ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура нахана Iаткъам бо кампанеша


Нохчийчоь, 2016.
Нохчийчоь, 2016.

Маситта де ду Нохчийчохь, бен-бен тIеман барзакъ дуьйхина ницкъаллин структурийн декъашхой, наггахь машен йоцург, зераш ца деш тIех ца йолуьйтуш, даккхий зенаш динчу зуламхойн лорх кхиа Iалашо лаьцча санна, хьасартне къахьоьгуш болу.

Цара и болх къаьсттина марсабаьккхина мехкадас некъан низам талхочеран хьокъехь дIахьедар хааме даьккхинчул тIаьхьа. «Некъан бакъонаш тергамза юьтучарна таIзар дан догIу. Цара маьршачу нехан дахар а, могушалла а кхерамехь ма латтайо…

Уггар хьалха и дозуш ду мала а мелла машенахь лелачарех. Ницкъала зуламаш дечу талорхочунна а,вехха машенахь лелачунна а юкъахь цхьа башхалла ян а яц- цу шимма а бахархойн кхерамазалла лар ца йо. И санначаьрца вай луьра къийсам балло беза».

Герггарчу барамехь ишта буьрса, харжам ца буьтуш, дIахьедар дина мехкадас низамхойн кхеташонехь. Цул тIаьхьа леррина сиха-орцаллин штаб а кхоьллина, къардайна хьийзаш махкахь ницкъаллин структураш.

Цара къаркъа мийлина галбевлла, я наркотикех беттабелла,машенашна урхалла деш масса зуламхо лаьцна хууш дац,амма сецца бакъ ду дукха бахархошкара, муьлхха а кхечу кIошташкахь беламе а, кIоршаме низам талхош а ларалучу бахьанашна машенаш дIаяьхна хилар-чехкалла, кхерамазаллин доьхка тесна цахилар,лампанаш цалатор, ишта кх. дIа а.

Даьлларг хIума а доцуш некъахой сецабар, доцчу бахьаненна нехан долахь йолу машенаш полицин урхалле дIакхийлар-и дерриге кхузахь керла дац. Кху гIа дужучу беттан 6-чу дийнахь Курчалойн кIоштан БIаьчин юьртахь ша теш хиллачух дуьйцуш ву бизнесхо Шидаев Ваха.

Ваха: «Доьхка тесна дац аьлла сацийна вара БIаьчин юьртахь цхьа шофер. Ша къера ву боху цуо, гIуда а тохий,протокол а яздай ша дIавахийта. Полисхочо вохуьйтур вац боху, машен урхалле дIайига еза. Адам дукха гулделла.

Ша стенна вуьгуш ву отделе, соьгара хIун даьлла? Цул хьайн кехат а хIоттадай дIавахийтахь цо аьлча. Цхьамма эккхийти-кх: «Цунна и яздан хуучух тера а дац!» Валлай шена хаьа аьлла вистта-м ца хилира».

Ницкъаллин структурийн белхоша,шайн хьашт-дезарш луьстуш хьаьвдда лелачу шен махкахошна бух болуш а,боцуш а бечу тIеIаткъамах дуьйцуш волу Ваха шек ву, чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин лаккхарчу тIегIа маьхькIамхошна,буьйранчашна хаа а ца хууш низамхоша шайггара лелош дац низамаш талхор,аьлла.

Цунна гергахь,шайн лааме а бевлла, и дан уьш хIуьттур а бацара. Лула-куларчу а,кхечу мехкашкахь а доцург стенна ду те Нохчийчохь аьлча цу элира.

Ваха: «И харцонаш дIаяха,цхьа низам хIотто лууш стаг хила веза. Ши бIе, кхо бIе машен дIайоккхуш хилча и ца хууш хуьлийла а ма дац. Къайлаха и дерриге хIумнаш леладойла а яц.

Хаа а хууш дуьтуш хилча дIадолийла дуй иза Санехь хIума ма ду иза ахчанаш а дохуш машенаш сецор. Оццул нахех цхьаболчара интернет чукхоьссина,кхечанхьа аьлла нахала ца доккхуш ма дац иза могуьйтуш хиларе терра леладо-кх».

Машенаш дIаяхар хьокъехь соьца къамел динчу Шидаевна моттарехь, полисхоша бIеннашкахь дIа а йохуш, гIуданан лоттийле нехан долахь йолу транспорт дIаюьгуш хилар ца хуийла а дац хаа хакъдолчу министараллашкахь а, низаман гIаролхочунна прокуратурана а, ишта пачхьалкхан куьйгалхошна а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG