ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь оьрсаша дуьйцуш дара Шемарчу Латакия цIе йолчу провинцехь болу нохчий "Исламан пачхьалкх" тобанан дакъа ду бохуш. Иза леррина дина дара. Шемара ерриг а Асад Башаран дуьхьал йолу тIеман тобанаш цхьаьнайеттар леррина деш ду оьрсаша цу махкара конфликт юьйцуш.

Оьрсийчоьнан Iалашо ю Шеман президент Башар Асад цу даржехь висийтар а, Гергарчу Малхбалехь шен таронаш чIагIъян гIортар а, цигахь Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташна дуьхьал латтар а.

Цу Iалашоне кхача «Исламан пачхьалкх» олучу тобанах лаьцна дуьйцуш Москохо юьхьарлаьцна масийтта хIума ду.

Москохан пропаганде ладоьгIча Асадаца къийсам латтош йолу тобанаш ерш аьлча санна кхечу пачхьалкхашкара террорхойх лаьтташ ю, цхьа а лортIехь болу гIаттамхой цигахь банне а бац.

Стохка Оьрсийчоьнан дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашкахь волчу векало Бородавкин Алексейс дIахьедар дира, Женевехь «Маьрша Шеман Арми" тоба яц аьлла.

Кхузахь цхьа дакъа бакъдерг ду. Шеман къилбаседехьа а, юккъерчу а кIошташкахь тIемаш бу бусулба гIаттмхойн тобанаш ю. Цхьайолчу тобанашна юкъахь, масала Al-Nusra Front «Нусран фронт» а, махкал арахьара баьхкина тIемалой бу салафиташ олу нах.

Карзахе боцучу тIемлошна гIо дан гIоьртира Iамерка дуьххьара. Амма цуьнах ма-моьтту гIуллакх хуьлуш дац. Зазадоккху-баттахь Iамерко герз делла нах дIасабевлира, ткъа Iамеркахоша кху кIиранах дIахьедар дира, шайн говзанчаша тIеман говзалла Iамийначу 5 стагах 4 стаг бен тIом беш вац аьлла.

Амма карзахе боцу гIаттамхой хIинца а ницкъ болуш бу Шемахь, къаьсттина Урдан-пачхьалкхан лерринчу сервисийн белхахой жигара болчу цу мехкан къилберчу кIошташкахь.

ШолгIа. Москохо чIагIдийриг ду исламистийн тобанаш Шема-пачхьалкх хIаллак ян гIерташ ю бохург. Цундела Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрна Лавров Сергейна хетарехь, и тобанаш хIаллак яр коьрта ду Асад Башар даржах вохо гIертачул а.

Мелхо а, Оьрсийчоьно юх-юха а дIахьедарш до, «Исламан пачхьалкх» тобанца дIахьочу къийсаман дакъа хила деза Асад Башар бохуш. Оьрсашна хетарехь, Асадан эскархой «уггаре а эвсара ницкъ бу лаьттахула тIеман операцеш дIахьош».

Оьрсийчоь лууш яц дуьненаюкъара коалицин декъашхо хила иза бакъонаца а яц ( иза вовшахтухуш Асадера бакъо цаяьккхина), ледара а ю аьлла.

Оьрсийчоьнна хетарехь, Шемара гIаттамхой Асадан ницкъех дIакхета беза «Исламан пачхьалкх» тобанна дуьхьал латта. Кху беттан 16-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан хаамийн агенталлана интервью луш, Асад Башара кхайкхам бира гIаттамхошка, шена дуьхьал летар а дитий, мостагIий эшош гIо де шена аьлла. Иза хир доцуш долу хIума хила мега, амма иза Асадан керла тактика ю.

Цул сов, Оьрсийчоьнна хетарехь, Шемахь хуьлучунна жоьпаллехь ю Малхбузе. Москохо а, Димашкъо а бехке йо Малхбузе Асадана дуьхьал йолчу тIеман тобанашна гIо дарна.

ТIехула тIе Оьрсийчоьно дIахьедарш до «Исламан пачхьалкх» тобанца къийсам латто чIагIйеш ю шаьш Латакаия гIалара тIеман база бохуш. Дукха хан йоцуш, Таджикистанехь вист хуьлуш, Оьрсийчоьнан куьйгалхочо Путин Владимира дIахьедар дира, шаьш Шеман Iедалшна гIортор йеш ду терроран тIелатар юхатоха аьлла.

Исламан пачхьалкх кхераме ю, амма Латакия провинцехь Асадан нницкъашна кхерам бохьуш ю цу тобанца йоьзна йоцу тобанаш. Ала дашна, царна юкъахь ю нохчийн къомах болчу нахах лаьтташ йолу тIемалойн тобанаш а.

Шема шен бертахо йисийта Оьрсийчоьнан аьтто бара, цо Малхбузенеца барт бича, иза дахь Асадан дарж дита дезар далахь а. Асадан Iедал диса мегаш дара цигахь.

Ткъа цу Iалашоне кхача цхьа некъ бу Оьрсийчоьнна : Вашингтон а, цуьнан бертахой а тешо гIортар иза оьшуш ду "Исламан пачхьалкх" тоба эшо бохучух.

XS
SM
MD
LG