ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зударийн толам базбира Венехь


Австри -- „Наной экстремизман дуьхьал“ проектан толамхой. 9.Заз.2016
Австри -- „Наной экстремизман дуьхьал“ проектан толамхой. 9.Заз.2016

„Зударий доза доцуш“ цIе йолчу дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетаралло дуьххьара Венехь дIайолийначу „Наной экстремизман дуьхьал“ проектан уггаре а кхиаме декъашхой хилира нохчийн зударий. Дуьненаюкъарчу зударийн дийнахь церан сий деш, даздарш дIадаьхьира Австрин доьзалан министралло а, „Зударий доза доцуш“ цхьаьнакхетаралло а.

Венерчу хьалхарчу кIоштара уггаре а лекха гIишло ю „Винер Турм“ олуш йерг. Вуно исбаьхьа панорама гу цу гIишлон ткъолгIачу гIатта тIера, охьа хьаьжча куьйга тIехь санна Вена а гуш, цу Венехула чекхдолу Дунай хи а гуш. Бакъду, цу исбаьхьаллица ца догIура Винер Турмехь зазадоккху беттан 8-чохь, дуьненаюкъарчу зударийн дийнахь гулбеллачу цхьаццаболчу нанойн шайн а, шайн берийн а кхолламех дийцарш. Белгера еанчу хьашано, Мароккора орамаш долчу Бен Али Салихас шен кIантах лаьцна дийцира.

Кхиаме спортхо, къинхетаме доьзалхо а, ишколехь дика дешархо а хилла волу, иза цIеххьана волавелира хийцавала, бохуш дуьйцу нанас. „Суна иза массо а кхиазхой санна, шен цхьа идентителла лохуш ву моьттура, амма иза радикалан исламхойн тIеIаткъамо лаьцна хиллера“, - боху нанас.

Дипломаш дIалуш.
Дипломаш дIалуш.

Масех кIира а ца делира тIаккха Салихьин кIант Белгера Шема дIавахале. „нана, со кхузахь Шемин халкъан гIо дан веана ву, хIунда аьлча цунна гIодеш кху дуьнентIехь цхьа стаг вац“, - аьлла хаам баийтинера цуо цигара шен нене. Ткъа кхо бутт а балале иза цигахь вийра.

ХIинца, и даима а бIаьргашчохь гIайгIа лаьтта зуда кхечу наношна гIодеш ю, уьш шайн берашца хуьлучу хийцамех кхетийта, уьш сема хилийта. „Зударий доза доцуш“ дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетаралло кхоьллинчу „Нанойн ишколаш -экстремизман дуьхьал“ цIе йолчу проектан декъа ю иза.

ХIинцалца схьа иттех пачхьалкхашкахь кхиаме болх бина йолу и проект даханчу шарахь дуьххьара Австрехь а йолаелира. Венехь бехаш болу нохчийн зударий - наной а бара проектан хьалхарчу декъашхойх. Кхаа баттахь герга кIиранахь цкъа масех сохьтана вовшахкхетачу наноша, зеделлачу тренершца цхьаьна болх а беш, Iамадора, кхиазхойн халчу хене девллачу шайн берех дикох муха кхета йиш ю, цаьрца хуьлуш болу хийцамийн тидамаш бар мел мехала ду, нагахь санна бер хийцадала доладеллехь, цуьнца мича кепара къамелаш дан деза, иза къахка а ца деш, я цунна кхерамаш а ца туьйсуш, мелхо а, цунна шен нанна ша муьлхачу а хьелашка сил дукха дезийла дIа а гойтуш, - уьш а, и саннарг а хеттарш дара „Нанойн ишколехь“ вайнехан зударша, кхечу къаьмнехчара шайн тобанашкахь санна, дийцаре динарш.

Цу проектехь дакъалоцуш хиллачех цхьаммо, Сатуева Сацитас дийцира Маршо радионе, шена „Нанойн ишколо“ Iамийначух лаьцна.

Сатуева Сацита: „Ларвала везийла, алсам берийн терго ян езийла а, даима а кийча хила езийла а Iемина суна. Дуккхаъ кхинболу нохчийн зударийн а бевзира суна цигахь, нахана тIеIитталуш долу хIумнаш а девзира. Суо сема хила езийла хиира суна цигахь дакъалацар бахьана долуш“.

Нохчийн зударий шен цхьаьнакхетаралло кхоьллинчу проктан хьалхарчу дакъалацархойх, иза хьалхарчех кхиамца чекхйаьккханчех хилар гуттар а мехала хета шена бохуш дийцира Маршо радионе евзаш йолчу Австрихойн социологин Iилманчас „Зударий доза доцуш“ цхьаьнакхетараллин куьйгалхочуо Шлаффер Эдита. ХIунда аьлча Австрехь, хала хеташ делахь а, дика цIе йоккхуш яц нохчийн диаспора, ткъа ишттачу кхиамечу зударша гойту, нохчийн диаспорин потенциал.

Шлаффер Эдит: „ЧIогIа хаза тIеIаткъам бо цу зударех схьайогIучу позитивечу Iаьно. Нохчийн Австрехь цхьа мелла проблечу тобан лейбл лелош бу. Ткъа суна хетарехь, вайгахь ницкъ тоа беза, цу проблемашна тIехьа лаьттарг хIун ду хьовса“.

Наной, къаьстина нохчийн наной, шайн берех дикох кхетийта гIодеш йолу проекташ мел мехала ю бохург дика хаа Венин яхархочунна Алтемирова Зарганна. Ши шо хьалха радикалан ислахомхоша тIеIаткъам а бина, джихадехь дакъалаца новкъаваьллачех ур-атталла ша воьдучу дIа а кхачале, кIелонна тIе а нисвелла вийра цуьнан 19 шо долу кIант.

ХIинца „Нанойн ишколаш экстремизман дуьхьал“ проектехь кхечу нохчийн наношна шен къаьхьа зеделларг дуьйцуш, царна шайн бераш лардан Iамийта гIерта иза.

Алтемирова Зарган: „Шортта зударийн лазамаш буйла а хиира суна, сайн санна. Со санна, бераш дайна а, дайъина а зударий буйла а хиира. Хьалхехь, сайн кIант дийна волчу хенахь суна иштта меттиг карийна хиллехь, суна хаа там бара, сайн кIантаца хIун мотт бийца беза, соьга иза ларвала а мегар. ЧIогIа пайдехьа хета суна ишттачу меттигашкахула зударийн вовшашца уьйраш хилар“.

Австрин доьзалан хьаштийн министр а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Австрера векалтан белхахой а, Европехь цхьаьнаболхбаран а, кхерамазаллин а цхьаьнакхетараллин векалш а, ткха иштта дуккха а лакхарчу даржашкара хьукматхой а, журналисташ а гулбеллера проектехь дакъалаьцначу нохчийн зударий базбечу цхьаьнакхетаре. I5 зудчуьнна курсаш чекхйахар тIечIагIдеш долу сертификаташ деллачул тIаьхьа, царна лерина банкет а дIаяхьира Венин уггаре а хазчех гIишлон кхерчахь.

Ала дашна, цу проектан шозлагIа дакъа тIебогIучу охан баттахь дIадолалур долуш ду.

XS
SM
MD
LG