ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн кхиазхойх латарна саготта бу Австрера вайнах


Австри -- Австрера нохчийн, гIалгIайн кхеташонан цхьанакхетар. 08.03.2016.

Австри -- Австрера нохчийн, гIалгIайн кхеташонан цхьанакхетар. 08.03.2016.

Арсашца а, ирйинчу дечигехий, эчигехий динчу  герзашца а чIагIбелла, даханчу Шоьта дийнахь нохчийн кхиазхошна тIелатар динчу овхIанхойн хьокъехь талламаш дIахьош ю Венера полици.

Даиман а мукъаденошкахь шаьш хан йоккхуш йолчу, Iедало лерина кегирхошна цаьрга шайн маьрша хан урамашкахь буьйлабелла лелаш ца яккхийтархьама кхоьллинчу Югендцентрум шех олучу кегирхойн кхерчахь масех сахьт а даьккхина, шайна Iуналла дечу цу кхерчан шиъ социалан белхахо а цхьаьна волуш, арабевлла шайн-шайн цIабаха дагахь метро тIе боьлхучу кегирхошна цIеххьана тIелатар динера овхIанхойн тобано. Цу тIелатаран жамIа – ворхI нохчочунна чевнаш йина, царех шинна валар-висаран зил тIе воккху чевнаш а хилла.

Оршот дийнахь Венерчу полицин прессица болхбаран векал волчу Айденбергер Паула журналисташка бинчу хаамца, зуламехь декъа хилла ларалучу овхIанхойх ялх стаг лаца кадаьлла Iедалхойн. Царех пхиъ хIинцале а набахте воьллина, бехкталламан гIуллакх дIадерзалца, ткъа ялхалгIачунна дуьхьал иза цкъачунна арахь а вуьтуш, таллам бу дIахьош.

Венерчу 20-чу кIоштахь ХIанделскай цIе йолчу метро станцина гена доцуш нисбеллачу цу бохамечу хиламехь лазийна болу нохчийн кхиазхой карарчу хенахь дахарна кхераме доцучу хьоле бевлла, церан чевнаш аттачу евлла, элира Айденбергера ша журналисташка динчу дIахьедарехь.

Иза тIечIагIдан каделира Маршо Радион, цу лазийначу кегирзошна юккъехь уггаре а дера чевнаш хиллачу Мансур цIе йолчу 16 шо долчу кIентан ненаца Сацитица къамел а дина. Цуо дийцира, шен кIант, масех сохьтехь операци йинчул тIаьхьа гIолехь ву, амма хIинца а реанимацехь ву, аьлла.

Иза волчохь хIинцале а хеттамаш бан баьхкина полисхой а хилла, цунна лийцинчу овхIанхойн сарташ а гайта еана йолу. Цу сарташна тIехь шена урс диттинчех цхьаъ цу кIантана вовза а вевзина.

Сацитас дийцарехь, цхьанна а кепара цу овхIанхошца дов я Iотта-баккхам цуьнан кIентан Мансуран а, Мансуран а накъостийн а хилла бац. Цундела цунна кхета хала ду, шен кIантана сел къиза тIелатар дарх а, цуьнан бахьана кхета а лаьа цунна.

Цул совнаха, цхьаццаболчу меттигерчу булваран хаамийн гIирсаша нохчий, овхIанхой латар и ши тоба корта бахон молхнаш йохкар-эцар къуьйсуш хилла бохуш бина болу хаамаш вуно Iаткъаме бу лазийначу кIентан нанна, и саннарг хиллане а бакъдолчун хIу шеца доцуш хиларна.

Сацитас иштта дийцира Маршо радионе шен кIантаца а, цуьнан накъосташца а хиллачух лаьцна.

Сацита: „Сан кIант а, вуьш бераш а Югендцентре бахана бара, цигахь мокхаденош долчера шайн ловзуш, хан яккха. Уьш лата бахана бацара, хиллехь цхьа кечам бина хир ма бара цара. Масийтта агIор тIекхетта хилла уьш царна, тIехьара а, хьалхара а.

Сан кIантана арсашца чевнаш йинера, дагна улле урс диттинера цунна цхьаммо, вукхо чожа чу диттинера, пIендаршна юккъехула кхин цхьа урс чекхдаьлла цунна, лоьраш дийцарехь, цхьа маьрго бен ца хиллера иза вала“.

ОвхIанхой нохчийн кегирхойх латаран бахьанаш и хилам толлучу Iедалан белхахошна а ца бевза цкъачунна. „Йоккхачу къизаллийца Бригиттенаурчу ХIанделскайхьа Югенцентран уллохь овхIанхоша нохчашна йиначу атакийн бахьана цкъачунна къастон ка ца даьлла“, - элира цу хьокъехь полицин векало Айденбергер Паула.

Цуо мукIарло дира, цкъачунна лийцинчу овхIанхошка Iедалхоша беш болчу хеттамаша а кхин хIара аьлла жамIаш ца кхачийна, аьлла. Иштта, масала, лаьцначех цхьаммо ша хиллане а цу меттехь цу буса хилла а вац бохуш чIагIдо, ткъа кхин цхьаммо ша цигахь хиллехь а, амма тIелатаран декъа вацара ша бохуш керисталла до.

Бакъду, хилларг ма-дарра юхаметтахIоттон полицина гIодан декхар ду Австрерчу цIерпошта некъийн ОьББ концерно а, Винер Линиен цIе йолчу Вена гIалин юкъараллин транспортан концерно а Iедалхошка хIинцале а дIаеллачу видеокамерийн йозанаша.

ХIунда аьлча, Айденбергера дийцарехь, боккха аьтто бу полисхошна, цу кIоштахь цу шина концернан массийта йоккха социйла хиларна, цигахь кхечанхьачул а алсамох видеокамераш хилар, дийнахь а, буса а болх беш йолу. ХIинцале а, ала дашна, цу камерех гIо а хилла, тIелатаран масех декъашхо гучуваккха кадаьлла полицин, цуьнан векало Айденбергера билгал ма-даккхара.

Шен рогIехь, Австрера нохчийн, гIалгIайн кхеташо ю Iоттабаккхам хилчу буса дуьйна и бохам кхин дIа зуламашка ца берзийта гIертша къахьоьгуш. Оршот сарахь кхеташонан кхерчахь гулбеллера нохчийн диаспорин векалш а, лазийначу кхиазхойн дай-наной а.

Цу кхеташонан куьйгалхочуо Мусалатов Шайхис дийцира гулбеллачаьрга, Австрера овхIанхойн векалтин белхахой а, цу къоман Венерчу диаспорин векалш а шайца зIене бевлла, хилларг дов кIарга а ца деш, маслаIат а дина дIадерзадан некъаш лахийтахьара, аьлла.

Кхеташонан кхерчахь гулбеллачара сацам бира, Iоттабакхам Iедалца жигара цхьанаболх а беш, талла а, лазийначу берийн дай-наношна адвокаташ лоцуш гIодан а.

Цул совнаха, Кхеташонан векалш дагахь бу, хилларг харцахьчу кепара дуьйцучу булваран газеташка лерина кхайкхам бан, цаьрга шаьш нохчашний, овхIанхошний юккъехь хилла латарш корта бахон молхнаш бахьана долуш хилла бохуш яздинарг юхаэцийта Iалашонца.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG