ТIекхочийла долу линкаш

95 шо кхаьчна Ламанхойн Республика кхоьллина


Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республикан куьйгалхой, Стигл,1918.

Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республикан куьйгалхой, Стигл,1918.

ХIокху мехала кехатана кIела куьйгаш яздинчу Кавказан Ламанхойн Бертан Iедалан делегаташа дуьненерачу массо а Iедалшка дозаллица хаам бо, Оьрсийчоьнах дIа а къаьстина, Кавказан Ламанхойн Берто йозуш йоцу пачхьалкх кхоьллина хилар.


Иштта 1918-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь Чермоев Iабдул-Межеда а, Бамматов ХIайдара а, декларацина къелла куьйгаш а таIийна, дIакхайкхийра йозуш йоцу Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республика кхоллар.

Керлачу пачхьалкхана юкъадахара Iаьржачу хIордан тIера Таркхойн хIордана тIекхаччалц долчу латтанашна тIехь дехаш долу къаьмнаш. И пачхьалкх, къобул а йина, тIеийцира туркойн Iедалша. Оцу даггахь яра Германи а.

1917-чу шарахь Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь Iаьндахь шайн 2-чу гуламехь цхьанакхета Къилбаседа Кавказерачу къаьмнийн а, Дагестанан а векалш. Оццула юьстах, лаьмнашкахь Iуллучу эвлахь гулам дIабахьаран бахьана иза вовшахтоьхна волчу Узун-Хьаьжас а, Гоцинский Нажмудина а иштта дуьйцу: лаьмнашна юкъахь, гIаланашна а, эскаршна а юьстах Къилбаседа Кавказерачу къаьмнийн векалийн аьтто хир бу маьршша шайна луург ала а, дийца а.

Цу гуламе хаьржина хуьлу массо а бусалба жамаIаташкара векалш. Иза вовшахтоьхна болу нах уггар хьалха дагахь хуьлу Кавказехь имамалла кхолла а, Гоцинский Нажмудин имам кхайкхон а.

Амма, оцу гуламан декъашхоша дитинчу тоьшаллаш гайтарехь, царна ма-моьтту гIуллакх ца хуьлу цуьнах. Цхьаболу гуламан декъашхой дуьхьала хуьлу Гоцинский имам кхайкхорна. Уьш махкахь Советан Iедал хIотто лууш хуьлу. Цундела, гуламехь дов а доккхий, уьш цIа боьлху.

Виснарг хуьлу 5 эзар стаг. Амма уьш Веданахь совцу, Iаьндара цIа баха аьтто боцуш, догIанаш а ихина, ломара некъаш доьхна хилар бахьана долуш. Цига вогIу Гоцинский Нажмудин. Веданахь хиллачу гуламехь иза имам кхайкхаво.

Гоцинский Нажмудин вина 1859-чу шарахь. Цуьнан да Доного Мохьма вевзаш стаг хилла Суьлийн махкахь. Доного имам Шемилан наиб хилла. Хьуьжарехь дешначулла тIаьхьа, Гоцинский Нажмудин гIуллакх дан воьду меттигерачу губернаторан гIаролхочуьнан даржехь. ЦултIаьхьа Дагестанан халкъан суьдан декъашхо хIоттаво иза.


Имам Гоцинский Нажмудин, 1917.

Имам Гоцинский Нажмудин, 1917.

Да а, ваша а веллачулла тIаьхьа, Гоцинскийна буьсу боккха бахам. 1903-чу шарахь кхо бут Константинополехь боккху Гоцинскийс. Цундела иза туркойн Къилбаседа Кавказехь волу эмиссар лоруш хуьлу оьрсийн Iедалша. 1917-чу шарахь Дагестанехь хIоьттинчу Iедалан декъашхо хуьлу Гоцинский Нажмудин. Оццу шарахь


Веданахь иза хоржу Къилбаседа Кавказерчу бусулба нехан имам.

1920-чу шарахь Гезгамашан-баттахь Советан Iедална дуьхьала гIаттам ойу Гоцинскийс. Амма 1922-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь, ЦIечу Эскаро дакъа а лоцуш, хьошу и гIаттам. Гоцинский Нажмудин йийсаре лоцу. 1925-чу шарахь кхел а йой тоьпаш туху цунна.

1917-чу шарахь Марсхьокху-беттан 20-чу дийнахь Къилбаседа Кавказехь вовшахтуху Къилба-Малхбале Барт цIе йолу цхьанакхетаралла. Цу юкъабогIуш хуьлу ГIобан а, Теркан а, Аштаркхан а кIошташкахь бехаш болу гIалгIазакхий а, Къилбаседа Кавказан ламанхой а, дагестанхой а, гIалмакххой а, ногIий а, туркменаш а.

Оццу шарахь Лахьан-беттан 16-чу дийнахь гIалгIазакхийн Iедал а, Къилбаседа Кавказан Ламанхоойн Барт а цхьанакхета Екатеринодар-гIалахь хиллачу кхеташонехь. Кавказан Цхьанакхетначу Бертан коьрта Iалашо хуьлу Къилбаседа Кавказехь, шена юкъайогIуш Абхази а йолуш, автономин республика кхоллар.

И республика Петарбухехь дIакхайкхо дагахь йолчу Оьрсийчоьнан демократин Республикана юкъагIура ю, аьлла, ойла а хуьлу ламанхойн куьйгалхойн. Иштта кеп-куц долу ламанхойн Iедал лаьтта эха шарал сов. Цу хеначохь цара кечйо Оьрсийчоьнан ханна долчу 1едалан куьйгалхо Керенский Александара реза хиларца тIеэцна йолу конституци.

1918-чу шеран Охан-баттахь Къилбаседа Кавказан Цхьанакхетначу Берто цхьацца Европерчу пачхьалкхашка кхайкхамаш бо Ламанхойн Республикан Iедал, къобал а дай, тIеэцахьара, олий.

Цу хенахь леррина Кавказе ваийтина волчу Германин векло немцойн инарло фон Лоссовс цу Бертан куьйгалхошна хьалха хаттар хIоттадо Ламанхойн Республика дIакхайкхорах лаьцна долу. И пачхьалкх къобул ян мега Стигалкъекъа-баттахь Батумехь хир йолчу дуьненаюкъарчу конференцехь, бохуш, хуьлу Германин векал.

Стигалкъекъа-баттахь 11-чу дийнахь хиллачу конференцехь дIакхайкха до Ламанхойн Республика кхоллар. Оццу дийнахь иза Туркойн-пачхьалкхо а, Германино а къобул йина, олий, хаам бо цу форумехь.

Амма Германино Ламанхойн Республика къобулеш бинчу бертан бух карийна бац цхьана а архивехь.

Стигалкъекъа-баттахь 11-чу дийнахь Ламанхойн Республико тIеоьцу ша йозуш йоцуш хиаларх лаьцна йолу леррина Деклараци. Цу тIехь, масала, аьлла ду:

«Оьрсийчохь кегаре лаьтташ хилар а, Петарбухара Iедало паччахьан имперехь мел-даьхначу къаьмнашна маьршша шайн кхане къасто бакъо ялар а тидаме а эцна, Ламанахойн Цхьаьнакхетаралло тIеоьцу хIара резолюци.

Хьалхарниг. Кавказан Ламанхойн Цхьаьнакхетаралло сацам бо Оьрсийчоьнах дIакъаста а, йозуш йоцу пачхьалкх кхолла а.

ШолгIаниг. Керлачу пачхьалкхан Къилбаседанера дозанаш хир ду хьалха Оьрсийчоьнан имперехь Дагестанан а, Теркан а, Ставрополан а, ГIубанан а мехкийн хилларш а, Малхбузехь – Iаьржа хIорд а, Малхбалехь Таркхойн хIорд а. Къилбера доза къастор ду Къилба Кавказерачу пачхьалкхашца барт бинчулла тIаьхьа.

КхоазлагIа. ХIокху буха куьйгаш яздина болу векалш декхарелахь бина кхечу пачхьалкхийн массо а Iедалшка хIара сацам дIакхачо а, йозуш йоцу пачхьалкх – Кавказан Ламанхойн Цхьаьнакхетаралла - кхоллаелла хилар дIакхайкхо а. Цундела оха кхайкхадо тахана дуьйна дIа йозуш йоцучу Кавказан Ламанхойн Цхьаьнакхетаралло ша низамца кхоллаелла лоруш хилар».

Ши де даьлча Ламанхойн Республико ша йозуш йоцуш хиларх лаьцна дипломатан хаам хьажабо Москох. Иза арахьарчу гIуллакхийн халкъан комиссариате дIакхачабо Германин Москох волчу векло графа Мирбаха.

