ТIекхочийла долу линкаш

Кризис ю дера, муха яц?..


Оьрсийчоь. Дика хьал дац Оьрсийчоьнан соьмехь. Диллина сурт.

Оьрсийчоь. Дика хьал дац Оьрсийчоьнан соьмехь. Диллина сурт.

Дукхаха болчу Оьрсийчура бахархошна хетарехь, махкахь экономикан кризис ю. Цу тайпа ойла йолчу нехан терахь ду 77 процент. Иштта жамI ду «Левада-центро» бинчу талламан.

Шен рогIера таллам бина «Левада-центро» Мангал-бутт чекхболуш. Цунна юкъаозийна бара 18 шарел тIехбевлла 137 гIалийн а, яртийн а бахархой, верриг а 1600 эзар стаг.

Оьрсийчохь экономикан кризис хиларан билгалонаш ца го 16 процент цу талламехь дакъалаьцначу нахана. Дала жоп доцуш бисина 7 процент нах.

Махкахь кризис хилар даре дечу нахах 26 процентана хала ду ала иза мел яхлур ю. 21 процент бахархой тешна бу кризис яхлур ю бохучух а, цуьнан тIаьхьалонаш дуккха а шерашкахь хаалур ю бохучух а.

23 процентана хетарехь, кризис яхлур ю лаххара а шина шарахь. 16 процент тешна бу цхьа шо, цхьа шо ах шо далале Оьрсийчоь кризисах хьалха ера ю бохучуш.

Социолгашна дийцйарехь, 36 процент Оьрсийчурча бахархоша билгалдоккху махкахь сурсатийн а, цхьацца сервисийн а мехаш хьалабевлла хилар.

Стохка хиллачаьрца буьстича мехаш хьалабевлла 15-30 процентана. 31 процентана хетарехь, мехаш хьалабевлла 30-50 процентана. 13 процентана хета мехаш 50-100 процент тIекхетта аьлла. Ткъа уьш 15 процентана бен хьала ца бевлла аьлла хетачу нехан терахь ду 11 процент.

Механа еза йолу хIуманаш эца дагахь бац гергарчу хенахь 43 процент респонденташ. Уьш эца дагахь хиллачу нехах 22 проценто и гIуллакх цхьана ханна тIаьхьатоттур ду шаьш аьлла жоп дела.

Делахь а 12 процент бахархой сиха дан дагахь бу механа еза йолу шайн бIаьрг тIехIоьттина хIума эцар. Ткъа 19 процент респонденташ дагахь бац цу хьокъехь шайн хилла планаш хийца.

XS
SM
MD
LG