ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчуьрчу исламан башхаллаш


Оьрсийчоь -- Цхьаболчу говзанчашна хетарехь, Путин Владимиран Iедалехь болчу нахана ламастан ислам Советан Пачхьалкхехь лелаш хилларг ду.

Оьрсийчоь -- Цхьаболчу говзанчашна хетарехь, Путин Владимиран Iедалехь болчу нахана ламастан ислам Советан Пачхьалкхехь лелаш хилларг ду.

ТIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоъхь шуьйра баьржина бу ламастан ислам боху кхетам. Иза лелош берш коьртачу декъана Iедалшна муьтIахь болу нах бу аьлла тешна бу цхьаболу нах.

Кхечарна хетарехь, ламастан ислам Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Iедалехь болчу наха леррина юкъадаьккхина ду, шайна цу кепара ислам Советан Пачхьалкхехь лелаш хилларг ду аьлла хетан дела.

Ши-кхо кIира хьалха дара иза. Валдай цIе йолчу клубан рогIерчу кхеташонехь вист хуьлуш Москох патриархатан арахьарчу килсашца уьйраш латточу декаън куьйгалхочо Волоколаман митрополита Илариона дIахьедар дира, Къилбаседа Кавказехь динан экстремисташа баккъалла а болу тIом болийна ламастан ислам лелочу бусулбанашца аьлла.

Цо далийначу терахьашца, тIаьхьарчу 20-х шарахь тIемалоша шайна дуьхьал вист хила ваьхьна аьлла Къилбаседа Кавказехь вийна 50 гергга муфтий а, имам а. Царах цхьаъ вара 2012 шарахь вийна Къилбаседа ХIирийчурча муфтийн когаметта Дударов ИбрIаьхIим.

И бохам хиллачу деношкахь Къилбаседа Кавказан бусулбанийн координацин центран гIантдас Бердиев ИсмаьIила дIахьедар дира, «массо а ламастан ислам» лелош болу диндай кхерамехь бу аьлла.

ТIаьхьарчу хенахь Оьрсийчохь къийсамийн коьрта тема а хилла дIахIоьттина «ламастан ислам» боху кхетам. Иштта, цунах кхетош, масала, леррина цхьанакхетар дIадаьхьира дукха хан йоцуш ГIезалойчохь.

Цигахь къамел динчу дешначу наха дийцарехь, "ламастан" бохург кхузахь дийца мегар ду элчано бусулба нахана масал гойтуш лелийнарг а, дуьйцуш хилларг а санна.

И хаттар хала долун дела оха бусулба нахе хаьттира, шуна муха хета ламастан ислам бохург хIун ду аьлла? Рамазан-хьажа бусулба Iилма доьшуш волу жима стаг ву. Цо иштта дуьйцу шена цунах хетарг.

Рамзан-хьажа:




Кебедов Iаббас Дагестанехь вевзаш а, лоруш а волу Iелам стаг ву. Республикерчу Iедалша тIемалой машаран дахаре юхаберзор Iалашонца кхоьллинчу комиссин декъашхо вара иза. Ламастан ислам бохург политикан кхетам бу аьлла хета цунна.

Кебедов Iаббас: «Суна нийса ца хета тахана ламастан ислам бохучу кхетаманна чудиллина долу маьIна. Дукхха а режимаш, дуккха а политикан системаш гIорта мега шайн Iалашонашка кхачархьтамма цу тайпачу терминех пайда эца. Амма динца цуьнан цхьа а юкъаметтиг ца хила а тарло»,

Цхьаболчу говзанчашна хетарехь, ламастан ислам Путин Владимиран Iедалехь болчу наха леррина юкъадаьккхина а ду, Кремлна ламастан ислам Советан Пачхьалкхехь лелаш хилларг а ду.

Делахь а, Кебедовс дийцарехь, бусулба нах Iедалан Iуналлехь латтон гIулчаш яьхнера Оьрсийчохь паччахьан Iедал долчу хенахь дуьйна.

Кебедов Iаббас: «Паччахь Iедал долчу хенахь а бусулба нахаца империн политика лелош хилла. Екатериана ШолгIа паччахь йолуш бусулба нах шайн Iуналлехь латто кхоьллира бусулба динан урхаллаш.

Цундела иза цара лелон дуккха а хан ю. Iедалш даиман а хуьлу шайн караэца гIерташ махкахь долу динаш а, къаьмнаш а - дерриге а. Ткъа бусулба нахана тIехь Iуналла деш пайда оьцучарах цхьаъ ду цу кепара терминаш кхоллар. Терминашца боьзна болу тIом а цхьаммо а дIа ма ца баьккхиний!»

Цу кепара, кхеташ ду, и хаттар мелла а кIорге хилар а, ламастан ислам бохург хIора а стага шен кепара тIеоьцуш хилар а. Iелам стага Кебедовс ма аллара, ламастан дин бохург хIун ду бохучу хаттарна жоп каро нахана оьшург ду дешан маьршо хилар а, хааршна тIекхача аьттонаш хилар а.
XS
SM
MD
LG