ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь хенаш тоьхна Шема баха новкъабевлла хиллачу нохчашна


Шинари дийнахь Венерчу кхелехь дIакхайкхина даханчу шарахь Шема баха новкъабеллачуьра лийцинчу исс нохчочунний, уьш эцна воьдуш хиллачу туркочунна тоьхна йолу хенаш.

Вена-лаьттан кхелан Шоффенсенат олучу чоьна чу кхачале масех талламах чекхвала дезара кху деношкахь. КетIахь дуьйна кхелан цIийна гобаьккхина лаьтташ гуш бара иттанашкахь полисхой. Чоьхьа ваьлча, иштта иттанашкахь полисхой а болуш хуьлуш долунна сема тилам беш, эчиг а, кхераме а хIумма а дегIаца а, тIоьрмиг чохь а юй толлуш йолчу системах чекхвала дезара.

Цул тIаьхьа кхел хоттучу чоьна хьалха кхин а цкъа а иштта кIирбеллачу талламах чекхвала дезар, телефон я кхин болу ца магийна гIирс буйла хьожуш а, хIора цу чу воьдучуна цIе дIа а язъеш. БIаьрг кхет-кхетачехь гора юхь тIе тутмаьжгаш йоьхкин Iедалан леринчу ницкъийн белхалой а.

Кхел йолаелча а, дIаяьлча а, йоьдуш йолш-м тешна, маьI-маьIIехь гуш бу тобанашкахь лаьтта нохчи, лоххачу озаца вовшашца къамелаш деш а, уккалш чу а лелхийтина, гIеххьачул гIайгIане а, ладегIарца а, бухара схьа хуьлуш лаьттачуьнга бIаьрг бетташ. Царех цхьаберш лийцинчеран гергара нах я бовза-беза бу, вуьшберш, хетарехь, кхеле озийнарш нохчи хиларна хьовса баьхкинчух тера ду.

Къовлабелла зударий а, еха мажош йолуш, гIеххьачул дилхане бахана божарий а хаало царна юккъехь, боцуо хедийна хечин когаш а болуш. Маршо радионо къамел дан гIоьртинчех цхьанна а ца лаьа, журналистаца къамеле вала, хетарехь, я гергарчарна а, я шаьшна лийцинчарна а юхькIам болуш дов и хоттуш дерг ца хиларна.

Ткъа хоттуш дерг даханчу аьхка Венера дIа Шема, цигахь къепедацарш лелочу ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанахь дIакхета дагахь арабевллачуьра Iедалхоша лийцина хиллачу исс нохчочун, цхьаьна туркочунна дов ду. Цу нохчашна юккъехь цхьа къона зуда а ю, Малика бохуш, шен хIусамдеца халипат хIоттош дакъалаца яха араяьлла хилла йолу.

Лоцучу хенахь 18 шо долуш хилла йолу и Iаьржа духаош доьхна зуда доьзалхочух яра, ткъа лаьцначул тIаьхьа набахтехь цуо йина йолу 4 бутт кхаьчна йоI цкъацкъа кхел хаттаре шеца схьайалош яра цуьнан.

Цуьнан 27 шо долу хIусамда Хизир а ву, кхелахочуьнга ша халипатехь зуламаш дан гIерташ вацара, цигахь болх а, хIусам а, маьрша дин лело таро а ло бохург хезна, цигахь ваха дIаваха гIерташ вара ша бохуш чIагIдеш. Ша дин дукха суьпа лелош хиларна Австрехь нах гома хьоьжура шега бохура цуо.

И санна долу къамелаш дацаре до Австрехь бехачу кхечу бусулбачара а, дешначу наха а. Дуьйненчохь бусулба дин лелон уггаре а аьхначех пачхьалкхе ларалуш бу и мохк. Амма Шема агIор марзонца хьуьйсучу кегирхоша иза тидаме ца оьцу, царна шайн дин ца девза я довза а ца лаьа, цунна метта ат-аттадерг а, шайн лаамашца догIуш дерг а лоьху цара бохуш дийцира Маршо радионе Венерчу коьртачу маьждигехь хьехамаш беш волчу Iелимо Мусас.

Муса: „Дукхахьолахь кегирхой бу цига дIасалелаш берш. Дийца даьккхича вуно доккха хIума а ду иза. Цара хIун до аьлча, бусулба динера цхьадолу хIумнаш схьа а оьцуш, кхиндерш Iадда а дуьтуш, хIума до. Хьалхарниг иза ду. ШозлагIниг – царна кхоччуш ислам динах лаьцна Iилма ца хаар ду.

Шайга и хIума иштта дац шуна аьлларг мостагI а хета царна. Iелимчу наха даккхий къиной санна лерина долу цхьадолу хIумнаш тергал а ца деш, кхиндерш царел мехалох лору цара, шайна бехказлонаш а карайо царна. Iилма ца хилар ду-кх иза“.

Вуно тамашийна а, наггахь маьттаза а хIумнаш хезара кхел тергал ян гулбеллачарна а, кхелахошна а бусулба пачхьалкхе хIоттон арабевллачу наха дуьйцуш. Масала, царех цхьаболчара чIагIдора, шаьш баххане а Шема баха дагахь бацара, Болгаре садоIа даха арадевлла дара шаьш, бохуш.

27 шо долчу Бекхан цIе йолчу ДаIишца марзо йолчо бохура, ша Болгарехь доггаха сакъера дагахь вара. Эзар сов евро а, эзар сов доллар а хиллера цхьанхьа а болх беш а воцуш, Iедалера социала гIо оьцуш волчу жимчу стагехь иза лоцучу хенахь.

Мичара даьллера хьуна оццул ахча, балхахь а ца хилча, аьлла кхелахочуо Хауптц Андреаса шега хаьттича, Полшехь ехачу кIелйисина цомгуш йолчу шен нанас даийтинера шена элира цуо.

Ткъа хьан нана хIун болх беш ю аьлча, иза а яц балхахь, кест-кеста Нохчийчу йоьду иза, цигарчу гергара наха ло цунна ахча бохура. Цул тIаьхьа реза а воцуш тIетуьйхира, эзар доллар бен дуй иза, миллион ма даций иза, аьлла.

ДаIишца шен уьйр яц бохуш волчу цуьнан телефон тIехь инзаре къиза видеош а, сарташ а карийра Iедалхошна, нехан кортош дохуш а, етташ а. Уьш шена ца хууш цхьаммо тесна хилла шега бохуш кийтарлонаш йора халипатан бIаьхо хила араваьллачуо. Ткъа ахча казино ваха оьшура шена бохура вуно бусулба стаг ша ву бохуш чIагIдечо.

Дукха цецваьллачу кхелахочуо Хаутц Андреаса, бусулба стаг казино ваха мегаш доцийла хууш волчу, цунна дуьхьала, хIара-м абсурде доьрзуш лаьтта элира, хьайна ца лаахь, хаттарна жоп ца дала а йиш йолуш ву хьуна хьо, иштта пал буьйцучул аьлла тIе а тухуш.

Кхин гIолехь дацара халипате керла бIаьхой дIакхачо араваьлла хиллачу туркойн къомах волчу шопаро, бехках цIанвала гIерташ дийцинарг а. Чаташкахь джихад а, керистанашца тIом а, ша хIинцалца вуно дукха Европера кегийнах Шема дехьа баьхна хилар а дийцинчу цуо иза дерриге а харц дерг дара, ша зударшна тIеIаткъам бан гIерташ вара элира.

Венехь зуда а, оьзал а болчу цуо даре дира, хьарам юкъаметтигаш лелош езар ю шен, иза цецйоккхуш дийцинера ша уьш, аьлла.

Гулбеллачарна цу кхелехь дакъалоцучу прокурора Шоьн Штефанис гайтира лийцичеран телефонашна тIехь карийна сарташ а, цара дина къамелаш а. Кийрахь дог дерг хьажалур воцу сценаш ю цу видеогайтамашна тIехь, къизаллин сценаш. Ткъа лийцинчара динчу къамелашкахь коьрта тема- муджахIидш, тренингаш, хьан алсамох керистанаш бойъург бу бохучунах хабарш ду.

Амма кхелехь Iачара дерриге а дацаре до. Цхьаъ дIаваьккхичахьана – царех уггаре а жимах волу 17 шо долу Венера дешархо. Психиатарша хьекъална генара ца хиларна шен леламийн тIаьхьлонех кхеташ а вац, кхечара атта тIеIаткъам бан йиш йолуш а ву аьлла билгалваьккхинчу цуо даре дира, ша боккъал а ДаIишах дIакхета ваха гIерташ вара аьлла. Даре дар а, цуьнан жималла а тидаме а эцна, арахь яккха шо хан а тоьхна дIахийцира иза.

Вукхарна цхьана шарна тIера кхаа шаре кхаччалца хенаш туьйхира. Юхьенца прокуратурано цхьаболчарна итт шаре кхаччалца набахтехь яккха хан кхайкхор доьхуш дара кхелхочуьнга, амма и нах Шема дIакхача ца кхиар а, уьш цхьа а вен ца кхиар а тидаме а эцна, гIеххьачул кIеда сацам бира кхелахочуо. Иштта цуо сацийра, цаьрца набахтехь психологаша а, социалана педагогаш а болх бан безаш хилар.

Ткъа кхелан кхерчахь а, уьйтIахь шабар-шибарш деш хилла нохчи, мелла а сапаргIат даьлча санна дIасабирзира, тоьхна хан дукха ца хиларна делахь а, я мелла а яьккхина аьхначу австрихойн набахтехь дийна а болуш хан яккхар тоьлу-кх цара, Шемахь я Иракъехь нах бойъучул я шаьш бойъуьтучул аьлла хетарна делахь а.

XS
SM
MD
LG