ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн боцчу тIаме дIаоьхура нохчий ...


Оьрсийчоь - Дуьненан хьалхарчу тIеман декъашхой-кавказхойr, Петарбух, автор вевзаш вац
Оьрсийчоь - Дуьненан хьалхарчу тIеман декъашхой-кавказхойr, Петарбух, автор вевзаш вац

100 шо кхочу Дуьненан хьалхара тIом иккхина. Кхечу къаьмнашна а санна, нохчашна а боккха тIеIаткъам бина оцу тIамо а, цо Оьрсийчохь бинчу хийцамаша а.

ХIун бахьана дара 1914 –чу шеран аьхкенна юккъехь Дуьненан тIом бала? И хаттар цул тIаьхьа 100 кхаьчча а дуьззина жоп доцуш дуьсу.

Дукхахболучарна хетарг ду, Европера импереш вовшашкара латтанаш, долара колонеш, маьIданаш къийсарца эвхьаз а евллера, шайлахь таронаш юхаекъа хьаьгна а яра бохург. Ткъа тIом боло бахьана делларг хилла Серби-махкахь националиста Принцип Гаврилас Австро-Венгрин паччахьан метта паччахь хIотта веза эрцгерцог Фердинанд Франц вер.

Ша тIама юкъаозаелларг кхо пачхьалкх ю – цхьана агIор вовшашца тIемаш болийна Германи – Ингалсе, шолгIачу агIор – Германи – Оьрсийчоь. Ткъа тIемашка бевлла кхиболу мехкаш хилла оцу кхаа имперех шайн-шайна къастам а бина, юкъаийзабелла.

Оьрсийчоь -- "Акхачу Дивизин" эпсарш-кавказхой, Петарбух, автор вевзаш вац
Оьрсийчоь -- "Акхачу Дивизин" эпсарш-кавказхой, Петарбух, автор вевзаш вац

Оьрсийчоьнан лехамаш тIом болалушшехь бовзийтина хIетахьлерчу оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министран Сазоновн «меморандумо»: Германин, Автро-Венгрин ницкъ лагIбар, цаьргара мехкаш шайн а, шайгахьа йолчу Балкананашкарчу пачхьакхаийн а долаберзор, туркойн Iаьржа хIорда декъах доладар дожор.

Оьрсийн паччахь Николай ШолгIаниг дуьхьал вацара ГIажарийчоьнна тIера Китайн биста кхаччалц мехкаш долаэца. И Iалашонаш кхочушъярхьама массо тайпа кийтарлонаш а, тешнабехкаш а мегара Петарбухна, хIетахьлерчу Оьрсийчоьнан коьрта шахьарна.

ТIемаш буьйлабарцана шен долчу эскаршна тIе керла бIонаш вовшахбеттачу Iедало тергоне ийцира бIешерашкахь шена дуьхьаллаьтташ тIеман доьналла шайн цIийца ийна болу кавказхой.

Оцу юкъанна Нохчийчоьнан экономика а хилла болабеллачу тIамо кегаре еш схьаяхьаш. Соьлж-ГIалин мехкдаьтта духкуш, алссам пайдаэцарал совнаха, иза доккхучу оьрсийн белхалойх кхозлагIа дакъа-м муххале а хилла эскарийн могIаршка хьовсийна.

Оьрсий, гIалгIазакхий тIаме ийзорал совнаха, болийна нохчийн бIонаш вовшахбетта а.

Маца, муха доладелла оьрсаша нохчийн шаьш кхечу мехкашца бечу тIемашка ийзор?

Оцу хьокъехь дуьйцу историн Iилман докторца Вачагаев Майрбекца.

Цхьа нохчий, кхеташ ду, хилла ца Iа оьрсийн эскаршкахь шайгара Маршо дIаяьккхинчу империн дуьхьа синош ца кхоош тIемашка ийзабелла. Иштта долийна Оьрсийн империно ша долаэцначу къаьмнех пайдаэцар.

Дагестанхойх, гIалгIайх, хIирех, адыгех, кхечу къаьмнех а гулдеш хилла Оьрсийчоьно шен эскарш. Стенна, муьлхачу бахьанийца боьлхура кавказхой паччахьна гIуллакх дан дуьйцу Маршо Радиога Дагестанерчу историко Доного Хьаьжмурда. Дуьненан хьалхарчу тIамехь кавказхоша дакъалацар дуьйцуш, шуьйра евзаш йоцу материалаш а гулйина, шен книга арахоьцуш а ву иза кхушара.

Доного: «Иза муха кхетон деза? Цхьаъ делахь, ахча даккха агIо ю иза. ХIунда аьлча, керлачу бIаьхошна дика мах луш хилла. ШолгIаниг – гарехь, ламанхочун амал. Картолаш кхиочу меттана, я ков-керт лелочул, иза товш хир ву карахь тур долуш, говрахь, тIом беш, доьналла гойтуш, иштта дIа кхин а».

Дуьненан шолгIачу тIаме озаеллачу хьалхарчу беттанашкахь долийна оьрсийн империно Кавказехь дошлойн дивизи вовшахтохар.

Оьрсийчоь --"Акхачу Дивизин" бIаьхой, автор вевзаш вац
Оьрсийчоь --"Акхачу Дивизин" бIаьхой, автор вевзаш вац

«Лаьмнех боьлла бу гIебартой, нохчий, гIалгIай, дагестанхой, чергазий. Шеко а йоцуш, пайдабохьур бу цара Карпатийн когашкахь боьдучу тIамна, цундела Къилбаседа Кавказехь вовшахтухуш йолу и дивизи Къилба-Малхбаленан эскарех дIакхетар ю» - яздо 1914-чу шеран гурахь Теркан гIалгIазакхийн штабан буьйранча волчу инарлас Чернозубов Федора Кавказан тIеман гоне хьажийначу кехата тIехь.

Иштта йолалуш ю исторехь кхин дукха теллина а йоцчу «Акха дивизин» («Дикая дивизия») оьмар.

Оцу дивизин хотIах, иза муха, хьанах вовшахтухура дуьйцу историка Доного Хьаьжмурда.

Доного: «Оцу дивизи юкъайогIуш 6 полк хилла. ГIебартойн, шиъ нохчийн, гIалгIайн, гIезалойн, шиъ дагестанхойн – 6 полк. «Акхачу дивизе» кхача гIерташ хилла вуно яккхий цIерш а, таронаш а йолу эпсарш. Масала, Наполеон-Мюрат, гоьваллачу Наполеонан тIаьхьенах ву иза, гIажаройн паччахьан воI Къаджар Фейзулла, Толстой Леван воI Михаил, Италин графаш, Польшин эланаш. ГалгIа хила тарлуш дара Дагестанхойн полкехь, гIебарто – Нохчийн полкехь, дагестанхо – ГIалгIайн полкехь.

Ала деза, цхьана декъанна, оцу тIеман деа шарахь, 1914-чуй-18-чуй шерашкахь, кадрийн шатайпа ротаци а хуьлуш хилла, цхьана полкеранаш кхечу полке а хьийсош. Кхеташ ду, «Акха дивизин» массо а дакъош а хилла Кавказан дивизи, дерриг а вайн къаьмнаш а хилла цуьнан могIаршкахь.

Шен амалехь хIуманаша а лелла оцу дивизехь. Лакхара-лахара цIерш ца хилла, массарех а дошлой олуш хилла. Дошлоша эпсарш базбеш, оьрсийн «Вы» (шу) олуш а ца хилла, «хьо» олуш хилла. Ламанхойн гIиллакхаш а лелла.

Дошлоша ларамбеш хилла шайн хьаькамийн. «Акха дивизин» буьйранча Сийлахь князь Михаил Александрович, паччахьан жимахволу ваша, вуно чIогIа лоруш хилла массара а. ТIаьххьара а, паччахь воьхча а, олуш хилла боху дошлоша, шаьш шайца Кавказе дIавуьгур вара шайн баьчча, олий.

1917-чу шарал тIаьхьа дошлойн кхолламаш кеп-кепара бирзина. Цхьаберш цхьана агIор бевлла, вуьйш царна дуьхьал тIемаш беш лаьттина. Иза трагеди ю. ТIом боьдуш, белшах белш а тоьхна лаьттина уьш, ткъа паччахь воьхча, 1917-чохь Октябран карчам хилча, политикехь бинчу харжамаша къастийна, вовшахбаьхна уьш. Цхьаберш "цIенчаьргахьа" бевлла, вуьйш – "кIайнчаьргахьа". Дукхахберш 30-чу шерашкарчу репрессешна кIел а бахана».

«Акха дивизи» хьахор а кхераме хилла лаьттина историкашна Советийн заманахь. Ткъа иза йирзича кавказхойн патриоташ хIиттина шайн-шайн къомах долчу оцу дивизин дакъоша баккхий толамаш кхачийна Оьрсийн империна бохуш, яздан а, доцурш даржон.

ХIун дакъа кхаьчна цунна бакъдолчун бIаьра хьажча? Жоп иштта го историкна Вачагаев Майрбекна.

«Акха дивизин» бIахой-кавказхой Дуьненан хьалхарчу тIеман аренашкахь жигара хилла а ца Iийна. Боьдуш и тIом а болуш, Оьрсийчоь дакъошка йолуш, революцин карчамаш буьйлабелча, царех хилла шайн къаьмнийн лидерш, политикан боламан бIаьхой. Вачагаев Майрбека дуьйцу оцу хьокъехь.

Оьрсийчоьнан политикан, тIеман хиламашка а ийзабелла хьийзачу бусулба кавказхошна кечдина хилла байIатан кехат. Тамаше хетало, и нах керста болуш санна, цаьрга паччахьна пайде хила чIагIо йойтуш, цара хIара иштта гIарадоккхуьйтуш хилар.

«Лахахь цIеяьккхина волчу ас дош ло, дуй а буу Делах, цуьнан Инжилна хьалха, сайна лаьа Императоран Локхаллана, сайн бакъволчу, дуьнено а тIевиллина волчу Къинхетаме-Сийлахьчу государна императорна Николай Александровична, Ерригоьрсийчоьнан паччахьна тешаме, шалхенаш йоцуш гIуллакх дан...»

Иштта ю бусулбанаша а доьшучу байIатан юьхьиг.

Мел мехала хилла нохчаша, Дуьненан шолгIачу тIаме бахана, цигахь хьуьнарш гайтар, оьший къоман эсан и агIо вайна йовза, я цунах дозалла дан?

Историк Вачагаев Майрбекна иштта хета.

Нохчийчоьнан таханлерчу администрацино шуьйрра тергоне эцна хилам бу Дуьненан хьалхарчу тIамехь Оьрсийчоьнан сий чIагIдеш нохчаша цунна гIуллакх дар. Цунна лерина суьртийн, документийн гайтам бу биллина Къоман билиотекехь, институташкахь, университетехь леррина дуьйцу цунах лаьцна.

Кремлан дола нохчийн мохк юхабалийначара шайна оьшшу пайда оьцу ишттачу барамех. Ткъа къоман оьмарна а шенначул оьшучух тера ду хиллачун-леллачун ларам бар а. Гуш ма-хиллара, цхьабосса а ца хуьулу хьаькамийнний, халкъанний шен историга болу хьажам. Цундела ма-дарра довзаза, маьттаза юьхь-марш а йолуш кхочу бакъдерг хенера хене...

XS
SM
MD
LG