ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнца шен политика хуьйцур яц Евробарто


Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министр Могерини Федерика.

Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министр Могерини Федерика.

Евробертан Оьрсийчоьнца йолу политика хийцалур яц, Трамп куьйгалле веанчул тIаьхьа Цхьаьнатоьхначу Штаташа Кремлаца тIекаро алсам яккхахь а. Иштта дIахьедар дина Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министр йолчу Могерини Федерикас.

Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца шен озамбезам хилар лачкъош воцу Трамп Доналд Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент харжаро шеконаш кхоьллина Малхбузехь, кхин дIа Оьрсийчоьнца а, цу пачхьалкхан арахьара политика, уггаре а хьалха Украиница а, Шемаца а йоьзна йолу, бахьана долуш цунна дуьхьал яьхначу санкцешца а муха некъаш лаха дезар ду те бохучунна тIехь.

Нагахь санна цхьаццаболчу аналисташа а, политикаша а, масала, Германин вице-канцлер волчу Габриэл Зигмара санна, гергарчу хенахь Iамеркерчу тIеIаткъамца а, реал-политикан барамашца а, Кремлаца йолу юкъаметтигаш юхаметта ца хIиттийча евра яц бохуш чIагIдахь, кхечара Путинан урхалло шен Украиница а, Гергарчу Малхбаленца а йолу политика хийцалца цуьнца долчунна тIехь хьалхалера йовхо хила йиш яц боху.

Цу тIаьхьарлерачарех ю Евробертан арахьарчу гIуллакхийн лакхара векал Могерини Федерика а ю. Цо кIиран сарахь дIахьедар дина журналисташка, ур-атталла Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн Оьрсийчоьнах йолу позици хуьйцуш хилахь а, Цхьаьнакхеттачу Европано шенарг хуьйцур яц, аьлла.

Трамп Доналда президентан хардамашкахь толам баккхар дийцаре дан гулбеллачу Евробертана юккъейогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министаршца цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа прессин векалшка ша йистхуьлуш цо дийцира, хIинцачул тIаьхьа Вашингтонан а, Малхбузерчу Европин а юкъаметтигашкахь хила там болчу хийцамех лаьцна.

„Оьрсийчоьнах долчух аьлча, шуна хууш ма-хиллара, цу пачхьалкхено низамца а доцуш ГIирма ахгIайре шен долаяккхаран хьокъехь а, Украинерчу хьолан хьокъехь а Евроберто юхьаралаьцнарг вуно принципиале позици ю. Иза хийцалур йолуш а яц, кхечу пачхьалкхийн позицеш хийцалуш хилахь а“, - элира цо, немцойн ДПД хаамийн агенталло ялочу цитатица.

Цуьнца цхьаьна Евробертан коьртачу дипломато билгалдаьккхира, Цхьаьнакхетта Европа Оьрсийчоьнца кхечу цхьа могIа хеттаршна тIехь кхиаме цхьаьнаболх беш хилар, масала, ГIажарийчоьнца заррат герзийн хьокъехь болчу бартана тIехь а, Либерчу хьолаца доьзна а, терроризман дуьхьало ярна тIехь а.

Цул совнаха, Шемарчу чолхечу хьолахь а Евробертан институцеш Оьрсийчоьнца цхьаьнаболхбар саца ца дан гIерташ къахьоьгуш ю, дуьненаюкъарчу Шемина белшашгIорторан тобаца цхьаьна, Малхбузенан а, Кремлан Шемахь лаьттачуьнга болу хьежамаш мел вовшашна бIостанехьа белахь а, элира Могерини Федерикас.

Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш конкрете шега хаьттича, Могеринис элира, уьш цкъачунна шайн рожехь дIайоьлхуш ю, карарчу хенахь нуьцкъалехь йолчийн хан чекхйаьлла а яц, санкцеш малйар я яххане а дIаяхар Кремло Украинин хьокъехь Минскехь бина барт кхочушбарца цхьаьнадоьзна ду. И барт кхочуш ца беш мел лаьтта, санкцеш юхаяхар дийца хьалхехь ду, аьлла.

Евробертан нуцкъалчу пачхьалкхийн куьйгалхоша, шайна юккъехь немцойн канцлер Меркел Ангела а, Францин президент Олланд Франсуа а волуш, тIаьхьарчу деношкахь динчу дIахьедаршкахь а хезаш дара, Кремлан дуьхьал ши шо хьалха яьхна йолу гIулчаш малйийр ю бохург хьехон бахьана доцийла.

Германерчу аналисташна а хета изза. Иштта, масала, Дойче Велле агенталлина ша язйинчу артиклехь вевзаш волчу политолого Эггерт Константина Кремлерниш дукха хьалхе баккхийбеш лору, Трамп Доналд президент харжарх.

„Трамп Путинца совтIех готта юкъамегаш кхолла волалур вац, шена царех билгал цхьа боккха пайда хир буйла гуш ца хилахь. Цо цкъа хьалха ладугIур ду, Москох ша хIинцалца схьа кхочуш ца деш латтош долу шена тIеэцна декхарш кхочушан йолало я ца ло. Ткъа Москох цу хIуманна хIинца а кийча яц“, - бохуш яздо цо.

Политолог Чапханов Руслан а ву, Трамп Доналд президент харжарца сел дукха сатийсамаш Оьрсийчоьно бозар эрна хетачарех. Цо дийцарехь, Трампо хIинцалера статус-кво ларйийр ю.

Чапханов Руслан: „Iамеркан, Оьрсийчоьнан юкъаметтиг соьга хаьттича, кхин чолхе а ер яц, амма кхин толур а яц. Трамп Доналд башха арахьарчу политикана тидам а ца хьежош, бизнес а, чоьхьара гIулчаш а тоян гIуртур ву. Ткъа иза ша шегара санкцеш дIаяха гIортахь, Конгресца цу тIехь барт бан дезар ду цуьнан. Ткъа Конгрессехь цуьнан мел дукха агIончаш белахь а, вукху шена дуьхьал болчу конгресхошца ехачу хенахь и шен лаам къийса дезар ду цуьнан“.

Цу юкъана Беларусин президенто Лукашенко Александро а дIахьедар дина, Трамп харжар хьокхехь Оьрсийчоьнан урхаллехь даккхийдарш латтарх ша кхеташ вац, аьлла. „Нагахь санна цхьаъш самукъадаьлла белахь, сан ала ду цаьрга – Трамп совгIат дац шуна“, - аьлла Лукашенкос, Беларуссерчу Белта агенталло дийцарехь.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG