ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказехь юха а коьрта муфтий хаьржина Бердиев


Оьрсийчоь -- Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центран куьйгалхо юха а хаьржина Бердиев ИсмаьIил-Хьаьжа (аьррохьара).

Оьрсийчоь -- Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центран куьйгалхо юха а хаьржина Бердиев ИсмаьIил-Хьаьжа (аьррохьара).

Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центран гIаьнтда юха а хаьржина Бердиев ИсмаьIил-Хьаьжа. Цу тайпа сацам бина Кхаарин дийнахь Москох вовшахкхетначу цу центран декъашхоша. Ши-кхо де хьалха Бердыевна ира критика йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ткъа Нохчийн республикера муфтий Мирзаев Султан-Хьажа дIавелира цу центран юкъара.


Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центр кхоьллинера 1998-чу шарахь, Нохчийчоьнан муфтин Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лаамца. Цу юкъабогIуш бу Къилбаседа Кавказерачу республикийн динан дайн урхаллан куьйгалхой.

Цу центран балхо юкъалоцуш ю Дагестан а, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а, Адыгея а, ГIалмакхчоь а, ГIербартойн-Балкхаройчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а, ткъа иштта Ставропол мохк а. 2003-чу шарахь дуьйна цуьнан куьйгалхо ву Кхарачой-Чергазийчоьнан а ткъа иштта Ставропол мехкан а муфти Бердиев ИсмаьIил-Хьажа.

Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центрах лаьцна баш хезаш хIума дацара цхьа-ши кIира хьалха цунна говнах дов ца иккхинехь.
Оьрсийчурча зорбанан гIирсашкахь хаамаш баьржира Нохчийчура муфтий Мирзаев Султан-Хьажа рогIерачу цу вовшахтохаран кхеташонехь цу юкъара ваьлла аьлла.

Амма, дукха хан ялале ша Мирзаевс дIахьедар дира цхьа а цу центран декъашхойн цхьанакхетар хилла дац, аьлла. Делахь а кху беттан I4-чу дийнахь Нохчийчоьнан динан урахаллин интернет-сайта тIехь зорбане делира Мирзаев Султан-Хьаьжас дина долу дIахьедр.

Цу тIехь аьлла дара, Нохчийн республикан Динан урхаллан куьйгалхо республикан куьйгалхочуьнца цхьаьнакхетначулла тIаьхьа сацам хилла, Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центарна юкъара довла, аьлла.

Цуьнан бахьана иштта дуьйцу Мирзаевс. Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центран декхар дара пачхьалкхана структурашца жигара юкъаметтигаш а лелош Кавказехь ислам даржор а, кегийрахой радикалаш хиларна экстремизмана а, ваххабизмана а новкъарло яр а.

Амма тахана цу центран цхьа цIе хилар бен кхин хIумма а дац, бохуш, чIагIдо Нохчийчурча муфтис. Цу структуро шех тешам байина, аьлла а, хета Мирзаевна. Цо чIагIдарехь, кху тIаьхьарчу 9 шарахь цкъа а вовшахкхетна ца хилла цуьнан декъашхой. Нохчийчурча бусулба диндас дийцарехь, цунна бехке ву цу центран гIаьнтда.

Даханчу Шинарийн дийнахь Мирзаев Султан-Хьажа тIеийцира Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шайн муфтин гIулч къобул йина ца Iаш, ира критика йира Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центран куьйгалхочунна Бердиев ИсмаьIил-Хьажина.

Хала хеташ далахь а, ала деза Къилбаседа Кавказера диндай тIелатаран позици дIалоцуш бац шаьш Исламан мостагIашца дIахьуш болчу идеологин къийсамехь, бохуш, вара Кадыров.

Цулсовнаха Кадыровс дIахьедар дира Центран я устав а, а юридикан регистраци а, я офис а яц, аьлла.

Цу критикан жоп луш Бердиев ИсмаьIил-Хьаьжас элира ша шен даржах тийсалуш вац, иза охьадилла кийча ву ша, аьлла. Амма шен дохкуш долу бехкаш а юхатуьйхира цо.

Иштта Кхаарийн дийнахь Ансар олучу интернет сайтана ша еллачу интервьюхь Бердыевс дIахьедар дира Кадыровгахь берш харц хаамаш бу, аьлла. Шайн офис Черкесскехь ю, цигахь цIа ду цу Iалашонца эцна, машен а ю, схьагарехь Кадыров Рамзан цхьамма Iехийна, бохуш вара иза.

Цулсовнаха Мирзаевна жоп луш шайн Устав а, долуш ду, ткъа центран регистраци йина а ю элира Бердиевс.

Цхьаболчу хаамийн гIирсашна хетарехь, Мирзаев Султан ша вара цу центран коьрте хIотта лууш. Цундела йина аьлла, хета царна нохчийн муфтис Бердыевна критика. Амма Мирзаевс шех шек хилар бух болуш дац, бохуш, чIагIдо.

Ткъа Бердыевна хетарехь, цунна критика яр доьзна ду хIоранна шайн центран болх шен кепара гарца. Маршо Радионна интервью луш массо а стага Далла хьалха жоп лур ду бохуш вара иза.

Бердиев ИсмаьIил-Хьажа: Иза хIоранна а шен кепара гар дара Къилбаседа Кавказан муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центран болх. Нохчийн агIоно оха тоьаш болх ца бина аьллехь, оха элира, тхайн ницкъ берг, тхайн аьтто берг оха деш ду, аьлла. Нагахь хьо, цхьаъ дан аьтто а болуш, иза деш вацахь, ахьа Далла хьалха жоп лур ду. Иза вайна массаьрна а дукха дика хууш ду.

Бердиевн декхарш чекхдолвлуш дара кху шеран Стигалкъекъа-баттахь. И бахьана долуш, кху беттан 18-чу дийнахь Москох гулбелира Къилбаседа Кавказера муфтий. Хьалхо шен метта хIотта везаш верг Дагестанан муфтий Абдуллаев Ахьмад-Хьажа ву, бохуш, вара Бердиев. Амма Абдуллаев реза ца хилира и дарж дIалаца.

Изза хилира Кхаарийн дийнахь Москох. Бердиевс дийцарехь цхьа а, шайна юкъахь Абдуллаев а волуш, реза ца хилира цуьнан меттиг дIалаца.

Бердиев ИсмаьIил-Хьажа: Аса хьахийнарг Дагестанан муфтин кандидатура яра. ШарIаца иза вара куьйгалхо хила везаш верг. Цигахь уггара дукха маьждигаш а ду, массара а лоруш стаг а ву иза. Оха массара а лоруш ву иза. Амма иза юха а реза ца хилира.

Москох хиллачу цу Центран кхеташонехь цхьацца хийцамаш бина цу вовшахтохараллан Уставана тIехь. Царах лаьцна иштта элира Бердиев ИсмаьIил-Хьажас.

Бердиев ИсмаьIил-Хьажа: Хьалха тхан гIаьнда 3 шаранна хоржуш вара. ХIинца иза хоржуш ву 5 шаранна. Тхайн Центрехь сацамаш кхочушбаран комитет а кхоьллина оха, тхайн болх жигара баккха.

Цулсовнаха шайн болх гуш хилийта зорбанан сервис а кхоьллина Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центран декъашхоша.
XS
SM
MD
LG