ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чаплин Всеволод: Керстанаш а, бусулбанаш а ламастийн нах бу


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Патриархатан куьйгалхойн могIарера мозгIар Чаплин Всеволод, Москох, 21Оха2012
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Патриархатан куьйгалхойн могIарера мозгIар Чаплин Всеволод, Москох, 21Оха2012

Ша-тайпа, фантазех хIоттийна, Оьрсийчохь адамаш вовшашка лараме ца хилахь, пачхьалкх юхучу кхочург хилар гойтуш, «Машо а, черчий а» цIе тиллина дийцар арахецна дика вевзаш а, Оьрсийчоьнан патриархатехь лаккхарчу даржехь волчу а мозгIаро Чаплин Всеволода.

Хуьлда уьш молланаш я мозгIарш, доккхачу декъанна шатайпа пропагандисташ а, агитаторш а бу уьш - шайн-шайн деланийн дош чIагIдеш беха. Амма наггахь а вац ша дечу даIваташна юккъехула литературехь куьг шардийриг.

Оцу маьIнехь башхалла йоллу мозгIарца, Оьрсийчохь керста динан дайх хьалхарчех волчу Чаплин Всеволодца.

Цуьнан литератерера псевдоним Арон Шемайер ю. Яздо парггIат. Маьттазчу дешнех кIезиг ларлуш. Амма оцу хьокъехь хаьттинчу журналисташна жоп ло, ша кхин тIех а ца волу эвхьаза дешнех йозанашкахь пайдаоьцуш, олий.

«Машо а, черчий а». Боцца чулацам. Керлачу технологеша тодинчу Iуьргахь-гIутукхахь дехаш ду я борша а, я сте а доцу адаман хьесапера биодийнат.

Кхечу, ша а санна, тIекхаьчначу 2043-чу шарерчу Москохарчу бахархойн а бу изза битамаш. ТIом бу гонах боьдуш. Сексуал-демократин Карчам чIагIбеш бу цхьаберш. Черчий хилла, царех лета кхиберш, кхолагIа агIо ю цу массарех тийсалуш, цIий Iенош – муслешший, бежанан хьесапе йирзина «быдлошший». Муслеш бусулбачех олу, быдло – царех дIа а кхетта, Москох Оьрсийчоьнах тIаьххьара дисина Iедал дохош тIемашбечарех.

Оцу доллучун а хьокъехь иштта хилира тхан Чаплин Всеволодца къамел.

Маршо Радио: Всеволод Анатольевич! Тхан кхетамехь, ахь чIоггIа кхетамах хьакхалуш болх арахецна. 2043 шо. Машо-биообъект. Черчий. Мусли а, бежанаш а. Маьрша Оьрсийчоь. Москох конфедераци. Сийлахь Сексуал-демократин Карчам....Хаттар. ХIун хьал тIехIоттахь, муха Оьрсийчоьнан бахархой дIалелахь и драмматикалле сурт дан мега дахаре? Буй и кхерам?

Чаплин: «Иза кхин хIара аьлла литература а ца лору ас. Ала тарло цунах шатайпа сценарий. Оцу сайн псевдонимца хьалха ас язйиначух а ала дац «литература». Я профессионал-яздархо а, я йозанаш дан похIманча а ас со ца лору.

Делахь а, сценарий хила тарлуш ю аьлла гойтуш ю-кх. Иштаниг хила тарло, нагахь санна нахана хьекъал, лазам, кхетам ца тоахь. Ас элита йийцина ца Iа, могIара нах а буьйцу, дукха хьолехь чолхечу къамелца дийца ца хаахь а, шайца синан цIаналла хила догIурш.

Коьрта хIун ду? Оцу оьздачу могIарерчу нехан доккхачу декъехь Iедалехь а, синбахамаллехь а, бизнесехь а, хаамийн гIирсашкахь а, иштта кхидIа а дечунна тIеIаткъамбан таро хилар ду коьрта».

Маршо Радио: Ши сийлахь дин – Ислам а, Керстаниг а вовшашца бертахь, гармонехь дахийта хIун хьелаш оьшу? Иза деш, аьр вай, оьший-те, масала, Путинан цIарх маьждиг хIотто, иза-х цхьа а дош доцург ду, ткъа карабойла дац пачхьалкхехь юкъаметтигаш тоян хьекъале некъаш?

Чаплин: « Вайн бусулбанаш а, керстанаш а тоъал дика кхета вовшех. Бакъду, Деле болу хьажамаш кеп-кепара бу, я оьшуш а дац уьш цхьаьнабетта, я тешаш болу нах цхьана кхетаме бало гIерта. И тайпа некъ дукха хьолехь хьоьху рицкъан, могашаллин, кхечу дахаран агIонийн дуьхьа бохуш, ткъа и хIуманаш-м ду адамна Далла тIекхача новкъарло еш.

Мухха а делахь а, Делах теша нах – уьш ламасташкахь беха нах бу. Уьш Дала хIиттийна Даиманен хазанаш юйла хууш нах бу, царна хаьа шаьш ламаз ца дича ца довлийла. И нах хийцалуш бац, шайх и бахьанехь кхин нах къехка боьлча а, цара шаьш дIатетта болийча а. Оцу маьIнехь церан мехаллаш чIоггIа лаьтта цаьргахь.

Ишта аьлча, керста нах а, бусулбанаш а дикка герга бу вовшашна. Царна цу тIехь даима а хиина шайн дозанаш декъа а ( хууш ду, Оьрсийн Имперехь цхьаболу мехкаш ШарIаца баьхна, вуьйш – шогга православин низамехь, ткъа цхьайолу меттигаш, Москох, Пктарбух, къаьсттина Петарбух, дуьненан хIуманашна тIера хилла).

Иза ду аьлла а хета суна кхидIа дуьненна пайде. ХIунда аьлча, шина хьесапехь ехаш ю цу чохь ши социум, цара вовшийн лара а еза.

Маршо Радио: Ахь Соьлж-ГIалахь миллион адамо Пайхамарна Мохьаммадна дуьхьал карикатураш яхкарна хIоттийна митинг къобалйира. Стенна, хIун ойла йолуш лецира ахь и агIо, иза хьан кхетам бу я шатайпа, аьр вай, «политика» ю?

Чаплин: «Кхузахь стенна хьехабо сан сайн кхетам? Билггал гущ ма ду, Оьрсийчохь дукхаболу керстанаш билггал дуьхьал бу деза ламасташ, еза цIерш сийсазъярна. Тхан доглозу террорехь байинчех а, тхо реза ду терроризмаца Iедало къийсам латторна а. Цхьаммо а къобал ца йо терроризм.

Иштта къобал ца до я керстанаша а, я бусулбанаша а (хила-м тарло, цхьа наггахь, цхьа мозгIар, ши-кхо публицист) «синбахамаллехь йоху гIулчаш» олу еза хIуманаш, еза цIерш сийсазъен некъаш. Уьш низамна дуьхьал беш лара догIу, дешан а, даран а маршонаш а ма юй шайн дозанаш долуш. Дуьненаюкъарчу низамаша а ма къастадо ишта. Иза-х даций цхьана стеган я цхьана тобан гIуллакх, иза юкъара гIиллакх а ма ду.

Делах тешачу стагна шен дахарал а деза долу хIуманаш, цIерш ларъяр низамашкахь а хила деза Iалашдина. Оцо ларбийр бу машар. Оцу агIор чIагIонаш Оьрсийчоьно кхоьллина.

Шуна хууш ду-кх, Оьрсийчохь динан йийбар, мехалаллаш сийсаздар дихкина дуйла. Хьалха и бехкамаш административан кодексехь бара, хIинца бехктакхаман кодексе а баьхна. Иза шен хеннахь дина аьлла а хета суна.

Керста стагна санна со кхеташ а, суна герга а ду бусулбанаш шаьш пайхамар лоручу стеган цIе бехъярх Iалашъян гIертар. Тхо даккхийдера бусулбанаша тхан коьрта маьждиг Христосан-Балехдахархочун килс сийсазйича тхан агIо лаьцна...

XS
SM
MD
LG