ТIекхочийла долу линкаш

Керла хаамаш


Евробарт чΙагΙбан Греце яхна Меркель

Германин канцлера Меркель Ангелас, Грецехь дΙабоьлхуш протестан гуламаш а болуш, дийцарш дΙадолийна цигарчу премьер-министрца Самарас Антонисца. Европехь финансийн кризис йолаелчхьана дуьйна холчахь ехачу Греце яхна канцлер оцу пачхьалкхана Евроберто ахча дала тарлуш долу хьелаш дийцаре дан.
Цхьанакхетар дΙахьочу Афинерчу хьукматна гена доццуш, протестехь болчу наха, лелха шишанаш а кхуьйсуш, хоуьйту шайгара ял алсам яккхарца, къечу нехан хьал эшорца пачхьалкх крисизах хьалхаяккха Ιедал гΙертарна шаьш резадоцийла. 7000 полисхо вара шинарий дийнахь къепе ларъян араваьлла.

Нобелан преми физикехь

Физикашна франкахочунна Харош Сержаний, Ιаьмеркахочунна Винланд Дэвидний кхачийна Стокгольмо Нобелан совгΙат. Квантан оптикехь бу цара баьккхина кхиам. Цара шайн Ιилманехь хΙинццалц евзина йоцу къайле гучуяьккхаро аьтто белла дуьнентΙехь уггаре нийса сахьт арахеца. Иштта аьтто ло супер-сиха компьютер кхолла а.

Машарца дуьтур ду Саакашвилис дарж

Гуьржийчоьнан президента Саакашвили Михаила шеца цхьаьнца къамел динчу парламентан харжамашкахь тоьллачу «Гуьржийн сатийсам» коалицин лидерна Иванишвили Бидзинана дош делла, шен агΙоно махкара Ιедал маьршша дΙалур ду керлачу дайшка, аьлла. Шиннан хиллачу къамело гайтина, хаамийн гΙирсаша дийцарехь, Гуьржийчоьно кхидΙа а Атлантикан тΙеман альянсе кхачарехьа а, Европана герга хиларехьа а некъбийр буйла.

Маршо Радиох доглозучийн пикеташ

Москох Ιаьмеркан векалтна хьалха цхьалха пикеташ дΙаьяьхьна меттигерчу жигархоша Ιаьмеркан долахь йолчу Маршо Радион Оьрсийчуьра эфир яцъярна а, балхара дуккха журналисташ дΙа а бохуш, хийцамаш барна а дуьхьал. Пикетехь дакъалаьцначу 30 стагна юкъара лаьцна полисхоша журналист Филимонов Кирил. Маршо Радио Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо ахча луш еха. Кхоллаелла 60 шо хьалха оьрсий а, кхин къамнаш а Советан Ιедалан балех хьалхадаха хиллачу Ιалашонца. Цуьнан эфир яьржа 30 гергга меттанашкахь. Оьрсийчоьхь Маршо Радион болх лахбаро демократина эшам бохьу, аьлла хета Москохарчу бакъоларъярхошна.

Буданов вер нохчочунна тΙехь дуьсуш лаьтта
Москох талламхой зийна бевлла иттех шо хьалха нохчийн йоΙ Кунгаева Эльза ерна, набахтехь а Ιийна, араваьлла полковник Буданов Юрий верах долу гΙуллакх. ХΙинца иза прокуратуре кхаьчийна. Буданов верна бехке во Устрада-ГΙалин вахархо 42 шо долу Темирханов Юсуп. Талламчашна хетарехь, цо борххΙаза тапча тоьхна Будановна, цунах иза вала а велла. Темирханов бехке хиларан тоьшаллехь ву, боху талламчаша, массех стаг. Буданов цо вийна, чΙагΙдо талламчаша, шен 2000-чу шарахь эскархоша хΙаллаквинчу дена дуьхьал бекхам беш.
Соьлж-ГΙалин да Хучиев гΙентара воссийна

Нохчийчоьнан шахьаран мэр лаьттина Хучиев Муслим даржера вохийна мехкан Ιедалан хьалханчас Кадыров Рамзана. Оцу метте хΙоттийна керла стаг – Кадыров Ислам. Оцу хийцамах лаьцна шуна алссам хезар ду тхан программехь.
XS
SM
MD
LG