ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалойн могIара баха нах карабо Iедална хIинца а


Нохчийчохь тIемаш бирзина иттех шо даьлла ларалахь а,нах бу лоьцуш Iедало, махкарчу гIаттамхошна гIонехь хилла, юург-мерг кховдийна, хьошалла дина шайн хIусамехь бохуш.

Нохчийчохь тергаллучу хьолан хьесап даро гойту могIарерчу наха шайна гуш а, хезаш а официалан хааме доккхуш мел дерг тидар а, кхетор а, шеконаш алсам а юьйлуш, вуно чIогIа хийцалуш хилар.

Тамашениг ду бахархоша иза Москоха дIахьучу политикаца дозар.

Вуьшта аьлча Путинан Владимиран Iедало магош а, тIеоьцуш а йолчу политико ма-хьоьхху урхалла деш лору цхьаболчу махкахоша кIошташкахь а.

Масалш тIехь гайта хьожу со вайнехан шеконаш дебар. Кху деношкахь чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iорадаьккхина тIеман агIонча лацар.

Цо чIагIдарца куьг бехке лоручуо гIо дина 5-6 шо хьалха вийначу гIаттамхойн баьччина Амарат Ясирна. Лаьцнарг ву 55 шарера Веданан кIоштан Марзой –Мохк эвлара вахархо. Низамхоша дийцарехь цо даа-мала латтийна цхьана муьрехь герзаца дуьхьало ечарна.

Полисхойн урхалло дIасабаржийначу хаамца Соьлжа -кIоштан Михаласкера а лаьцна 28 шо долу вахархо гIаттамхошца возавелла хиларна бехк а кховдийна. Iедалан векалша бечу чIагIамашца, юург-мерг латтор къобалдеш, кховдийна бехкаш тIелоцуш цу шиммо а даре дина.

Генарчу Шемарчу тIаме баха кегийрхой ир-кара хIиттабарна аьлла бехк токхаман гIуллакх долийна кхечу вахархочунна Ибрагимов Хьусайнна дуьхьал. Цуьнга кховдийна бехк кхин дIоггара бух болуш а ца лерина, цхьана сацаме баьхкинчу талламхоша цкъа мукъавалийтинчул тIаьхьа, мехкан прокуратуро и сацам нийса а ца лерина шолгIа жоьпе озийна ву Ибрагимов.

Юристаша бахарехь, нагахь бехках хьалха ца ваккхахь 5 шарера 10 шаре кхаччалц чохь яккха хан тоха а сахьт дац лаьцначунна. Ала дашна, Шемара тIом бахьнехь зен хилла кегийрхой Нохчийчохь шортта бу.

Лакхахь далийначу масаллех тера а, хIинцца Ставропол махкахь эккхийтар дан а гIоьртина, кхо Iожалхо велла бохург санна хаамаш а тахана бахархоша тIеэцар, вуно морзахе хиларра-м дийца а ца догIу, шеконех дуьзна ду.

КIаддан а ца гIерташ аьлча цатешарш дукха бу. Царех ву могIарера вахархо, кхузткъара валлалц дуьйш-дерзош латтанаш лелийна къинхьегамхо, тахана 8 эзар сов ахча оьцуш волу пенсахо МагIарби.

МагIарби: «Iедалан телерадиохь кхайкхош дерг нисса ах бакъ ца хуьлу. ТIемалошна гIо дина жима стаг лаьцна олу цкъа. ТIемалойх дIакхеташ гIерташ хиллера олий а лоцу. Генарчу а, гергарчу а тIемашка бахийта кегийрхошлахь, уьш ир-кара хIиттош, агитаци еш вара олий а лоцу. Талор дан воллура а олу.

Ишта и бахьанаш а хIиттош махкахой лецарх со а, кхиберш а кху тIаьхьарчу хенахь чIогIа шеконца тIеоьцуш ду-кх. Стенна аьлча, хийла масалш ду, цхьана декъехь хилла а воцу маьрша стаг дIа а вигина хьийзийна а, шайна бIегIийла дерг-дерг дийцийтина а.

ХIинца-м гIарбевлла, махкахь а бевзаш болу нах идо а болийна. Кху Оьрсийчохь мичча кIоштехь мел доккха зулам дарх тахана ас а, наха а шеконца тIеоьцу.

Стенна аьлча, кхеран «ва-а вай!» бохург а бакъ ма дац, харцонан бух тIехь ма ду. Оцу Ставропол махкахь эккхийтар дан гIоьртина бохург а ду хьуна изза, орам пуьташ болуш.

Полисхойн коьртара куй а ца божийна, ткъа кхоь а велла дIаваьлла. Схьадийцарехь бала меттиг йоцуш арабевлла хилла уьшша-м. Суна хеташ кху ОЬрсийчохь адам леррина кхерамна кIелахь латтош ду-кх. Адаман кхетамехь кхиош цхьа ойла ю: тIом ца хилчахьбана кхидергга-м хала дацара…»

Схьагучу суьртехь хIинцца къамел динчу МагIарбис ма-аллара, Iедалдайша официалан кхайкхош болчу хиламех кIезиг тешаш болчеран могIанаш шо-шаре мел долу а дукълахь бен, лилха девр долчух тера дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG