ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

25 стаг вийна Къилбаседа Кавказехь дIадаханчу кIирнах


Къилбаседа Кавказ -- ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой некъ толлуш бу Несар-гIалина гергахь, 2012
Къилбаседа Кавказ -- ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой некъ толлуш бу Несар-гIалина гергахь, 2012

Мел-лаххара 36 стаг вийна а, лазийна а ву Къилбаседа Каказехь дIадаханчу кIирнах хиллачу цхьацца тIеман хиламашкахь. Царах 25 стаг вийна. Иштта ду Кавказский Узел олучу интенет агенталло, шайн хаамашна тIе а тоьвжуш, дина долу жамIаш.

Полицин урхаллин хьостанаша а, бен-бечу хаамийн гIирсаша а билгал ма-даккхара, тIеман хиламашца доьзна 25 стаг вийна кху тIаьхьарчу кIиранах Къилбаседа Кавказехь.

Чевнаш йина лазийна дарбанан цIийне кхачийнарг 11 стаг ву. ГIаттамхой бу аьлла, байинарш боцуш, царна юкъахь ву виъ маьрша вахархо а. Ткъа низамхошлахь вийнарг а, лазийнарг а 13 стаг ву.

Цу декъехь, дера герзаца тIелетарш дарехь, къаьсташ ду кху бовш болчу Товбеца-беттан тIаьхьара кIира а. Лула-кулара мехкаш боцуш, къаьсттина эвхьаза, мосуьйттаза а герзаца тохар дина ГIалгIайчохь.

Маьлхбига кIоштан Лакхар-Ачалкх эвлана гергахь, геннара, хьунчуьра полицин белхошна тIе герз дуьстина муьлш бу ца хуучу наха, буьйсанна 28-чу дийнахь. Цу юкъа дукха хан йолале, шайн шеко кхоьллина машен сацо гIоьртина низамхой. Амма, царах цхьаъ хьаша а хьошуш, зуламхой къайлабевлла. Ницкъала чевнаш йина Iедалан белхахо лазарне кхачийна.

Оццу кху Товбеца-беттан 28-чу дийнахь Мужичи юьрта боьдучу новкъахь, эккхийтар а дина, ши полицин белххахо лазийна ГIалгIайчохь. Иштта эккхийтар а дина, пхи де хьалха маьрша вахархо лазийнера Маьлхбигера араболучу некъаца йолчу бензин дуттийлехь а. Кху муьрехь, кхо стаг вен а вуьйш, тIематасадалар нисделла Орджонекидзевская олучу Маьлхабигана гена йоцучу Мохьмад-гIала эвлахь а.

Муьлш бу ца хуучу наха, герзаца тIелатар а дина, шайн кертахь Доьлаке юьртахь, майор даржехь эпсар вийна. Иза ву цхьана хан лецна нах чохь бахкочу набахтин хьаькам хилла волу Пешхоев Макшарип. И тIелатар динчара Iожаллех хьалха ца витина цуьнан 19 шо долу кIант а. Шайггара и кхел йинарш муьлша бу а, иза стенна йина а хууш а дац цкъачунна. Бехк-такхаман гIуллакх схьа а диллина, зераш долийна талламхоша.

Хьалха а хьахийна ма-хиллара, чекхдаьллачу кIирнах, Нохчийчохь а ца бисина низамхой герзаца тIелатар ца деш. Хьалха-Мартанан кIоштан Шалажи эвлана гергахь, генара герз тохар бахьанехь цхьа полицин белхахо, лаза а вина, дарбанан цIийне кхачийна. Масех дийнахь карзахе зераш динехь а, куьг бехкенаш хIинца а карийна бац ницкъаллин структурашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG