ТIекхочийла долу линкаш

Немцова Жанна: Оьрсийчоьнан пропагандо дойу адамаш


Немцова Жанна

Немцова Жанна

Дукха хан йоцуш вийначу Немцов Борисан йоIа Немцова Жаннас дIахьедар дина федералан телеканалийн а, газетийн а белхахоша масийтта шарахь хьагIгамо кхоьллира шен дега а, кхечу оппозцин декъашхошка а аьлла. Цуьнах лаьцна цо яздина «Ведомости олучу газетехь».

Оьрсийчоьнан пропагандо массо а хIума хIаллак до. Цо синкхетам хIаллак бина ца Iаш, лортIехь долу хIаллак дина ца Iаш баккъалла а бойу нах, бохуш яздо Немцова Жаннас "Ведомости" газетехь. Чиллан-беттан 27-чу дийнахь шен да Немцов Борис вер политикан бекхам бу боху цо.

Ткъа цунна жоьпаллехь бу дуккха а шерашкахь цуьнга а, кхин болчу оппозицин декъашхошка а цабезам кхуллуш хилла федералан телеканалийн белхахой аьлла хета Немцована. Iедалан политикан реза боцучерах къоман ямартхой бинера цу наха, бохуш яздо цо.

Немцова Жаннина хетарехь, пропаганда яр зулам дац. Иза карарчу заманара дерриг а дуьнентIехь информацица доьзна хIоьттинчу хьолан цхьа дакъа ду. Амма зулам ду цу пропагандах пайда эцар тIом баре а, адамашна тIехь ницкъ баре а кхойкхуш.

-И бахьана долуш таIзар дира ШолгIа дуьненара тIом чекхбаьлча иттаннаш нацистийн пропагандисташна,- дагадоуьйту Немцова Жаннас. Цо кхин а масаллаш даладо адамашна юкъахь хьагIгамо кхолларна нахана таIзарш дина хилар кху тIаьхьарчу хенахь а.

Хьалхо, зорбанан гIирсашна интервью луш, Немцова Жаннас дIахьедар дира Немцов Борис бусулба динна лерна вийна бохург бакъ дац аьлла. Цо дийцарехь, церан доьзалехь цхьатерра ларара кху дуьнентIера массо а динаш.

Кху деношкахь хаам кхаьчна, Немцова Жанна Оьрсийчура дIаяхана аьлла.

XS
SM
MD
LG