ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн Малхбузе эмиграцин хьалхара тулгIе


Франци -- Дуьххьарлера нохчийн эмигранташ тIeийцира коьртачу декъана Францехь. Париж, Эйфелан бIов.

Франци -- Дуьххьарлера нохчийн эмигранташ тIeийцира коьртачу декъана Францехь. Париж, Эйфелан бIов.

Тахана оха шун тидаме юьллур ю "Адамаш, Хиламаш, Зама" программа. Нохчий эмиграцин хьалхарчу тулгIенах лаьцна ю иза. Кху программехь историн Iилманчо Вачагаев Майрбека дуьйцур ду Оьрсийчохь Iедал карчийнчул тIаьхьа, ШолгIа Дуьненера тIом балабалале Европерчу пачхьалкхашкахь тховкъело карийначу нохчех.

Нохчийн къомах болу дуьххьарлера векалш гучубевлира Германехь а, Францехь а Хьалхара Дуьненан тIом болабеллачул тIахьа. Цу хенахь уьш эмигранташ бацара. Амма цул тIаьхьа Оьрсийчохь Iедал хийцаделла Кавказехь хиллачу хийцамаша бира царех мухIажираш.

Цу хенахь вайнахана юкъахь хьалхара стаг вара вевзаш волу нохчийн хьолада, бизнесхо, политик Чермоев Абдулмежед, Тапа а олу цуьнах. Тапа а, цуьнца хилла цхьаболу нах а лерринчу миссица кхаьчнера Франце. Иза доьзна дара Нохчийчохь а, ерриг а Кавказехь хуьлучу хийцамашца, бохуш дуьйцу Вачагаев Майрбека.

Нохчийн историк Вачагаев Майрбек, Париж, 2012

Нохчийн историк Вачагаев Майрбек, Париж, 2012

Чермоев Тапин гонах лаьцна а дуьйцу цо. Хууш ду Чермоев Тапа ве тIаьхьабевлла лелаш болшевикийн агенташ хилла хилар. Цундела Францин Iедалша герз лело бакъо елла хилла цунна.

Даймохк бита а дезна, шайн пачхьалкхе баьхкина нохчий тахана санна дика тIеэцна французаш. Царна баха меттигаш а елла, болх нисбан а гIоьртина Францин Iедалш. Амма кхолламаш тайп-тайпана нисбелла цу нехан. Цунах лаьцна, архиван кехаташна тIе а тевжуш, дуьйцу историн Iилманчо Вачагаев Майрбека.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG