ТIекхочийла долу линкаш

Кху кIирнах Къилбаседа Кавказехь хилла цхьаболу бIаьрла хиламаш


Къилбаседа Кавказан карта.

Къилбаседа Кавказан карта.

Нохчийчохь лаьттачу хьолах лаьцна яздечу интенет-сайташа дийцарехь, кху тIаьхьарчу иттех дийнахь мел-лаххара кхо тIелатар дина цигахь герз а карахь Iедалшна дуьхьал лаьттачу наха меттигерчу полицин а, кхерамазаллин сервисан а белхахошна.


Иштта кху Марсхькху-беттан 8-чу дийнахь цара Ведан-кIоштахь Гуьн-эвлана гена доццуш чевнаш йина ОМОН-ан шина белхахочунна. Кхин а диъ де даьлча шолгIа тIелатар дина тIемалоша Шуьйта-кIоштахь Хьала Кела эвлан йистехь. Ткъа 10-чу дийнахь, Воронеж-гIалара виъ ОМОН-ахо а лазош, цара БТР эккхийтина Бумматара-Ассиновская олучу эвла боьдучу некъан тIехь.

Цу кепара хиламаш Нохчийчохь кхин а алсам хилла хила а мега аьлла, хета Британерчу аналистана Фуллер Элизабетана, хIунда аьлча Оьрсийчоьнан террорана дуьхьал йолчу комитетан а, талламан комитетан а Iедал дац тIематасадаларш шайн рапорташ тIехь хьахош.

Фуллер Элизабет: «Амма къеззиг болчу оцу хаамаша а гойту, Нохчийчура гIаттамхой аьтто болуш хилар, масала Даймохк» веб-сайто ма-яздара, шайна тIаьхьадаьлла Iедалш доллушехь, шайна юкъахь къезиг дараш а долуш, мостагIчунна зе дан.

Цу агIора схьаэцча, Нохчийчура хьал вуно къаьсташ ду Дагестанехь долчух. Цигара тIемалой керла тIелетарш кечдеш дIасалела маьрша бу, амма царна юкъахь дукха дараш хуьлу».

Даханчу Шинарин дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан уггара хьалхара федерацин субъектан куьйгалхо хилира, хьул а ца деш, Краснодар-кIоштан губернатор волчу Ткачев Александара Кавказера схьабоьвллачу нахана луьш динчу дIахьедаршна комментари йинарг. Ткачевс къамел динера гIалгIазакхашна хьалха Къилбаседа Кавказера нах цу кIоштIа эхарна дуьхьала латта деза бохуш.

Нохчийчура парламентан гIантдас Абдурахманов Дукхвахас хьалхо емал дира Ткачевс дина дIахьедар, иза Оьрсийчоьнан конституцина дуьхьал ду аьлла. Абдурахмановс билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказера къаьмнаш цхьатерра бакъонаш йолу Оьрсийчоьнан махкахой хилар. Цундела бахархой хуьлийла дац шайн пачхьалкхан территори тIехь «иммигранташ» бохуш, вара нохчийн парламентан депутатийн хьалханча.

Кадыровс юьхьарлаьцнарг кхин кеп яра. Цо мукъарло дира, ша дукхахенахь дуьйна воккхавевеш ву Ткачевс Краснодаран-кIошта инвестициш тIеозош кхиамаш бохуш хиларна аьлла.

Кадыровна хетарехь, Ткачев хьекъале стаг ву, цо йохур яц цхьана а кепара тIейогIучу ханна шайн регионна а, Къилбаседа Кавказана а, ерриг а Оьрсийчоьнна а зуламе хир йолу гIулчаш.

Амма цултIаьхьа ша йинчу комментаришкахь Кадыровс нийсса дIа емал йира полицица цхьаьна гIалгIазакхийн патрулаш юкъаяха йолу Ткачевн план. Иза оьшуш дац элира цо, низам а, къепе а латто декхарш долу кхин йолу структураш, шайна юкъахь чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, ФСБ а йолуш йолун дела аьлла.

Кадыровс хаьлхататтар дира къаьмнийн юкъаметтиаш йийцаре ян формалан доцу Къилбаседа Кавказерчу субъектийн куьйгалхойн цхьаьнакхетар дIадахьа деза аьлла.

Британерчу аналистана Фуллер Элизабетана хетарехь, Ткачевна реза воцу Ставропол-кIоштан куьйгалхо Зеренков Валерий бертахо хила мега Кадыров Рамзанан.

Фуллер Элизабет: «Хетарехь Кадыров дагахь волчух тера ду Зеренковх шен бертахо ван, цу кепара шен дош лелар шор а деш. Вайна хууш дац шен лаам а болуш емал вина Кадыровс Ткачев, я иза де аьлла, цуьнга дехар динарг дукхахенахь дуьйна цунна тIехIоьттина волу Путин Владимир ву. Цкъачунна цхьана а Оьрсийчоьнан куьйгаллехь болчу наха комментари ца йина Ткачевс динчу дIахьедаршна».

Еарин дийнахь Дагестанан куьйгалхочо Магомедов Мохьмадсалама дакъалецира Лондонерчу Олимпин ловзаршкахь толам баьккхина болу шайн спортхой базбеш. Хiинжа-гIалахь чемпионаш тIехь болу кема охьахууш, цунна дуьхьал ваханера иза Оццул дукха мидалш цкъа а яьхна яцара Дагестанерчу спортхоша бохуш, воккхавевеш вара Магомедов. Хууш ма-хиллара, Дагестенрчу спортхоша 10 мидал яьккхина Лондонерчу Олимпиадехь. Царах 5 дашо ю.

Верриг а Лондонерчу Олимпин ловзаршкахь дакъалоцуш вара Дагестанера 27 спортхо. Царах 6 вара Оьрсийчоьнан спортхойн тобанна юкъахь. Вуьйсуш дакъа лоцуш бара цигахь Эрмалойчоьнан а, Азербайджанан а, Беларусин а, Казахстанан а, Таджикистанан а, Туркойчоьнан а, Узбекистанан а олимпин тобанашна юкъахь.

Амма кхузахь шена тIе тидам бохьуйтуш дара Оьрсийчура бахархой массо а ца хилар хазахеташ Дагестанерчу спортхоша кхиамаш бахарна бохуш, дуьйцу Британерчу аналисто Фуллер Элизабета.

Фуллер Элизабет: «Халахеташ далахь а, берриг а Оьрсийчоьнан бахархой бацара Магомедов санна дозалла деш Дагестанерчу спортхоша кхиамаш бахарна. Цу республикерчу «Черновик»-газето ма-диццара, цхьаболчу оьрсийн хаамийн гIирсаша комментариш йира, шаьш стереотипаша йийсаре лийцина хилар гойтуш, Дагестан шаьш бусуба фундаментализм яьржа кхерч санна тIеоьцуш хилар гойтуш йолу.

Цу газето хьехайо sports.ru олуш йолчу интернет сайт тIехь зорбане яьккхина йолу дашо мидал яьккхинчу Хабибулаев Тагирца йина йолу интервью. Журналисто хоьтту цуьнга, шун доьзалера цхьа а вуй тIемлойх дIакхетна, бохуш».

Иштта бара кху кIирнах Къилбаседа Кавказехь хилла болу цхьаболу бIаьрла хиламаш.
XS
SM
MD
LG