ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къоман гварди" - иза хIун ю?


Тергамчаша ма-дийццара, Путина шена куьйга кIел кхаба кхуллуш йолчу гвардех «къоман гварди» алар дуьззина ца догIуш го оцу кхуллучу полицин гIуллакхаш караэца диллинчу эскарх.

Адам шаьш лоцуш цуьнга ша мила, стенгара ву баха оьшуш а дац гвардин бIаьхочунна. Керла тIеоьцучу низамца а догIуш, ша биргIане лаьцначу Iалашоне, шен омра кхочуш дойла, ша герз туху баха а хьашт дац цунна.

Путинан хьехамча лаьттинчу политологна Павловский Глебна хета, Путина и гварди Кадыров Рамзанах Iалашлуш, эшна меттиг ягIахь цунна дуьхьалхIотто кхулла аьлла.

Ткъа зорбанехь журналиста Гаазе Констатнтина боху, «Къоман гварди» эскаршлахь тIех лараме волчу министрна Шойгу Сергейна дуьхьалхIо оьшу Путинна.

КхоалгIачу агIонна хета, и гварди Iедалх кхета лаам боцчу оппозицица къийса кхуллуш ю аьлла.

Iалашонийн могIарахь хила тарло тергамчаша кеп-кепара юьйцу массо а функцеш.

Ткъа тергойича гучудолу хьанах уггаре хьалха вовшахтухуш бу «Къоман гварде» ницкъаш.

Кадыров Рамзанан керла инстаграм-хаам: «Нохочийчуьра леррина ницкъаш кийча бу «Къоман Гвардех» дIакхета. Цара къобалбо шайлахь хуьлуш лаьтта хийцамаш. Шайна сий лору эсархоша «Къоман гвардехь» гIуллакхдар».

Кадыровс къадошдерг, кхета, яцйина, декъахь гойту информаци бен яц.

Нохчийчохь Кадыровна муьтIахь болчу ницкъийн векалера евзина ю хIара къайле.

ОМОН олу низамхой дакъа, СОБР – сихха лерина операцеш вовшахтуху тоба, шаьш эскарехь а йоцуш хьукматаш, хьаькамаш Iалашбен низамхой, кхин а цхьадолу тIеман-низаман дакъош а ду хIинцале «Къоман гварде» дехьадохуш.

Кхеташ ду, нохчийн оцу ницкъех берраш а кхочур бац «гварде» балха. Бисинарш декхарех мукъа а баьхна, болх боцуш бита а тарло, бохура Маршо Радионе информаторо.

Тхоьца къамел дина бIаьхо ву Къоман Гварде язвеш. Амма иза цунах воккха ца ве.

Кхуллуш долчу керлачу элитан декъо дагайоуьйту кавказхох а, уьш боцучех а йолу, Николай паччахьа вовшахтоьхна, Оьрсийчохь революци яйъа араяьккхина лелла «Акха дивизи». Ткъа оцу дивизех хилларг вайна хууш ду.

Истори шозза карла йолу: цкъа трагедин кепехь, тIаккха фарс-беламе, аьлла хьекъалчас. Тергалдан дуьсу «Къоман гвардех» а, цуьнан декъа гIонболчу нохчех а хиндерг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG