ТIекхочийла долу линкаш

Нохчо верх шеко йолуш шиъ оьрсийн шпион лору стаг дIалаьцна Истамбулехь


Russian Consulate in central Istanbul

Russian Consulate in central Istanbul

2015-чу шарахь лахьанбеттан 1-чу дийнахь Истамбулехь вийра нохчийн тIемло хилла волу АбдулвахIид Эдельгериев шен цIенна гергахь. Кху беттан 8-чу дийнахь Туркойн къайлаха сервиша а, полицино а цхьаьна операцехь дIалецира Абдулвах1ид вуьйш дакъалацарх шекойолуш шиъ оьрсийн шпион лору Александр Смирнов а, Юрий Анисимов.

Шиъ оьрсийн шпион лаьцна Туркойнчохь аьлла хаамбира Туркойн Habertürk газето. Туркойн къайлаха сервиша шек ю цу шимма нохчийн тIемло АбдулвахIид Эдельгериев вуьйш дакъалацарх. Рапорто схьадийцарехь, ах шо хан ийшира Къоман Къайлаха Вовшахтохараллина а, полицина а цхьаьнатоьхна операци кечъярхьама. 52 долу шпион лоручу Юрий Анисимов а, 55 долу шо Александр Смирнов а лецира, и шиъ керлачу шпионан белхан кечам беш, дIахьедо Хабертуьрко. Шпион лору и ши стаг реза ца хилира барт хоттачу хенахь низамхошца къамелдан. И шиъ цкъачунна ханна набахте чувоьллина.
Рапорташа дийцарехь, лахьанбеттан 1-чу дийнахь, 2015-чу шарахь Истамбулан Каяшехир кIоштахь, Эделгиреев вуьйш хенахь цунна тIе кIайн машен еара, цул тIаьхьа цунна зуламхоша герз а, урс а диттира. Полицин операционо гучудаьккхира гезгмашин 11-чу дийнахь Истамбуле кхаьчча хиллачу оьрсийн вахархочо Александр Насировс и машен мах белла, ханна лелорхьама эцна хилар. Ша Туркойчоьнехь волчу хенахь, хIора ши де мел долу иштта ханна лело ши машен оьцуш хиллера Насировс 11чу а, 16чу а гезгмашинн беттан юкъанна. Цул тIаьхьа машенаш Ялова олучу малхбузерчу кIоштахь машенаш дIахIитто меттигехь юьттуш хиллера цо. Насиров ша цхьаъ Iаш хиллера Истамбулерчу хьешан цIачохь. Иза Туркойн махкара гезгмашин 16чу дийнахь Истамбулан Ататюрк цIе йолчу аэропортера дIавахара.

Рапорто кхин а билгалдоккху полицино терго йинера Туркойчохь Насирован дIасалеларна бохуш. Иштта полицина гучуделира Анисимов а, Смирнов а Ялова олучу кIоштехь хьешан цIенна чохь шен-шен чоьнаш чохь Iийна хилар 2015чу шарахь гезгамашин беттан 11 денна тIера цу беттан 13 де тIекхаччалц. Цул тIаьхьа уьш Яловере Стамбуле кхечира. Яловехь и шиъ Султанахмет олучу туристийн кIоштан шина башхачу хьешан цIа чохь сецца хиллера гезгамашин 14 денна тIера цу беттан 16 де тIекхаччалц. Насиров тIакха цхьаьнакхийтира Смирновца а, Анисимовца а цу шинан хьешан цIеношна гергга.

Цкъачунна, Оьрсийчоьно зорбанан дIахьедар ца дина оьрсийн ши шпион дIалацаран хьокъехь. Оьрсийн Iедалан векалша ‘Раша Тудейга’ элира шаьш Анисимовца а, Смирновца зIенехь ду аьлла. Истанбулерчу оьрсийн консулато дIахьедира дIалаьцначу шина стага дарре ца до шаьш Эдельгериев вуьйш дакъалацарна. И шиъ юхха а Истамбуле охан беттан 4чу дийнахь веара, ткъа цигара машенахь Ялова вахара. Хабертюркан рапортан бечу хаамашца, и шиъ Яловера Истамбуле кхаьчча, полицино дIалецира. Талламхоша дIахаийтира и шиъ Туркойчоьнна харца паспорташ даьхна чувеана хилар. Цаьргахь шайца кхин а харца Интерполан тоьшаллин кехаташ дара; оьрсийн масех стеган Iедалан суьрташ дара, пхиъ буйнахь лело телефон а, флешкарташ а, Iамеркан долларш а дара.
Флешкартана тIера схьаэцначу информацино гучудаьккхира шпион хиларх шеко йолуш цу шимма машенаш дIахIитто меттигашна а, машенийн ноьмарашна а, кхерамзаллин камерашна а, хьешан цIийнан чоьнашна суьрташ даьхна хилар. Цул сов цара терго еш хиллера хIора сохьтехь кхерамзаллин камеран позицийна, царна суьрташ а дохуш. Полици хIинца флешкартана тIера дIаяйъина информаци меттахIотто гIерташ къахьоьгуш ю.

XS
SM
MD
LG