ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъахьовзамашкахь цхьа стаг вийна, ши зуда лазийна Нохчийчохь


Лаххара а ши новкъахьовзам хилла кху тIаьхьарчу дийнахь-бусий Нохчийчохь, хаам бина chechnyatoday.com сайто. Соьлж-ГIалахь «Тойота Камри» машен тIетоьхна 24 шо долчу гIашлочунна. Дуьхьал йогIучу машенна къелвахана иза. И бахьана долуш шима стаг велла.

ШолагIа некъахьовзам хилла «Кавказ» некъа тIехь Гуьмсан кIоштара Джалкана гергахь. Вовшахкхетта ВАЗ-217073 а, Лада-217050 а олу ши машен. И бахьана долуш лазийна ши зуда. И шиъ дарбанан хIусаме дIакхачийна.

Полицино дIахьош бу таллам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG