ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декъаза ву мелла волуш Нохчийчохь зулам динарг


Схьагарехь, малар мелла зулам дина нах емал бина ца Iаш, церан тайпа-тукхум сийсаз даран болх бехха дIахIура болчух тера ду Нохчийчохь. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, и къийсам дIаболийнарг ша хиларна, варе бина молланаш меллачуьнан бехкенна девллачу девнашна, маслаIат до бохуш, юкъагIерта мегар дац аьлла.

Велларг дIа ца воьллича ца волу, амма цу тайпа тезеташ даздина ма леладе аьлла, омра делла цо бохуш дуьйцу «Кавказский узел» интернет сайто. Шайн корреспонденте къайлахь и хаам бина бохуш чIагIдо оцу гIирсо.

Доккхачу декъана нах тIетов маларчашна дуьхьал, аьлча а, уьш машенашца мелла ца лелийта арабаьккхинчу некъана. Амма тамашийна хета велларг дIа а ца верзош, маслаIатан юккъе дешна нах юккъе ца бовлийтар. Дуьйцу Соьлж-ГIалара вахархочо Абдурзаков ХIарона.

Абдурзаков: «Дешначу нахе цу юккъе ма бовла, дIа ма дерзаде дов бохуш хилар нийса ца хета суна. Хийла гина-кх вайна, кегийра нах боьлхушехь, церан баккхийчара чIира юьтуш. Масийтта шо хьалха махкахь мел йолу чIир дIа ма ерзаяйтира Iедалша. Бехке вуй я вац бохург кхин агIо ю. Амма цхьа юкъаметтигаш лелош схьадаьхкина ма ду вай хIинццалц».

Малар мелла нахана бале ваьллачунна къинхетам бан догIуш дац аьлла хетарш а кIезиг бац Нохчийчохь. Царах ву Хьалха-Мартан кIоштара вахархо Газиев Лом-Iела.

Газиев: «Малар мелла стаг, мел молланаша дийцахь а, вита вогIуш вац. Ша галволий а хууш до цо ша дийриг. Цундела цунна таIзар догIу. Иза вита везаш вац, иза вита догIуш дац».

Меллачу наха зуламаш деш хиларан цхьана агIор бехк ГАИ-н белхахойн а хета Абдурзаков ХIаронна. Иштта стаг хаавелча, цуьнга зулам ца дайта, некъаш дIа а къовлий, йоккха операци дIахьо кхечу меттигашкахь. Ткъа кхузахь ма хуьллу машенаш хохку цуьнца хьалхаваларехь къовсалуш санна, бохуш дуьйцу цо.

Абдурзаков: «ГАИ-но говзаллица болх беш белхьара… ЧIургаш лелхийта. Иштта хила ма деза иза. Нохчийн кепехь, ша верриг тIаьхьа а хьодий, хIума леладо. Рейдаш ю олий, арабовлу цхьана кIиранах. ТIаккха кхин цхьана шаранна малло».

Нохчийчохь маларчашна дуьхьал рогIера къийсаман тулгIе йолаелира ТIехьа-МартантIера вахархочо, мелла а волуш, 6 стаг а вуьйш, ша а леш некъан бохам бича. Бина Iаткъам ца лабелла цуьнан гергара нах махкахь бевлира. Ткъа тезет лулахошкахь хIоттира.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG