ТIекхочийла долу линкаш

Обама: Путин хестош волу Трамп хьакъ вац президент хила


Лаос - Iамеркин президент Обама Барак а (аььто), Лаосан президент Буньянг Ворочит а. Вьентьян, Лаос. Гезг. 6, 2016.

Лаос - Iамеркин президент Обама Барак а (аььто), Лаосан президент Буньянг Ворочит а. Вьентьян, Лаос. Гезг. 6, 2016.

Оьрсийчоьнан президент хестош волу Дональд Трамп пайда боцуш а, бодане а стаг ву аьлла дIахьедар дина Iамеркин президенто Обама Барака.

Лаосехь визитаца волчу Обамс элира Республикан партин цIарах Iамеркин президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу кандидат Трамп вист хуьллушехь гуш хуьлу иза кхетам боцуш хилар аьлла.

- Суна ца хета и стаг тоъал квалификаци йолуш ву аьлла, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хила. Иза вист мосузза хуьлу и суна хетарг бух болуш карадо суна, - элира Iамеркин президенто.

Еарин дийнахь Трампа дIахьедар динера, Обамица вуьстича, гIоле куьйгалхо хиларан тоьшаллаш Путинехь алсам го шена аьлла.

- Иза кхин система ю, соьга алалур дац и система суна гIоле хета аьлла, амма гуш ду цу системехь иза (Путин) алсамчу барамехь лидер хилар, вайн президентал а, - аьлла дIахьедар дира Трампа.

Цо дийцарехь, президентан харжамашкахь толам баккхахь вуно дика юкъаметтигаш хилийта дагахь ву иза Путинца а, Оьрсийчоьнца а.

Еарин дийнахь Трампана вуно луьра критика йира Демократин партин цIарах Iамеркин президентан харжамашкахь дакъалоцуш йолчу кандидато Клинтон ХIилларис.

- Республикан партин цIарах Iедалан дарж дIалаца луучу хIора стаге хаттар дала деза, Трампа дуьйцучунна реза ву хьо аьлла, - бохуш яра Клинтон.

- Иза мехкан бала боцучу стеган ойла хилла ца Iаш, иза вайн бахархой а, вайн тIеман коьрта буьйранча а сийсаз вар ду. Иза кхераме ду, хIунда аьлча, иза (Трамп) дагахь ву Путине шена луъург дойтуш Iад Iан, - элира Клинтон ХIилларис.

XS
SM
MD
LG