ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Федерала гуонан куьйгалхочун гIовс хIотта там бу Байсултанов Одес


Нохчийчоь -- Хлопонин Александр (Аьр., цунна тIехьа гуш ву Байсултанов Одес), Кадыров Рамзан а (Аьт) Сийлаллин Аллейхь гуттар йогу цlе латош, Соьлж-гIала, 09Сти2010
Нохчийчоь -- Хлопонин Александр (Аьр., цунна тIехьа гуш ву Байсултанов Одес), Кадыров Рамзан а (Аьт) Сийлаллин Аллейхь гуттар йогу цlе латош, Соьлж-гIала, 09Сти2010

Нохчийчоьнан премьер-министр Байсултанов Одес балхара дIаваьккхина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Еарин дийнахь дуьйна иза балхахь лоруш вац. ХIинца жигара дуьйцуш ду, Байсултанов Одес дехьавала мегачу белхан даржах лаьцна.


Цхьа бутт хьалха, бакъ доцу эладитта санна дийца долийна дара, Нохчийчоьнан премьер-министр Байсултанов Одес кхечу, лаккхарчу балха ваха мега бохуш. Бух мичара бу ца хуучу, хьосташа дийцарехь, иза Къилбаседа Кавказан федералан гуонан куьйгалхочуьн Хлопонин Александран хьалхара гIовс хIотта мегаш ву.

ХIинца а и хаам цхьаммо официала къобалбеш бац. Амма меттигерчу Iедалшна уллерчу хьосташа чIагIдарехь, Байсултанов, шен балхара садаIа хан а эцна, цига кхин гучуволуш вац.

Нохчийчоьнан Iедалийн гуоно, пIераскан дийнахь делкъала тIаьхь даре дира, Байсултанов балхара дIавоккхуш документан кIел республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьг тIайийна аьлла. Цигахь хIокху беттан 19 де ду. Оцу хьостано бахарехь, билгала хууш дац, Байсултанов Одес Хлопонин Александарн хьалхара гIовсан метта воьдуш вуйла. Амма дукха хан йоццуш оцу даржехь деххачу шерашкахь лаьттина волу Вагапов Сулейман дIаваьлла шена лаамца оцу балхара.

Нагахь санна дуьйцург бакъ хилахь, керлачу балхахь Байсултанов Одеса урхалла дийр ду, Оьрсийчоьнан уггаре а лазаме йолчу, федерала гуонан социала-эконоамикан хьашташна.

Ишшта, къастонза дуьсу, иза Нохчийчуьра цуьнан шича волчу республика куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIавахийтар бахьанаш а. Цхьацца, юха а тIаккха а бух боцу къамелашка ладоьгIча, иза цунна башха реза ца хилла. Мухха а делахь, дукхах болчу тергамхоша чIагIдеш дуьйцу, Нохчийчуьра Пятигорске болх бан дIавахча, Байсултановс доккха са доккхур ду бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG