ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Молдовехь ах шарахь гойтур яц "Россия-24"


Молдован телегайтаман кхеташоно ах шаранна лицензи д1аяьккхина «Оьрсийчоь-24» олучу телеканал гайтарна. Цу кхеташоно иштта санкцеш кхайкхийна Оьрсийчура «Хьалхара канал» а, «РТР-Планета» и РЕН ТВ а гойтуш йолчу Молдаверчу компанешна. Интерфаксо бинчу хаамца, цуьнан бахьана ду керланашкахь цу телекомпанеш плюрализм ларйеш цахилар.

Молдован телегайтаман кхеташонан декъашхочо, Чокан Динус, масала, дийцарехь «Оьрсийчоь-24» телеканало шен аналитикан программашкахь цхьана агIонна хетарг а бен ца дуьйцу Украинерчу хьолах лаьцна дуьйцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG