ТIекхочийла долу линкаш

Кху кIирнах Къилбаседа Кавказехь хилла цхьаболу бIаьрла хиламаш


Карта - Къилбаседа Кавказ

Карта - Къилбаседа Кавказ

Республикан куьйгалхо харжарх лаьцна долу низам тIеэцна Нохчийчурча парламенто. Юха а Закаевна луьш къамел дина Кадыров Рамзана. Халкъан чоьхьарчу гIуллакхийн министр хаьржина Дагестанехь Черновик-газетан дешархоша. Бакъонашларярхоша бинчу талламца, Къилбаседа Кавказерчу тIеман конфликтехь баханчу баттахь бохам баьлла 164 стагана.


Кхаарин дийнахь нохчийн парламенто тIеийцира республикан куьйгалхо харжарх лаьцна низам. Иза дан дийзира меттигерчу депутатийн Оьрсийчоьнан парламенто цу хьокъехь долу федералан низам тIеэцар бахьана долуш.

Цу кепара, Нохчийчоьнан куьйгалхо тIейогIучу хенахь бахархоша хоржур ву, Оьрсийчоьнан президенто хIоттор вац. Амма иза дац Нохчийчоьнан куьйгалхо хIотта дагахь волу муьлхха а стаг харжамашна юкъаваха аьтто болуш хир ву бохург, аьлла хета Къилбаседа Кавказехула аналист йолчу Фуллер Элизабетана.

Фуллер Элизабет: «Федерацин дакъойн куьйгалхой харжарх лаьцна низам дешча, гуш ду оппозицин цIарах волчу кандидатан аьтто хир ца хилар цу харжамашкахь дакъалаца. Керлачу низамца а догIуш, кандидат хила веза политикан партин цIарах, иза цу партин декъашхо вацахь а. Харжамашкахь дакъалаца лууш волчо 5-10 процент меттигерчу депутатийн куьйгаш гулдан деза шен дехарна къеллахь».

Еарин дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бира Закаев Ахьмад вара шега Оьрсийчу цIаверза шена гIодахьара бохуш, дехарш деш аьлла. Цо дийцарехь, Закаев воккхавевеш вара Нохчийчохь дикачу агIор хийцамаш хиларна. Цулсовнаха РИА «Новости» агенталло дийцарехь, Кадыровс цхьамоггIа Закаев сийсаз ван гIерташ долу хIуманаш а дийцира, иза шалхонча ву алар царах уггаре а гIийла а долуш.

Закаев Ахьмада иштта комментари йира цу хьокъехь Хьалхара Кавказан (ПИК) олучу телеканалана.

Закаев Ахьмад: «Цо дийцинчунна комментариш ян оьшуш ду аьлла, ца хета суна. ХIунда аьлча дуккха а дийцина цуьнах лаьцна. Замано гойтур ду мила мила ву. Буьззинчу барамехь Путинах возуш волчу стагана эхь ца хета, цхьаъ цхьаннах возуш ву баха, массерна а хууш доллушехь цуьнан дахар цхьана стагах дозуш хилар».

Дагестанера зобан гIирсаш дуккха а маьрша хилар хууш ду луларчу республикашкахь долчу хьолаца дуьстича. Уггара наха доьшуш а, лоруш а долчерах ду «Черновик» цIе йолу газет.

Цигарчу журналисташа кху кIирнах жамIаш дира шаьш республикехь чохьарчу гIуллакхийн халкъан министр мила хIото мегар дара аьлла, хIоттийначу хаттарна.
«Черновико» дийцарехь, берриг а цаьрга кхаьчнарг бара 10 эзар сов хаам.

Хаттаран жамIаш иштта ду. Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министр, вуьшта аьлча, халкъан министр хIотто веза Тупалиев Iумар аьлла, хеташ бу дукхах болу цу хаттарехь дакъалаьцна болу нах. ШолгIачу меттехь ву полицин подполковник Бибулатов Абдулрашид. КхоалгIачу меттехь ву полицин полковник Гаджиев Салих.

Нагахь цу тайпа таллам Нохчийчохь бича хьенан цIе йоккхур яра цигарчу бахархоша аьлла, ойла кхоллало кхузахь бохуш, дуьцу аналисто Фуллер Элизабета.

Фуллер Элизабет: «Кхузахь хаттар кхоллало. Нагахь санна цу тайпа таллам Нохчийчохь бича цхьа а кандидат карор варий-те 18 эзар сов болчу Нохчийчурча чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошна юкъахь, царна юкъахь хир варий-те цу министраллан коьрте хIотто мегар волу стаг олий».

Къилбаседа Кавказера тIеман конфликт бахьана долуш Стигалкъекъа-баттахь бохам хиллачу нехан терахь далийра пIераскан дийнахь Кавказский Узел интернет агенталло.

Цу терахьца а догIуш, верриг а цу хеначохь цу конфликтах бохам баьлла ву 164 стаг. Царах 50 стаг вийна, 114 стаг лазийна ву.

Уггара дукха эшам хилла нах бу Дагестанехь -144 стаг. Царах 40 вийна, 104 стаг лазийна ву. Цу республикехь вийна 17 полицин а, къайлахчу сервисан а белхахо. ТIемало хила мега аьлла, байинчу нехан терахь ду 21. Маьрша 2 стаг вийна, ларамаза тIематасадаларна юкъа а нисвелла.

Нохчийчохь 6 стаг вийна, 4 лазийна ву. Байинарш бу тIемалой бу боху нах. Лазийнарш маьрша нах бу.

Кавказский Узел агенталло билгалдоккху шаьш далош долу терахь дуьззина ца хилар.

Иштта бара кху кIирнах Къилбаседа Кавказехь хилла болу цхьаболу бIаьрла хиламаш.
XS
SM
MD
LG