ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура проекташна Путине ахча дехна Кадыровс 


Оьрсийчоь-- Путин Владимир (аьрро) Кремлехь цхьаьнакхетта Кадыров Рамзанаца Зазадоккху-бутт 25, 2016.

Оьрсийчоь-- Путин Владимир (аьрро) Кремлехь цхьаьнакхетта Кадыров Рамзанаца Зазадоккху-бутт 25, 2016.

Цхьацца проекташ кхочуш ян Путине ахча дехна Кадыровс. Цу хьокъехь леррина кехат яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Оьрсийчоьнан президенте. Цунах лаьцна яздо "Коммерсант" газето.

Кадыровс дехар дина Путине цхьамогIа мехала хаттарш кхочуш дан гIо дахьара шена аьлла. Царна юкъахь ду Нохчийчоьнан дола «Чеченнефтехимпром» компани дIаялар а, Соьлж-ГIалара аэропорт тояр а, латта текхначу меттигашкара 25 эзар стаг кхечу метте дехьаваккхар а.

2015-чу шеран ГIура-беттан 25-чу дийнахь "Коммерсант" газето хаам бира Путин Владимира тIедиллина Оьрсийчоьнан министрийн кабинетана «Чеченнефтехимпром» Нохчийчоьнан бюджете дIало аьлла Кадыровс дина дехар кхочуш дар. Оццу дийнахь президентан зорбанан серкретаро Песков Дмитрийс бакъдира и хзттар Iедалша дийцаре деш хилар.

"Чеченнефтехимпром» компани дIаялар а, Соьлж-ГIалара аэропорт тояр а, латта текхачу меттигашкара 25 эзар стаг кхечу метте дехьа ваккхар а цкъачунна кхочуш цадеш дитина Оьрсийчоьнан Iедалша. И бахьана долуш Зазадоккху-бутт чекхболуш Кадыровс юха а дехар дина Путине цу хаттаршкахь цхьа йист яккхахьара аьлла.

Президенто тIеделира цу гIуллакхна йист яккхар вице-премьеран Дворкович Аркадийна. Ткъа цо омра делла шен агIор министраллашна кхо-диъ де далале дан дезачух лаьцна кехаташ кечде аьлла, яздо "Коммерсант" газето.

«Чеченнефтехимпром» компанин 51 процент акцеш "Роснефть" компанин долахь лоруш ю. Цу акцешна тIехьа лаьтта бахам бекъар хьокъехь маслаIат карош дац цкъачунна.

Латта текхначу меттигашкара 25 эзар стаг кхечу меттиге дехьаваккхарх лаьцна аьлча, Кадыровс хаам бина Путине 2015-чу шарахь деллачу 2 миллиард соьмах шайн дехьаваккха аьтто баьлла хилар 3869 стаг.

Кадыровс дийцарехь, латтанаш такхар кхераме хIума ду. Цигахь адамаш дайа мегаш ду, катоьхна цигара нах кхечу меттиге дехьа цабахахь. Минстрой а, Минкавказ а министраллаша бакъдира Нохчийчоьнанн бюджетера 2 миллиард сом делла хилар, амма кхин а ахча далар цкъачунна хьехош дац, бохуш яздо "Коммерсанто". Iедалан белхахоша дуьйцу шаьш шайна тIедиллина декхар кхочуш дар Iалашонца болх беш ду бохуш.

Цкъачунна хууш дац Соьлж-ГIалара аэропорт юхаметтахIотторан шолагIчу муьранна ахча лург хиларх лаьцна. "Коммерсанто", шен хьостана тIе а тевжуш яздо, 2017-чу а, 2019- чу а шерашкахь цу хьашташна Нохчийчоьно 7 миллиард сом дехна хиларх лаьцна. Цу хьокъехь шайна хетарг ала дезаш ю аэропортехь белхаш беш дакъалоцу министраллаш, бохуш яздо "Коммерсанто".

XS
SM
MD
LG