ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчура шемахой тIеоьцур бац Норвегино


Норвегийн а, Оьрсийчоьнан а доза Киркенес гIалана генадоцуш.

Норвегийн а, Оьрсийчоьнан а доза Киркенес гIалана генадоцуш.

Оьрсийчура шайн махка богIуш болу Шемара нах юханехьа хьовсо дагахь ду Норвегин Iедалш. Цара буьйцурш бу дуккха а шерашкахь Оьрсийчохь а Iийна, хIинца, хIоьттинчу хьолах пайда а эцна, Малхбузе цигарчу пачхьалкхашка шаьш кхабийта баха дагадеана болу нах. Норвегин юстицин министро бинчу хаамца, цхьана даханчу кIиранах церан махкахь тховкъело йоьхуш дехар дина 378 стага.

Буй царна юкъахь нохчий? И хаттар делира оха Норвегерчу нохчийн кегийрхойн лидере Саиев Бекхане.

XS
SM
MD
LG