ТIекхочийла долу линкаш

Къибаседа Кавказан регионашна кхачош долу ахча дуккха а лахдийр ду, аьлла оцу федералан гонан гIуллакхийн министро Кузнецов Лева, хаамбина РИА Новости агенталло.

«Вайн регионаш доккхачу декъанна федералан субсидех, субвенцех ехара, федералан бюджетан структурашкахула уьш кхиор хIинца чIоггIа лахдийр ду», - аьлла Кузнецовс дIадаханчу шеран жамIаш дийцаредечу коллегехь.

Цуьнга хьажжина, шайн ницкъашца саяккхар ю мехкийн Iалашо, экономика дебор а, инвесторш карор а ду царна коьрта, бохура Къилбаседа Кавказан г1уллакхийн министро.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехкейира федералан центр цо мохк меттахIотто тоъал ахча ца ло, аьлла.

«Нохчийчоьнна таро яла еза шегга ахча даккхийта. Йохийна республика кхоччуш тойина яц. Тхуна Соьлж-ГIаланах Kавказан кегийрхойн центр ян лаьа. Оха Нохчийчоь кхиош, цуьнан ерриг а инфраструктура ю денъеш. Юьртабахам берриг а хIаллак а бина схьабелла тхоьга, иштта индустри а – хIумма а метта ца хIоттийна. Федералан центро тIом бирзича тIеэцна программа кхочуш ца йина», - дIахьедира Кадыровс.

XS
SM
MD
LG