Стигалкъекъа-беттан 15-чу дийнахь Советан Iедало дIахьедар до шаьш Ламанхойн Республика къобул ян реза дац, олий. Москохо официала далийна долу бахьана хуьлу Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнаша хIинцале а сацам бина шаьш Оьрсийн Республикана юкъадогIуш хиаларх лаьцна, олий.

ЦултIаьхьа Ламанхойн Республикан куьйгалхочо Чермоев Iабдул-Межеда (Тапас) кхайкхам бо туркойн Iедалшка шайна гIо-накъосталла дахьара, олий. И гIо цунна дан а до Туркойчоьно.

ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь Изет-Паша Юсуф коьртехь волчу эскарша дIалоцу Дербент. Чермоевн Iедал дIатарделлачу гIишлонна тIехула дIатуху йозуш йоцучу Ламанхойн Республикан байркх.

Дукха хан яляле туркойн эскарша дIалоцу Темирхан-Шура олу гIала. ХIинцалера Буйнакск ю иза. Ткъа Лахьан-беттан 8-чу дийнахь туркойн эскарш чудоьлху Порт-Петровскана (ХIинжа-гIалийна).

Азербайджанехь долу Iедалш а хуьлу Ламанхойн Республикана гIо деш. И пачхьалкх хIоттош Чермоев Тапин Iедална азербайджанхоша юхалург ло 60 миллион сом. Лахьан-беттан 27-чу дийнахь Чермоев Тапа а, цуьнан накъостий а Бакохахь цхьаьнакхета Малхбузерачу пачхьалкхийн векалшца.

Чермоевн Iедал цу регионехь низам хIотто гIертар шаьш дикачу агIора тIеоьцу а олий, Британин а, Францин а, Италин а, кхин йолчу а пачхьалкхийн векалша дIахьедар до, Ламанхойн Республика йозуш йоцуш хилар Хьалхарчу Дуьненан тIамехь толам баьккхинчу пачхьалкхийн Берлинехь хир йолчу конференцехь дийцаре дийра ду, олий.

Цу хеннахь Ингалсан эскаран буьйранчо инарло Томсона кхайкхам бо, Советан Iедал дохош Деникинна гIо дар Iалашонца, Ламанхойн Республика гIалгIазакхашца цхьанакхета еза олий. И план тIеоьцу Ламанхойн Республикан куьйгалхоша.

1918-чу шарахь ГIура-беттан 15-чу дийнахь Ламанхойн Республикан парламенто Чермоев Тапа коьртехь волу министрийн кабинет мукъайоккху шен декхарех. Цуьнан метта 19-чу дийнахь керла Iедал кхуллу парламенто, гIалгIазакхийн Iедалан векалш юкъахь а болуш. Цуьнан коьрте хIоттаво Коцев Пшемахо.

Коцев Пшемахо (аьрроагIор)

Коцев Пшемахо (аьрроагIор)

Коцев Пшемахо вина 1887-чу шарахь гIебартойн доьзалехь. Ламанхойн Республикан Iедалехь цхьацца даржаш дIалацале болх беш хилла иза Нальчикерачу суьдехь. 1919-чу шарахь Коцев дIавоьду туркойн махка. Цигахь веха иза 43 шарахь, ша валлалц.

Британин Кавказехь долчу эскарийн буьйранчалло гIо лоцу Дениканан армина. Цаьрна лууш ца хуьлу Ламанхойн Республика чIагIялийта. Оцу хеннахь британхой дуьхьала хуьлу Къилбаседа Кавказехь большевикийн Iедал дIахIоттарна а.

Шен агIора Деникин реза ца хуьлу, Британин тIеман векалша дакъа а лоцуш, кхоьллина долу ламанхойн Iедал къобул дан. Цундела британхоша шайн куьйгакъелла оьцу ерриг а ламанхойн тIеман тобанаш. Британин тIеман векалш царах пайда эца гIерташ хуьлуш большевикашца къийсам дIахьуш.

Британин эскаран Ламанхойн Республикехь йолчу миссин векал а хIоттавой Дагестане вогIу полковник Ролансон. Цуьнан декхар хуьлу Ламанхойн Республикан эскарша большевикашна дуьхьала еш йолчу операцишна куьйгалла дар а, инарлана Бичераховна а, ламанхойн Iедалшна а юкъахь уьйраш латтор а.

Иштта лаьттачу хьолехь 1919-чу шеран Чиллан-беттан 16-чу дийнахь, Темирхан-Шурахь шен болх дIаболабо Ламанхойн Республикан парламенто. Коьрта дийцаре деш долу хаттар хуьлу большевикашца къийсам латторах лаьцна.

Амма Ламанхойн Республикан гIуллакхаш де-дийне мел дели телхаш хуьлу. Чиллан-бут болалуш хьалха хилла долу Iедал дIахIотто деза, Оьрсийчоь йахийта йиш яц, олий, доза а хададой, Деникинан арми тIелета Ламанхой Республикана. Берриг а цу республикан мохк дIа а лоций, шен Iедал дIахIотто волало инарла Деникин.

Къилбаседа Кавказ большевикех цIанйина ца Iаш, Теркан а, Дагестанан а кIоштIашна куьйгаллан дан хIиттабо Деникина шен инарла-губернаторш. Чиллан-беттан 16-чу дийнахь инарло Шатиловс кехат дохьуьйту Ламанхойн Республикан куьйгалхочуьнга Коцев Пшемахога.

Цу тIехь аьлла хуьлу, Къилбаседа Кавказерачу къаьмнаша, шайна лаа а лууш, Деникинан Iедал тIеэцна, цундела шаьш хIора махкахь инарла-губернатор а хIоттош, керла Iедалан кеп дIахIотто дагахь ду, олий.

Шен дIахьедарехь инарло Шатиловс Ламанхойн Республикан Iедале омра до декхарш охьадахка, олий. Чиллан-беттан 17-чу дийнахь гулло ламанхойн парламент. Шатиловн ультиматум Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнийн шайн маьрша пачхьалкх кхолла болу лаам бохош долуш санна тIеоьцу депутаташа.

Цундела цара Iедалшна тIедуьллу халкъе леррина кхайкхам бар, йозуш йоцу Ламанхойн Республика ларян ницкъаш вовшахтоха, олий. Ламанхойн Iедалан а, Деникинан армин а юкъаметтигаш билгаляха 1919-чу шарахь Зазадоккху-баттахь кхуллу леррина комисси.

Шен коьртехь Дагестанан Iедалан гIаьнтда Темирханов Зубайра волчу, цу комиссин коьрта Iалашо хуьлу Деникинан армина а, Ламанхойн Республикан эскаршна а юкъахь тIом ца эккхийтар. Парижехь хила езаш йолу дуьненаюкъара конференци дIайолаяллалц маьрша йисар чIогIа мехала хуьлу Ламанхойн Республикана.

Амма комиссин декъашхой тIе ца оьцу я Деникина а, я цуьнан Къилбаседа Кавказехь а, Дагестанахь а векал волчу инарло Ляховс а. Охан-бутт болалуш Парламентехь йолчу нохчийн а, гIалгIайн а фракцино дIахьедар дар бахьана долуш, Деникинан армица тIом бан эскарш вовшахтоха сацам бо ламанхойн пачхьалкхо.

Цу Iалашонца бахархой эскаре кхойкху Iедалша. Амма хIинцале а шайн идеологин орамаш тесна хуьлу цу регионехь большевикиша. И бахьана долуш дуккха а яккхийчу ярташкара бахархой реза ца хуьлу тIамтIе баха.

Стигалкъекъа-беттан 11-чу диийнахь, Ламанхойн Республика кхоьллина шо кхачар даздан Темирхан-Шурахь гулло парламентан декъашхой. Шен къамелехь министрийн кабинетан гIантдас Коцев Пшемахос Къилбаседа Кавказера къаьмнаш маьрша даха лууш ду, бохуш, дийцахь а, цо а, цуьнан накъосташа а беш болчу кхайкхамаша дан гIо ца хуьлу пачхьалкхана. Цуьнан ницкъ бешаш хуьлу, малх кхетча ша санна.

Ламанхойн эскаран ницкъ ца тоьа Деникинан армина дуьхьало ян, цо Дагестанера Порт-Петровск а, Дербент а схьайоккхуш. Цулсовнаха пачхьалкхан куьйгаллехь барт ца хуьлу Деникинах лата деза, я ца деза бохучунна тIехь а.

Стигалкъекъа-беттан 23-чу дийнахь Парламентехь йолчу Дагестанан фракцино дIахьедар до, массо а делегат шен-шен цIаваха веза, олий. Ткъа Дагестанехь керла депутаташ хоржуш гулам хиллалц, инарла Халилов коьртехь а волуш, цхьана ханна шайн Iедал кхолла лууш а хуьлу уьш.

Оццу дийнахь хиллачу парламентан кхеташоно тIе ца оьцу Дагестанерчу фракцин кхайкхам. И бахьана долуш, шаьш льгIаз дахар гойтуш, цу кхеташонера дIабоьлху Дагестанера депутаташ. Парламентан гIаьнден кхин хIумма а ца дуьсу, парламент дIасахецна хилар дIакхайкхор а бен.

1919-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 24-чу дийнахь Дагестанехь Iедал карадоьду Деникинан армина. Цу мехкан коьрте хIоттаво инарла Халилов.

Ламанхойн Республикан парламентан а, Iедалан а декъашхой, махках а бовлий, Тбилиси дIабоьлху. Гезгамашан-беттан 2-чу дийнахь цу гIалахь, Къилбаседа Кавказерчу къаьмний векалша дакъа а лоцуш, вовшахтуху леррина йолу конференци. Цуьнан Iалашо хуьлу Деникинан армина дуьхьало яр вовшахтохар а, ламанхойн демократин пачхьалкх юха дIахIоттор а.

Цу къийсаманна куьйгалла дар Iалашонца кхуллу леррина меджлис. Ма-дарра аьлча, иза хуьлу Ламанхойн Республикан эмиграцехь йолу парламент. Цу юкъа воьду 11 стаг. Царна юкъахь хуьлу Цаликов а, Бамматов а, Капланов а, Коцев а, Эфендиев а кхиберш а.

1919-чу шеран Гезгамашан-баттахь дуьйна Тбилисехь цара арахеца доладо «Маьрша ламанхо» цIе йолу газет.

Оцу деношкахь Къилбаседа Кавказехь Деникинан эскарна дуьхьала лаьтташ хуьлу Нохчийчура а, Дагестанера а дешначу наха вовшахтоьхна йолу меттигера тIеман тобанаш. И къийсам толамца берзор Iалашонца цара кхуллу Дуьхьалояран кхеташо, шен коьртехь Суьлийчура Акушинский Эла-Хьажа а волуш.

Деникинан эскарх летачу ЦIечу Армина гIо дан деза, олий, шен агIора кхайкхам бо Деникинан дуьхьала лаьтташ волчу Нури-Пашас а. Цу кепара Къилбаседа Кавказехь Деникинна дуьхьала тIом беш коалици вовшахкхета, шена юкъахь динан тобанаш а, большевикиш а, Ламанхойн Республикан агIончаш а болуш.

1919-чу шеран гурахь Деникинан арми эшайо Къилбаседа Кавказехь тIемаш беш йогIучу Цiечу 11-чу Армино. ХIора толам баьккхинчу меттигашкахь дIахIотта до большевикийн Iедал.

И бахьана долуш, мохк а буьтуш, Къилбаседа Кавказера дIабоьлха дукхах болу Ламанхойн Республикан парламентан а, Iедалан а векалш. Царах дукхах берш дIабоьлху Туркойн-пачхьалкха. Вукхара эмиграци йо Европерачу пачхьалкхашка.
Цу кепара южу Къилбаседа Кавказехь кхоьллина йолу йозуш йоцу ламанхойн пачхьалкх.

Чермоев Тапа дIавоьллина ву Парижана генадоццуш Бобиньи олучу меттехь, бусулба кешнашкахь. ТIевоьдуш стаг а воцуш, замано дохийна карийра шена цуьнан коштIехь лаьтташ долу чурт бохуш дуьйцу нохчийн вевзаш волчу историко Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек: 1937-гIа шо тIекхаччалц Францехь бусулба кешнаш хилла дац. Оцу шарахь кхалхар нисделла, оцу кешнашкахь дIавоьллина Тапа а ву, кхин 77 стаг а ву суна цигахь карийна нохчи а, чергазой а, гIебартой а, хIири а -бусулба нах.

ТIехь цIе а йоцуш, мичахь ду, аьлча, тIе ваха гайта стаг а воцуш, иштта лаьтташ чурт дара иза. Аса сайн накъосташка хаам а бина, вай цхьаъ дича, кертана чоьхьа ваьлча цIе гур яр-кх, аьлла, чурт хийцича хIун дар-те вай, аьлла, 1200 евро гулдира оха.

Кхин алсам гулдан аьтто ца хилира тхан. Цундела, иха вина а, велла де а билгал а доккхуш, цуьнан цIе язйина оха цу чуртана тIе. Ткъа иза дуьххьарлера паччахь хилла, аьлла, тхан цунна тIетоха аьтто а ца хилла, дисина ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG