ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчуьрча 200 бизнесхочуьнан бахамаш цхьаьнатоьхча церан барам хуьлу 460 миллиард доллар. Цхьана шарахь иза алсамбаьлла 100 миллиард долларна. Цу тайпа хаам бина Forbes журналан Оьрсийчуьрча эксперташа.

Долларийн миллиардерийн терахь ду Оьрсийчохь 96. Стохка цу махкахь вехаш вара 77 миллиардер.

Оьрсийчуьрча миллиардерех уггаре а хьал долуш ву "Новатэк" газ йоккхучу заводан долахойх цхьаъ волу Михельсон Леонид. Forbes-о ларарехь, цуьнан ду 18 миллиард доллар. Цхьана шарахь цуьнан бахам алсамбаьлла 4 миллиард долларна.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG