ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчурча бахархошна герз лело бакъо яларна дуьхьала ву Кадыров Рамзан. Дагестанехь уггара маьрша хаамийн гIирсаш бу бохуш чIагIдо Магомедов Мохьмадсалама. Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолу президентан кхеташо кхоллар нийсачу агIора яьккхина гIулч ю аьлла, хета эксперташна.


Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан вице-спикер волчу Торшин Александара кху деношкахь хьалхатар динера, нагахь пачхьалкхе шен махкахой лар ца балахь, царна герз лело бакъо яла еза аьлла. Кху кIирнах Кадыров Рамзан дуьхьала вист хилира цу гIулкхана. Амма цо иза пачхьалкхан аьтто бу махкахой ларбан бохучу, бух тIехь ца дира. Иза Iедалшка далуш ца хилар гойтуш ду Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а, тIемалой бу бохуш цIераш а тохкуш, маьрша бахархой бойуш хилар. Кадыровс далийна долу бахьана дара Оьрсийчурча бахархошна герз лело ца хаарца доьзна.

Кавказехула говзанча йолчу Британерчу аналистан Фуллер Элизабетан йоцца комментари.

Фуллер Элизабет: «Кадыровс юха а тIечIагIдира Нохчийчоь Оьрсийчоьнан цхьа дакъа санна юсуш хилар. Амма бахархошна герз лело бакъо яла еза бухучух лаьцна цо динчу дIахьедаро гойтуш ду, цо башхалла еш хилар герз лело хууш боцучу, ткъа иза ишттта хилча царна и бакъо яла ца езачу Оьрсийчурча бахархошна а, кхин хьал долчу Къилбаседа Кавказерчу бахархошна а юкъахь.

Нагахь Торшина герз лело бакъо яла еза аьлла, далош долу бахьана а, Кадыровс цунна дуьхьала дуьйцург а вовшахтоьхча, гуш цхьа хIума ду. Къилбаседа Кавказехь бехачу нехан (Оьрсийчурча кхечу меттигех иза хьакхалуш дац) бакъо хила ца еза, масала, шайна тIелатар динчу ницкъаллин структурийн белхахошна дуьхьало ян герз лелон».

Дагестанера а, Нохчийчура а зорбанан гIирсаш буьстича, цкъа дуьххьара хетало уьш де а, буйса а санна къастина бу олий. Амма и хеталург стаг Iехор волуш ду. Делахь а Дагестанан куьйгалхочуьнан Магомедов Мохьмадсаламан цу гIуллакхо аьтто бо, шайн республикехь журналисташ маьрша бу бохуш, дIахьедарш дан бохуш, дуьйцу Британерчу аналисто Фуллер Элизабета.

Фуллер Элизабет: «Дагестанан куьйгалхочо Магомедов Мохьмадсалама ша форумехь вист хуьлуш ягарйира цхьайолу башхаллаш. Дагестанехь уггара дукха зобанан гIирсаш бу Къилбаседа Кавказерчу субъекташна юкъахь. Церан терахь ду 500 хиллала. Дагестанера хаамийн гIирсаш дукха а маьрша бу, Къилбаседа Кавказерчу кхечу меттигашкахь болчарца буьстича. Республикехь радиопрограммаш ю дIахьуш 14 маттахь.

Оццу хенахь Магомедовс билгалдаьккхира, Дагестанерчу журналисташа цуьнах беза мах белла хилар. Кху тIаьхьарчу 20 шарахь мел-лаххара 12 журналист вийна республикехь. Магомедовс латкъам бира дукхах бочу Оьрсийчурчу зорбанан гIирсаша шайн тидам латта бо гIаттамхошна тIехь, республикехь хуьлуш долу дика хIуманаш тесна а дуьтуш аьлла».

Дагестанерчу зорбанан гIирсашкахь долчу хьолах хьоьгуш хила а мега Нохчийчура журналисташ. Амма ши бутт хьалха Кавказский Узел интернет агенттало зорбане яккхинчу артикло дукха кхоьлина сурт гойту, Магомедовс диллинчулла а аьлла, хета Фуллер Элизабетана. Магомедов Мохьмадсалам ша ву бозуш боцу журналсташ, рицкъах Iехош, Iедалшкахьара баха гIерташ а, вукха агIора тIеIаткъам беш а аьлла, хета аналистана.

Ткъа цхьаболчу Дагестанерчу журналисташ дийцарехь, цу республикехь мелла а маьрша пресса хилар доьзна дац цигахь демократин тIегIа лакхара хиларца. Иза доьзна ду, цкъа далахь, мелла а майра журналисташ хиларца а, шозлагIа далахь, зорбанан гIирсаш мел майра балахь а, юкъаралла тIехIоьттина а, Iедалшна зе дан ницкъ болуш уьш ца хиларца. Вуьшта аьлча, Магомедовна а, цуьнан Iедалехь болчу нахана а цхьана а кепара шайн гIуллакх дан новкъарло ян аьтто болуш бац цигара зорбанан гIирсаш.

Известия-газето кху къирнах хаам бира, Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс регионаш кхиоран министраллана а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана а, ФСБ-на а омра делла, къаьмнашна юкъахь тасадаларш ца хилийта оьшург кечде аьлла. Цу артиклехь далош ду хьалха Оьрсийчохь хиллачу къаьмнашкахула министр хиллачу Зорин Валентанан дешнаш. Цунна хетарехь, Iедал юкъгIоьрташ ца хилча машар латталур бац къаьмнашна юкъахь. Фуллер Элизабетан комментари.

Фуллер Элизабет: «Къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолу министралла дIаяккхинера 10 шо хьалха Путин Владимиран омрица. Амма Путин ша а кхетначух тера ду иза шен гIалат хилла хиларх. Мангал-бутт болалуш иза реза хилира регионаш кхиоран министралло динчу дехарна. 50 стагах лаьтташ йолу къамнийн гIуллакхашкахула йолу президентан кхеташо кхоьллира цо, ша коьртехь а волуш.

Цу кхеташонан гIантден когаметтех цхьаъ ву Козак Дмитрий. Цу кхеташонан декъашхочо Зорин Валентина дийцарехь, церан декхар хир ду «массо а тIегIантерчу Iедалан дакъойн балхана церан вошашца уьйр хилийтан тидам бар».

Iедалерчу хьостана тIе а тоьвжуш, Известия-газето дийцарехь, цхьанне а ца хаа къамнашна юкъахь тасадаларш ца хилийта хIун дан деза. Амма Iедалш кхеташ ду Къилбаседа Кавказна а, Москохана а, Генарчу Малхбалена а шен-шен хьажар оьшуш хиларх. Мел-къезга а и гIулч нийсачу агIора яьккхина ю».
XS
SM
MD
LG