ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчаша вовшашна гIо дора Сибрех


Нохчийчоь -- Яхиханов Рустаман суртийн гайтам, Соьлж-ГIала, 20Чилл2015
Нохчийчоь -- Яхиханов Рустаман суртийн гайтам, Соьлж-ГIала, 20Чилл2015

Сибрехахь 13 шо токхуш, гIортораш а хилла, вовшашна гIо даро шайлахь дукха адам Iожаллех хьалхадаьлла бохуш даре до нохчаша.

Шаьлта тоьхна,ши дакъа деш, кхоамза екъначу хорбазах я гIабакхах тера,вайнехан дахар шина декъе дерзош, цхьа шатайпа зил-доза ду дохийна къам махках даккхар.

Зил-доза ду къомана инзаре тIех лазаме а, балане а. И хаало нохчаша шайлахь дечу къамелашкахь а. «Вайн дохийна махках дахале дарий иза-м», «Сибрехахь лайначу къематдийнора», Казахстанера цIадирзинчул тIаьхьа» …

Дохадарх цхьа бустам,къилба а дина,нохчашлахь ишта къамелаш хазар керла дац. Яханчу хенара и къахьа шераш хьахаделча дукхачара лайначу халонашца цхьаьна билгалдоккху, цу хенахь адамийн вовшийн бала кхачар хаъал лакхарчу тIегIанахь хилар, ур-аттал йомеш летийна бедарш а гIоьнна дIасалуш хилар. Дуьйцуш ву Соьлжа гIалин юххерчу эвлара Адаев Нурди.

Нурди: «Сан кхетамехь къам Даймахках а даьккхина хьийзор,мичча диллича а, харцо ю. Цхьа хан моссазза, йолу цхьацца бахьанаш а хIиттош, хIаллакдеш ду-кх нохчийн къам. Тхан нанас хийла эрчонаш юьйцур-кх,цига а дIа а кхачале,цIерпошт тIехь дуьйна а нохчашца лелийна.

Дуьххьала Казахстане дIакхаьчча,къаьсттина,халонаш лайна оха. Когайоха, тIедуха ца хилла. Суна дага а догIуш, со ишколе воьдушчу хенахь а яц-кх сан тIеюха лартIахь хеча а.

Цхьаъ яра-кх сан иза а дуккха йоманаш а летийна. Беза-бевзара, гергарчара а йоьуьйтура бедарш,мел генахь уьш бехаш хилча а. Кхин тIе йолчу ханна и санна къаматде адамашна гайта дала пурба ма лойла цхьана Iедална а».

Сибрехахь нохчаша вовшийн терго ярх, цхьа хьаьрччийна бина буй санна цхьаIаш а хилла, мацаллин халонаш эшорехь вовшийн аьтто барх дуьйцуш ву Теркйист кIоштера Юсупов Бухади.

Бухади: «Тхо бежний дажош Iаш цхьа воккха стаг тIекхечира суний,сан шичийний. Тхойшиъ хьенан мила ву хиъча цо элира, сан шичийна тIе пIелг а хьажийна. - Шу да ца хиллихьара,кху юьртара дукха нах мацаллина бала а белла дIабоьхкина хир бара Сибрехахь.

Ялташ лардеш хехь вара иза. БиргIанаш тIехь дечиган сайреш а дина, царна чохь дIаIалашдина дара кIаш. Цо дичиг буроца буххула Iуьрг а доккхий,хьанехера бераш, мацаллина гайнаш дистина ду олий, цо кIа дохьуьйтура.

КIа дIа а дохьуьйту тIаккха ша дечиг тIус а тухий, дIадукъура Iуьрг. Оцу воккхачу стага ишта тоьшалла дича тхойшинна кхаъ хилира. Сибрехахь къам цхьаъ хилла-кх. Вовшийн барт болуш а хилла, хьовсуша а хилла».

Нохчийн къомо Казахстанехь а, ГIиргIазойн махкахь а ницкъалчу, къизачу хьелашкахь яьккхинчу хенан зер-хьесапаш деш бахархошца дагавийларо гойту, де эшча вайнах вовшашна тIехIиттар, дашна а я дозаллина а доцуш накъосталла дар, хIетахьлерчу халчу дахаран цхьа билгало хилла хилар. Жимма а ахкаме ваьлча, бIеннашкахь аьлча харц хир доцуш, цунна масалш карадо.

XS
SM
MD
LG