ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ШайтIанан зурма" ма хилахьара Евкуровн телефонах...


ГIалгIайчоь -- ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек шен дегIлардархочуьнца резиденцера араволуш ву, Магас, 2012, бIаьсте.
ГIалгIайчоь -- ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек шен дегIлардархочуьнца резиденцера араволуш ву, Магас, 2012, бIаьсте.

Саготта бу кху деношкахь гIалгIайн Iедалх йоцчу юкъараллашкара белхахой – Оьрсийчохь дΙаболийна Ιедалх йоцчу хьукматийн садукъдаран болам кхаьчна цига. ГΙалгΙайчохь шаьш алссам юкъараллаш дΙакъевлина, аьлла, хаам баржийра деношкахь махкарчу федералан кхерамзаллин урхалло (ФСБ-но). ХΙун юкъараллаш ю дΙакъевлинарш? Мел маршо юьсу бухабитинчарна? Оцу хеттаршна жоп лехира Маршо Радионо.


Дуьххьара и хаам баржийра кIира сов хьалха Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервисан ГIалгIайн махкарчу урхалло. Цигара арадаьллачу дIахьедаро хаам бора, дIакъевлинчу юккъараллашна бехкедан тарло цара кхечу пачхьалкхашна болх бина хилар а, дозанал арахьара ахчанаш эцна а, бохуш. Цул совнаха, кхечу пачхьалкхашна къайлах информаци латтийна хилар а дара царна тIехтухуш.

И хаам гIарабаьлча, дийцаделира нахалахь, ГIалгIайчохь дIакъевлинарг 20 цхьаьнакхетаралла ю, аьлла. "Мемориало" къастор дийхира дIакъевлинарш муьлхарш ю. Амма кхоччуш жоп ца делла цунна. Делахь а къаьстина къайлахчу сервисо дIакъевлинчу хьукматийн терахь 20 ду бохург бакъ доцийла.

Чекистийн меттана республикан юстицин министралло хаам бина, дIакъевлинарш 5 бен яц, аьлла. Царалахь яц адамийн бакъонаш ларъярехь болх беш схьайогIучех цхьа а. Иза тIечIагIдо гIалгIайн бакъонашларъярхочо Сакалов Арсена а. Маршо Радиона тоьшалла а дира иштта.

Сакалов: «Суна хууш, цхьа а цхьанатохаралла, кхелан сацам а хилла, суьдхоша дIакъевлина яц. Цхьацца проблемаш яра «Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитетан», Бадалов Руслан ву цуьнан коьртехь. Амма хIинца цуьнга а ца боху хIумма а. Юстицин министралло а ца боху, уьш дIакъевлина ю. ХIинца церан сайте хьоьжуш Iа со. Кхузахь а дац цунах лаьцна дуьйцуш цхьа а хIума. Хьалхо кхузахь дIакъевлира гуманатаран бкъараллаш. Уьш хила а там бу цара юьйцурш. Амма уьш а яцара цара къевлина. Бакъду, контракт дIа ца яхйира царна, цундела уьш кхузара дIабахара. "Данин комитет", "Дозу доцу лоьраш" - ишттанаш ю ас юьйцурш.

Маршо Радио: Ткъа дуьххьарлера и дIахьедар, 20 юкъарло къовлу, аьлла, хIунда дира, хьуна хетарехь?

Сакалов: «Суна сайна а хууш дац иза. Кхеташ вац цара лелочух. Официало болх сацош хилча а, кхелан сацам хила беза. Суна хууш, хилла бац и тайпа цхьа а сацам. Суна хетарехь, шеран жамI деш, кхайкхийна хила там а бу. Иза юстицийн министралло дина дац, ФСБно дина. Цуьнан дезде ма дуй. 20 шо кхочуш. Цунна дина хила мега».

Къайлахьчу сервисан куьйгалхой башха хаамийн гIирсашца тIекаре йолуш ца хилла цкъа а. Аммма шаьш дIакъевлина бохучу оцу цхьанатохараллех лаьцна хаам бинчу гIалгIайн мехкан урхаллан куьйгалхочо Серышев Юрийс кхиъ цхьа тидам тIеберpош долу дIахьедар а динера. Цо бахарехь, республикан Iедале бахка луучу ницкъашлахь тIемалой а тIехь бу. Республикан куьйгалле хIитта гIерта уьш, бюджетан дола дархьама, гIурт эккхийта гIерта кхузахь, аьлла даржийра Серышевс.

Шен хьажар ду гIаттамхошца латто безачу къийсаме ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан. Ницкъ духьалбаьккхина латтор саца а ца деш, цаьрца дийцаршка вала веза ша, маьршачу дахаре уьш юхаберзон хьажа веза, аьлла хета цунна. Оцу Iалашонца цо оршотдийнахь гIараьякхкина интернетехь шен, аьлча шен цIарх болх бен болу мобилан телефон. Цуьнца зIене ваьллачу тIемалочунна, Евкуровс дош делла, низамал совдаьккхина таIазар ца деш, аьтто бийр бу ша тIамах мукъавала, аьлла.

...Амма телефон схьайиллинчу духхьарчу дийнахь ваьлла-м вац Евкуровца, я цуьнан агIонца зIене цхьа а гIаттамхо.
XS
SM
MD
LG