ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн халкъан дуьхьа...


Нохчийчоь -- Кадыровна гIортор еш Соьлж-ГIалара акци., Дечк. 22, 2016

Нохчийчоь -- Кадыровна гIортор еш Соьлж-ГIалара акци., Дечк. 22, 2016

Малхбузено а, Европо а йозуш йоцу пачхьалкх Оьрсийчоь йохор Iалашонца кху тIаьхьарчу шерашкахь хаьржина объект ю Нохчийчоь аьлла, дIахьедар дина Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна хаам бо vesti.ru (http://www.vesti.ru/doc.html?id=27II343) интернет сайто.

Халкъ дика дахийта жоьпалла шена тIеэца а, кхолагIа тIеман кампани республикехь цахилийта набахте ваха а кийча а ву ша бохуш чIагIдо Кадыровс.

Цу хьокъехь дара оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. Шуна хIун аьлла хета цу хьокъехь? Кхин хIун дича нийса хетар дара шуна Кадыровс нохчийн кIоман барт бан а, нохчийн халкъ кхерамазаллехь хилийта а, иза нийсонца дахийта а? – аьлла дара иза.

Кху хаттарехь шайна хетарг довзийта лууш дуккха а нах бевлира. Царах дукхах берш махкал арахьа бехаш бу. Цу наха буьйцург, уьш муьлуш белахь а, вайн къоман юкъара бала бу. ЛадугIур вай цара дуьйцучуьнга.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG