов Руслана.

«Нохчийчохь, Керлачу шеран даздарш дIахьочу массо меттехь, адам мел долчохь полицин белхахоша къаьсттина тидам тIебахийта беза бахархойн кхерамазалла ларьярна, юкъараллехь къепе хилийтарна… Вай дуьххьала беш бац и тайпа болх. Вай цу балха тIехь зеделла а, дахчаделла а ду..» Цу кеппара дIахьедар дина низамхойн чIагIдинчу хьелашкахь гIуллакх дан боьхуш Алханов Руслана.

Керлачу шеран даздаршна кечамбарца цхьаьна севцца дац махкахь дIахьош долу лецарш а. Юха а рогIера вахархо лаьцна Соьлж-кIоштан Эха –Барзе эвлахь 19 шо бен хан йоцчу жимачу стагана бехке дуьллург ду чекхъяьллачу гуьйренан хьалхарчу, Гезганмашин, баттахь цо Iедало лохуш волчу цхьана тIемалочунна, кхача латтош а, низамхой лорх ца кхуьуьйтуш, къайлавоккхуш а аьтто бар.

Бехк болуш а боцуш а шайн юьртахь и тайпа лецарш Iаламат дукха хиларна могIарерчу бахархоша шеконца тIеоьцуш ду, гIаттамхошна гIо динарш а беш, шайн юьртахой сецабар. Цу могIарера хIума санна туьду юьртахоша рогIера кIант дIавигар а. Цара дийцарехь 19 шо долу жимстаг дIавигинарш оьрсийн ницкъаллин структурийн белхахой бу. Цу хьокъехь дуьйцуш ю Эха-Борзера яхархо.

Зулпат: «Уазикаш тIехь баьхкинарш оьрсий хилла. Нохчий а хилла хир бу цаьрца бан-м. Амма хIунехдина цIа мичахь ду бохуш, и кIант веха хIусам хиттинарш оьрсий бу. Социйлехь лаьттачу нахана тIе а оьхуш, хииттина цара цу кIентан цIийнан ноьмар….»

Зулпата дийцарехь, кIант дIавигинарш хIун структураш ю а, йийсар винарг мичахь ву а хууш ду цIерачарна. Цуьнца доьзна уьш дегайовха бу, боху Зулпата, цуьнан хьокъехь деш долу зераш дIадевлча, шайн кIант цIийнах кхетар ву аьлла.
XS
SM
MD
LG