ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирма юхаерзон дагахь ву Трамп


Обама Барак Iамеркан президентан даржехь лаьттина хан «катастрофа» яра аьлла республиканхойн партино харжамашкахь дакъалаца хьалхатеттинчу кандидата Трамп Доналда. И дIахьедардина Трампа Обамас шена президенталла дIакхехьа кечам бина вац аьллачул тIаьхьа. «Обама дукха мела вара, ша ледара хилар цо гайтина. Хила мега иза пачхьалкхан исторехь уггар а вон президент» аьлла Трампа шинарийдийнахь Fox News хаамийн агенталле.

«Хьовсийша Украине. Обамас юьйцу цигара конфликт, дуьйцу Кремлца ша шога хилар а, ткъа оцу юкъанна Оьрсийчоьно долаерзийра ГIирма», боху Трампа. ГIирмина аннекси яр ша юха кегор ду, нагахь санна, ша президент харжахь аьлла, Трампа дина дIахьедар ца тайна, бехк баьккхина республиканхоша шаьш къобалвинчу кандидате Трамп Доналде.

Лахьан-беттан 8-чу дийнахь дIабахьа билгалбаьхна Iамеркехь президентан харжамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG