ТIекхочийла долу линкаш

Юха а оьрсийн маттахь телеканал оьшу гуьржашна


Гуьржийчоь -- Кутаисехь дуьхьалонан акци дIахьош бу ПИК олучу оьрсийн маттахь хиллачу телеканалан белхахой. 21ГIад2012

Гуьржийчоь -- Кутаисехь дуьхьалонан акци дIахьош бу ПИК олучу оьрсийн маттахь хиллачу телеканалан белхахой. 21ГIад2012

Оьрсийн маттахь телеканал елла езаш хиларх долу къамелаш жигара девла Гуьржийчохь. Оьрсийчоьнца бертахь тIекIаре хилар йохьарлаьцначу Гуьржийочьнан Iедалша а, тидам бо, лулахошкара пропагандо шай пачхьалкхан зе до аьлла. Цуьнахю Султанов Ахьмада кечйина материал.

Гуьржийчохь оьрсийн маттахь телеканал кхолла еза боху къамелаш дуьйцу массийта шо хан ю. Дуьххьара оцу ойланна агIончаш бу хиллачу президентан Саакашвили Михаилан Цхьаалийн Къоман Болам цIе йолчу партин декъашхой. Ала догIу, цара кхоьллина йолу "ПИК" олуш йолу телеканал керлачу Iедалша дIакъоьвлира. Дукхачу тергамхоша дийцарехь, Оьрсийчоьнца юкъаметтиг таярхьам дина дара цара иза.


Амма хIинца шаьш Iедалхоша а билгалдоккху, оьрсийн маттахь йолу телеканал оьшуш хилар. Масала мухIажарийн гIуллакхехула министро Субари Созара еарийндийнахь дIахьедар дина и тайпа телеканал махкахь оьшуш ю аьлла. Цунна хетарехь Гуьржийчохь шортта нах бу кхузара маттах дика ца кхеташ. Уьш дукхачу хьолехь Азербайджанан а Аьрмлойн а мехкашца дозанехь йолчу яьрташкахь бехаш бу. И хаттар ша Iедалан тIегIанехь маситтаза айдина аьлла цо.


Шегара Созара Субаригара комментари эцар ца хилира оцу хьокъехь. Цуьнан телефонаш ейина яра, амма Маршо Радино оцу гIуллакхах хаьттира Европерачу талламийн институтан куьйгалхочуьнга, политологе Гоголашвили Кахига. Цунна хетарехь хIинца долчу Iедало дина доккха гIалат дара "ПИК" телеканал дIакъовлар. Оьрсийчуьра хаамийн гIирсашкахула еш йолчу пропагандина дуьхьало еш яра иза, элира цо.


Гоголашвили: "Суна хетарехь доккха гIалат дара "ПИК" телеканал дIакъовлар. Гуьржийчохь оьрсийн мотт буьйцурш дуккха а бу. Цхьаболчара гуьржийн мотт ца бийцаралла сов, уьш кхета а ца кхета цуьнах. Цундела, хьал хIоьттина-оцу наха схьаоьцуш йолу информаци арахьара, кхечу пачхьалкхара йолуш. Вайна хууш ма дай дуьхьало еш йолу телеканал ца кхоллахь, баккхий баланаш бохьура буйла. Суна хета дикка телеканал кхолла еза, Оьрсийчуьрчу пропаганда оьхьучу телеканалашна дуьхьал".


Стохка кхиъ цхьана лаккхарчу Iедалхочо, Бартбаран а, Юккъараллехь Цхьананисдаран а министро Закареишвили Паатас а дина оьрсийн маттахь Гуьржийчохь телеканал оьшуш ю аьлла долу дIахьедар. Цо а терго йинера Оьрсийчуьрчу пропагандех шай пачхьалкхана зе хуьлуш ду аьлла.


Шен агIора иза даре до политолога Гоголашвили Кахас. Нахана коьрта чу диллинчу хIуманех церан дуьне а, цуьнга болу хьежам а хIутту, элира цо.


Гоголашвили: "Хаалуш ду юккъараллехь Оьрсийчоьнехьа а, Евроазийн кхеташонна а агIора дог лаьттачеран терахь Гуьржийчохь алсамдолуш хилар. Талламаш бича гуш ду иза. Кхераме барамашкахь дац, амма Оьрсийчоьно ечу информацийн компанино Iаткъам бо адамашна. Цунна дуьхьало ян чIогIа хала ду. Адам экаме ду. Иза дIахудучу информацех доьзна ду. Цо ша дерриг бакъ долуш санна тIеоьцу цунна тIе а товжий".


Оьрсийн маттахь телеканал Гуьржийчохь кхолла еза бохучу хенахь, массара а тидам бо "ПИК" телеканал санна иза хила еза олий.

Гарехь луларчу пачхьалкхара хуьлучу информацийн Iаткъамца иза дика ларош яра. "ПИК" дIакъовлинера керлачу Iедалша, шаьш пачхьалкхан урхалле ма хIоьттинехь. Цхьацца финансийн гIалаташ карийна аьлла бахьан а даьккхина динера цара иза бохуш дуьйцу кхузахь журналисташа. Бехке дуьллуш дара дуьххьара журналисташна а, топ-менеджерашна а даккхий алапаш хIоттийна хилар. Таханлерачу дийнахь Гуьржийчохь цхьа а телеканал яц оьрсийн маттахь.

Пачхьалкхан 2-чу каналехь, наггахь хуьлу оцу маттахь цхьацца материалаш. Ткъа тергамхоша билгалдаккхарехь интернетехула дуккха а нах хьоьжу Оьрсийчуьрчу телеканалашка.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG